Масалш

Жимчу АтагIарчу Зеврбига, сан ден Джунидан да вара иза, Доккица ваIда йолуш, цуьнан мурд а вара, дуьйцура:
Дала къайле цIинйойла цуьнан, Девкар-Эвлара Докка даьхни лелош, оьцуш-духкуш, цунах пайда беш вахар долуш хилла. Цкъа цхьана дийнахь шен накъостаца Теркал дехьара эцна уьстагIий далош вогIуш, юьрта кхачале, некъаца, жа дажа а хецна, шаьшшинна са доIуш, Iаш волуш, нокъа вогIуш юьртахо кхетта кху шиннах. «Ма хаза жа ду хIара, хIун делла аша кхунах?», – хаьттина некъахочо. Докка вист хилале, цуьнан накъоста, шаьш беллачу мехал а лакхара мах белла аьлла, жоп делла. Некъахо дIавахча, Доккас шен накъосте хаьттина: «Вайша ца белла мах хIунда элира ахь цуьнга, аьлла. «Ой, цIахь духкуш хилча, вайшинна алсам мах беха атта хир ма ду», – аьлла накъоста.
«Шина стага юкъахь беш болчу механа, кхозлагIа накъост Ша ву, амма цу шиннах цхьаъ харц лехь, Ша цу юкъара дIаволу, аьлла Дала. Вайшиннан механа юкъара Дела дIавели, Дела юкъара ваьлча шен кху юкъахь Iан бакъо яц, жа хьайн цIа а дигий, хьайн мах бе ахь, со а кху юкъара дIавели хьуна», — аьлла, цуьнан Iодика а йина, цIа вахана хилллера Докка.
Вайн эвлаяийн некъ Къуръанца, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташца цхьаьна богIуш хиларна тешалла ду иза. Иштта хьадис ду вайн Пайхамаран:
Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна)дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дийцина Дала аьлларг: «Ши стаг цхьаьна мах лелош велахь, кхоалгIа Ша накъост ву царна, цаьршиннах цхьамма вукхунна дуьхьал харцо яккхалц, Ша цаьрца а ву. Амма харцо цаьршимма юкъаяьккхича, Ша и шиъ дIатосуш ву».

(Абу Давуд,
аль-Байхьакъи, ад-Дуркутни)

Хьадисах кхетам балар: Дела цаьршинца хиларан билгало, цаьршинна шаьшимма лелочух беркат хиларехь ю. ШайтIанан лааме а вирзина, вовшийн леван и шиъ хIоттахь, Дала Шен къинхетамах дIахьовзор ву и шиъ.

Заурбеков МасIуд

www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна