Ламазан карахIаташ

БисмиллахIиррахьманиррахьим

(Чаккхе. Юьхь еша 7-чу лоьмарехь)

1.Ламазехь, корта берзош, дIасахьежар.
Абу Давуда далийна хIара хьадис. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Ламазехь волчун юьхье хьаьжна хир ву Сийлахь АллахI, иза дIасахьажжалц. Иза ламазна тIехь дIасахьажахь, АллахI дIавоьрзур ву цунна тIера». Ламаз деш верг ша суждане воьдуш корта тухучу метте хьоьжуш хила веза.
Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
– Делан Элчано (Делера салм-маршалла хуьлда цунна) элира: «ХIай сан кIант, ламазна тIехь дIасахьежарх ларлолахь, баккъал а, ламазна тIехь дIасахьежар – хIаллакьхилар ду хьуна».
(Тирмизис дийцина хьадис)
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай тIаьхьадогIу хьадис а.
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
-Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Баккъал а, Делан лай ламаз дан дIахIоьттича, Лекхачу, Беркатечу АллахIан бIаьра дуьхьал хIоьттина хуьлу, ткъа иза дIасахьаьжча, Лекхачу, Беркатечу АллахIа цуьнга олу: «ХIай Адаман воI, хьаьнга хьоьжу хьо? Сол дикачуьнга хьоьжу хьо? ХIай Адаман воI, хьо хьайн ламазна тIехь волуш, хьо шега хьоьжучул а, Со дика ма ву хьуна».
(Баззара дийцина хьадис)
Билгалдаккха деза, ламазехь верг, мостагIчух ларлуш, дIаверза мегар ду. Иштта мегаш ду бIаьргашца дIахьажа.
2. Стигала хьалахьажар.
Бухарис Анасера ду аьлла далийначу (Дела реза хуьлда цунна) хьадисехь ду хIара. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира: «Ламазехь стигала хьалахьоьжучех лаьцна хIун эр дара аша?» ТIаккха ша тIетуьйхира цо: «Дуьтийла цара и, шайн бIаьрса дан ца лаахь».
3.Бедаран пхьуьйшаш хьалакерчор, месаш дIахьерчор.
Бухарис, Муслима далийна хIара хьадис. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Суна омра дина сужданехь 7 меженна тIевазваларца. Бедар хьалакарчаяр, месаш хьарчаяр дихкина суна».
4. ЯахIума кийча йолуш, ламаз дехкар, кечдинчу шуьно ламазна йолу ойла херйийр ю аьлла хетахь.
Бухарис, Муслима далийна хIара хьадис. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Суьйренан кхача охьабиллина болуш, ламазан икъомат динехь, сих ца луш хIума яий, делаш ламаз».
5. ХьаштагIан гIуллакхана гатвеллачохь ламаз дар.
Муслима далийначу хьадисехь ду, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ламаз ма де, кийча охьайиллина яахIума елахь, я хьаштагIан гIуллакхана гатвеллехь».
6. Наб тIегIоьртича ламаз дар.
Муслима далийна хIара хьадис. Элчано (Делера салам-салават хуьлийла цунна) элира: «Ламазехь шаьш набаро хьовзадахь, наб дIаяллалц дIатовжа».
7.Цхьайолчу меттигашкахь (луьйчучохь, некъаш, базарш, кешнаш, килсаш, нехаш дIакхуьйсу меттигаш йолчохь, эмкалш хи мала гуллучохь) ламаз дар.
Тирмизис далийна хIара хьадис. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дихкира нехаш дIакхуьйсучу меттигашкахь, хаспаш дойучохь, кешнашкахь, некъа тIехь, луьйчучу меттигашкахь, эмкалш хи мала гуллучохь ламаз дар».
ШафиIис аьлла: «Кешнашкахь ламаз дар карахIат хиларан бахьана, дIавоьллинарг тIех вазвина, цуьнан кошах маьждиг цадайтар, тIаьхьабогIучу нахана юкъа питана цадожийтар ду».
8.Готта, дегIана тIелетта бедар юьйхина, ламаз дар.
Лоьраша а ца магадо иштта бедар тIеюхар.
9. Дуткъачу кIадех тегна бедар юьйхина, ламаз дар.
И чIагIдо, «МугIни», «МаджмуI» цIерш йолчу, ШафиIин мазхIабан жайнаша.
Къаьсттина, зударшна ламазехь магош яц дегIан меженаш къастош долчу дуткъачу кIадех тегна бедарш (найлон, шифон…).
10.Божарий болчу цIа чохь, масала, царна хьалха а хIоьттина, зудчо ламаз дар. Цуьнан бахьана ду, маьждигехь жамIатан ламазехь зударий божаршца цхьана могIаре ца хIуьттуьйтуш, тIаьхьарчу могIаре хIуьттуьйтуш хилар. Оцу тIе а доьгIна, гIолехь ду зудчо ша цIахь деш долу ламаз божаршна ша ца гучохь дар.
11. ДIавуьжуш юхучу бедаршца ламаз дар.
IабдуллахI ибн Iумарна гина хиллера цхьалхачу бедарахь стага ламаз деш. Цо хаьттина оцу стаге: «Шалха бедар яц хьан тIеюха?». «Ю», — аьлла, жоп деллера стага. «Цхьалха бедар юьйхина базара гIур варий хьо?» — хаьттина IабдуллахIа. Стага, ша гIур вацара, аьллера. «Далла хьалха, нахана хьалха хIуттучул а сов хазчу, тамехьчу суьртахь хIитта декхарийлахь ду вай», — элира IабдуллахIа.
12.Iеламнаха магош дац, чекхсагуш, дегIан бос къаьсташ долчу духарца ламаз дар. (Хьовса «МаджмуI», «МугIни» жайнаш тIе). Iоврат хьулдеш, стоммачу кIаден бедар хила еза ламаз дечу стагана, зудчунна тIехь. Башхалла яц, Iаьржачохь, ша цхьаъ волуш, иза ламаз деш велахь, я сирлачохь, жамIатехь ламаз деш велахь. Далла гуш ву иза, муьлххачу меттехь велахь.
13.Стага, йоца коч юьйхина, ламаз дар.
Тахана маьждигехь, йоца (модехь) коч юьйхина, жима стаг ламазехь хьала- охьа таьIачу хенахь, цуьнан гIодаюкъ гуш хуьлу. Гена дац, Iоврат гучудаьлла, ламаз доха а.
14.Еха, лаьттах текхаш бедар юхар.
Iабдулла ибн Iамрера деанчу хьадисехь далийна, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «АллахI хьожур вац, кураллица лаьттах текхаш бедар юьйхинчу стага динчу ламазе».
ШафиIис аьлла, кураллина лаьттах текхаш бедар юхар хьарам ду, кураллина дацахь, карахIат ду.
15.Ламазехь юьхь дIакъовлар, бедар тIекхоьллина ламаз дар.
Абу Давуда, Тирмизис далийна и чIагIдеш хьадисаш.
16.Хечин когаш я кучан пхьуьйшаш хьалакарчор.
Ибн Хузаймата далийна хIара хьадис. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Дала омра дина суна, сужданехь волуш ворхI меженна тIетовжар, месаш цахьерчор, бедарш хьалацакерчор».
17.Ши белш иэхьар.
Бухарис далийна Абу ХIурайратан хьадис, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьана бедарца ламаз ма дойла аш, оцу бедаро цхьа белш хьулйина яцахь».
18.Сурт гуш долчу цIа чохь я шена тIехь сурт долчу бедарца ламаз дар.
Муслима далийна хIара хьадис. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Гучохь суьрташ долчу цIа чу малик догIур дац».
Бухарин «Сахьихь» жайнахь ду Анаса дийцина хьадис. Iайшатан цIа чохь суьрташ долу шаршу яра оьллина. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира цуьнга: «И шена хьалхара дIаяккха, оцу тIерчу суьрташа ламазехь новкъарло йо суна».
19.Можа басарйинчу бедарца ламаз дар.
20.Стага, шен коьртахь хIума йоцуш, ламаз дар.
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шен коьртахь хIума йоцуш, ламаз дина меттиг хааелла яц.
2I.Сов тIех кечбина, къагийна, я лекхачу метте охьатесначу куза тIехь ламаз дар.
22.Маьждиган цхьана меттехь даима ламазаш дар.
Iабдуррахьман ибн Шаблера деана хIара хьадис: «Элчано дихкира стага ламазна, эмкало меттиг харжар санна, даима цхьа меттиг харжар».
Имамана мегаш ду, фарз ламазаш даима маьждиган цхьана меттехь дан.
23.Нахана новкъарло еш, ламазан нийят чIогIа дар.
24.Ламазан бисмилла, этхьиг, кхидолу азкараш (хьехораш), мотт ца хьебеш, дагахь дешар.
25.РукуIе воьдуш, хьаланислуш, ши куьг хьала ца айбар карахIат лерина ШафиIис.
26.Цхьана ракаIатехь «бисмилла» шозза я сов дешар.
Вицвелла, сов дешахь, ламазан чеккхенехь вицваларан сужуд дийр ду.
27.БIаьргаш хьаббина ламаз дар.
БIаьргаш биллича новкъарло хир елахь, бIаьргаш хьаббина дан мегар ду ламаз.
28.Бахьана доцуш, меженаш меттахъхьеяр.
Меженаш меттахъхьеяро Далла тIе ойла ца йохуьйту. Зубайрин кIантана IабдуллахIан (Дела реза хуьлда цаьршинна) белша тIе кхокха хиъна хиллера иза ламазехь волуш. Иштта, Далла тIе ойла яхийтина, меттах ца хьуьйш, ламаз лерина дан деза хIорамма а.
Ламазан низам дохош, тIаьхье-хьалхе меженаш меттахъхьеяро ламаз дохадо.
29.РукуIе (суждане) охьа а таьIна, АллахIу Акбар алар, рукуIера (сужданера) хьала а нисвелла, АллахIу Акбар алар.
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), ша рукуIе (суждане) воьдуш лаьтташ, АллахIу Акбар олуш хилла, сужданера корта хьалаойбуш лаьтташ, АллахIу Акбар олуш хилла. (Бухари).
30. МахIдин дешначул тIаьхьа юьхьах куьйгаш хьакхар.
Илесов Iаьрби

www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна