Юьртара дахар

ТIехьаьжна сингаттаме, чолхе хетахь а, хаза ду юьртара дахар.
БIаьстенан, гуьйренан, Iуьйренан, суьйренан гIуллакхаш а, аьхкенан, гуьйренан сиха белхеш а, Iаьнан ехачу буьйсанашкахь синкъераме белхеш а… Тайп-тайпана тидамаш а: поппаран белхех цIенкъа яьккхинарш тхов тIера охьа а лелхий, хIусамда хелха а воккхуш, шокладийн кийла тIейожайо, асаран белхи баьхкинчара, тIаьххьара гам тоьхначо и гам хIусамненан белшах а уллуш, «ги гам,суна хIара я важа оьцийла» олий совгIатан цIе туху (кега-мерса совгIат)… Асарахь-м кхин а хуьлу хаза хIуманаш, царах ду, муьран йистехь верг тай тоьхча санна нийса вахар меттахь цадитар…дикачу асархочун мур муьре буьйлуш хуьлу, хьоьх ма асархо хир яцара олу… Сарахь асарара цIа деана гаьмнаш, метигаш, целаш хи чу дохку, йовхачу арахь декъачу лаьттах детташ малдинчуьра тодалийта…
Йохье бийлар а ма хуьлу, массарал хьалха ков хьан доьллу, бежнаш хьан лохку, уьйтIа-кетIа нуй хьан хьокху…бепиг булка эцар а,Iуьйрана цхьаъ дийр ду аьлла чохь бепиг доцуш дIавижар а,Iуьйрана цIе лато кечам буса ца бар а мел сийдоцуш лору, цу юкъадогIу чиркхан шиша, милт а сарахь цIандар а, мехкадаьтта сарахь доттар а…
Петирова ПетIамат

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна