ВАЙН ДЕЛАН КЪИНХЕТАМ

жуми

 

 

 

 

 

 

 

 

Жумин Эсамирзийн кIант
Джумаев ИсмаьIал

I952-чу шарахь, жима ши-кхо колхоз вовшах а тухуш, цхьа совхоз а еш, хийцамаш хилира Iедалехь. Цу юккъехь, тхо Iаш долу «Тегасшил» колхоз а, лулара «Джанаталап» колхоз а, «Калинин» колхоз а вовшах а тоьхна, цхьа «Калинин» совхоз йира. Цу юккъера «Джанаталап» колхозан цIарах хилла лаьттан аре, лаьмнаш доцуш шера а хиларна, цуьнца цхьаьна дIадийна ялти тIе хи дало аьтто болуш а хиларна, цу шарахь, нохчех а, немцойх механизаторш а болуш белхалой тоарна, цу арахь 4,5 эзар гектар тIе ялта дийра совхозо. Делан къинхетамца, шен-шен хенахь догIанаш дахкарна, цкъа бен хи дилла ца дезаш, гуьйре кхачале, и ялта, юккъехь цхьа а асар-яр юй-те аьлла, цIена, и дерриге кенаш кIенан буьртигех дуьзна-дазделла, и аре бурула-можа мажъеш, хIордан тулгIе санна, гIийла хьоькхучу махо ловза а еш, дIахIоьттира. ХIинца и ялта тIех хилла, кена чохь кIенан буьртигаш малделла, махо охьаэгадале, чудерзо дезаш дара. И хууш долу адам дара ма-хуьллу сиха, ялта хIаллак ца хуьлуьйтуш, цхьана тхов кIела чуэца сихделла, кечам беш. Иштта адам сихделчу хенахь, дагахь а доцчохь хаам кхечира, Караганда областана сехьа йистехь яьлла цIе кху «Калинин» совхозан лаьттан экъан тIе кхочуш ю аьлла. Болх бита йиш йоцу белхалой боцурш, дийнна Казахстанан белхалой, цIе яьллачу дийнахь дуьйна и цIе яйъа орцахбовларх, гIуллакх ца хуьлуш, цIе кху «Калинин» совхозан ялти тIе кхочуш яра. Цу хенахь Казахстанехь хиллачарна, къаьсттина, цу Семипалатинскехь Iийначарна дика хуур ю цигара керча (перекати-поле) коьллаш. Мохо якъийначу цу коьллех цкъа цIе дIатаслахь, тоьпан молханах санна, чIогIа цIе леташ а, цкъа цIе дIатаслахь, шаьш яьгна йовллалц, дIаяйалуш а яц уьш. Ялти тIе хи дилла, цу ялтина арахьахула I,5 метр шуьйра, метр кIорга даьккхина долу татол, цу якъаеллачу, кхарзаеллачу коьллех дуьзна дара. Адам мел маса леларх, гIуллакх ца хуьлуш, и цIе цу татол чуьрчу коьллех дIатасаеллера. ЦIе йолчу меттехь мох хуьлуш хилар вайна хууш ду. Къаьсттина, Казахстанехь. Мохо дуьхьалъеттачу цIаро адамна цIе яйа тIегIуртийла дIаяьккхинера. Йиъ километр йохалла дIалаьцна долу ялтийн аса, (коьллех дуьзна татол ша 6 км. сов деха дара) Делан ницкъаца бен, адаман ницкъаца цу цIерах кIелхьардоккхийла дацара. Нагахь хIинца и ялта дагахь, нохчашка хIоьттина ца Iаш, дийнна цу Аягуз районерчу адаме мацалла хIуттург хилар цIенна гуш дара. ХIунда аьлча, цу гонахара кхечу колхозашкахь а, совхозашкахь а нохчий ца бисинера. Бухара казахийн божарий, кесталгIа чекхбаьллачу тIамо хIаллакбина, лахбина хиларна, ялта дуьйш-дерзо белхалой цатоарна, кху «Калинин» совхозехь санна, ялта дер ца хиллера.
Нохчаша хIинццалц а массо доIанца (ламазан доIанца хIетте) Деле диканиг доьхуш, доIанаш динехь а, хIинца, кху секундехь, Деле орца дехар даггара чIагIдеш, деха дезаш дара. И хууш волу Эсамирзин ИсмаьIал нийсса цу цIарна дуьхьал, Деле орца доьхуш, доIа дан охьахиира. Дехьий-сехьий, аьтто агIор тхан да Iабдал-ВахIаб, аьрро агIор ХIабилин Нурди «Амин» ала хиира. Гонахара цIе йойъуш лелачу, Делах тешаш боцчу партийни наха «уггаре а цIе яйъа сихо оьшучу хенахь стенна охьахевшина шу? ХьалагIовтта чехкка! ГIо де цIе йойъуш. Куьйгаш а лаьцна, шу охьаховшарх, Дела орцах веана, Цо цIе яйъаре са-м ца туьйсу аша?», – бохуш, шайн Iеса маьхьарий хьоькхура. Кхо метр бен кхин гена йоцуш, йогучу цу коьллийн алун йовхо юьхьа дуьхьал етташ, юьхь морцуш яцахь а, садаIарна чIогIа новкъарло а еш, йовхо яра. Делахь а, доIа деш волчу ИсмаьIала а, я «Амин» олуш волчу вукху шиммао а цу нехан Iесачу маьхьаршка ла ца доьгIура, я цIеран йовхонах къаьхкина юха а ца велира. ИсмаьIала доIа дина 2-3 минот йолуш, цIеххьана йилбазан мох (вихрь) хьаьвзина, бIаьрго ма-лоццу, генара дуьйна схьа татол чуьра цIе хьалаялале, цу татол чохь нуй хьаькхча санна, схьалаца хIума ца дуьсуш, цIе яьгна яьллачу агIор дIатоьхна, цу минотехь дIаяйра.
ХIинца оцу Iесачу дешнашца маьхьарий хьекхна болу нах, ИсмаьIална тIебаьхкина,
гобаьккхина дIа а хIиттина: «Исмеке (ИсмаьIалан лараме цIеяккхар), тхуна гечделахь. Тхуна хьо эвлаяъ вуй ца хаара», – бохуш, гечдар деха дIахIиттира. ИсмаьIална я казахийн а, я оьрсийн а мотт ца хаьара. Цундела ИсмаьIал соьгахьа схьа а вирзина, кхара хIун де боху, аьлла, хаьттира. Ас цу казахаша схьабохучун талмажалла деш, ма-дарра кхетийра ИсмаьIал. «НаьIалт шу Iесачу жIаьлешна. Эхь а ца хетий, эхь а (иштта олуш Iедал дара ИсмаьIалан). И цIе дIаяйъинарг со ву-м ца моьтту шуна? Суна ма хьестало, и цIе дIаяйина волчу шаьш ца тешачу Далла хьастало», – оьгIазе элира ИсмаьIала. ХIинца а кхунна уллора дIахилаза волчу Iабдул-ВахIаба хаьттира ИсмаьIале: «ИсмаьIал, цу айхьа динчу доIийна Дала, хIинца санна, сихха жоп лур ду аьлла, тешна варий хьо?», – аьлла. ИсмаьIал ша, Къуръано хIун боху ца хаахь а, меллаша, тийсалуш Къуръан дешар, дагахь Ясин дешар бен, кхин дешна Iеламстаг вацара. Вай махках дахале хьалха, цIахь I3 шарахь цамгар токхуш, меттахь Iуьллучара схьавалийна ву олура тхан дас Iабдал-ВахIаба. Адамаш Казахстане дIакхаьчча, вагонаш тIера лаьттарчу лай тIе охьадиссийначу минотехь, ИсмаьIала ша-шена доIа дина хиллера: «Кху дуьненан а, эхартан а Да волу Веза-Сийлахь Дела, мел цамгар токхуш со схьавеанехь а, Ахь деллачунна резаволуш хилла со, хIинца а реза а ву. Веза-Сийлахь Дела, сан Iожалла герга елахь, кхидIа сох нахана ларч ца еш, кху дуьненара сихха со дIаэца Ахь. Нагахь сан Iожалла гена елахь, со сайн дегIана дола далуш, меттара гIаттаве Ахь», – аьлла.
Цу цхьана кIирана юккъехь, кхин хьен ца веш (цу I944-чу шеран март баттахь), меттара гIаьттина ИсмаьIал, кхин набарна бен вижна воцуш, нийсса 2I шарахь могаш а лелла, I975-чу шарахь, шен 67 шо кхочуш (ИсмаьIал I898-чу шарахь дуьнентIе ваьлла вара), март баттахь дIакхелхира. Ткъа эццахь Iабдал-ВахIаба шега хаьттинчунна жоп луш, ИсмаьIала элира: «ХIетахь, вай вагонаш тIера охьадиссийначу минотехь ша динчу доIийна Дала шена жоп делчахьана, шен доIийна Дала жоп лур ду аьлла, чIогIа тешна вара со. Цул тIаьхьа, цкъа а кегий хIуманаш доьхуш, ас Деле доIа дина а дац, я хIинца а дан дагахь а вац. Бакъду, хIинца хIара санна долчу халкъан юкъарчу, доккхачу хIуманна Дала сайна доIийна жоп лур ду аьлла, чIогIа тешна вара со».

Чанчаев Шамсудди

 

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна