Цхьа доIа

-Воккха Дада, хьо цхьанхьа ваха гIерта?
-ХIаъ.
-Воккха Дада, мича гIур ву хьо?
-Дала пурба лахь Макка а, Мединате а, хьаьж кхочушдан…
Жимачу кIанта леррина тергалво воккха стаг…
-Воккха Дада, хьо цига доIа дан воьдуш ву?…Ахь цигахь хIун доьхур ду Деле, Воккха Дада?…Воккха Дада. .. ХIан, Воккха Дада? Цигахь Деле хIун деха воьдуш ву хьо?… ХIан, Воккха Дада?
-ХIунда хоьтту ахь, Дуду?
-Цигахь дехнарг Дала ло бохура бабас… сан-ма дара хьуна цигахь чIогIа-чIогIа деха дезаш хIума… ХIан, Воккха Дада?
Жимма соцунгIа а йина, кIанта юха а хаьттира: «Воккха Дада, дуй хьан цигахь деха дезаш хIумма а?» Воккхачу стага кIант мара воьллира: «ХIун дара, Дуду, хьан цигахь деха дезаш?» Шен Iаьржа боккха ши бIаьрг воккхачу стагана тIебугIуш, кIанта элира: «Цкъа ахь алахьа, хьайн цигахь деха дезаш хIума ду-дац». «Хьуна луург а, сайна луург а деха йиш ма ю сан, Дала мукъ лахь». Леррина воккхачу стаге хьоьжуш волу кIант цхьа чIогIа самукъадаьлла кIажвахана велавелира. ТIаккха, воккхачу стеган вортанах а хьаьрчина, цунна обанаш ехира, цул тIаьхьа дийцира шена луург.«Воккха Дада, хьо дIа ма-кхеччинехь, цхьа а гIовгIа йоцуче а валий, хьайна Дудус а, Тамаша а тIедиллинера алий Деле дIа а хоуьйтуш… вайн Деле… тхойшиннен дай, наний цхьана дахийта алий дехахьа…». КIентан хьажар – сатийсаман хIорд хилла воккхачу стеган кхетаме кхечира… Кхохкийна ладугIуш Iара иза кIанте… Ша нийсса бIаьргашчу ца хьаьжча, ша дуьйцург ца хазарна кхоьруш санна, хIокхунна тIера бIаьрг ца боккхуш кхидIа а дуьйцура Дудус: «Цхьа жимма бен дов ца даьлла цушиннен… дадас цIа яло мегар ма дара нана… ца ялайо-кх… нана а хуьлу езъеш, цIа ян ца лаьа бохуш… суний, Тамашний ма лаьа… Тамаш жима ма ю… цуьнан къа ма ду… ХьастагIа тхойша нана йолчуьра цIа догIуш иза йилхира хьуна…Воккха Дада… уггаре а дикачохь делахь… и цхьа доIа… виц ма лолахь, Воккха Дада»,- шадерриг дийца сихвеллера кIант. Шершшина воккхачу стеган карара охьа а воьссина, ведда дехьачу вахара, «Тамаш! Тамаш!» — бохуш йишига а кхойкхуш… Воккха стаг ойлане ваьллера. Цунна дагаеара шен нана. ЦIера дIадохор а, доьзал, да кхелхина, бисча, нанас биттина лол а, нана кхелхича, цуьнан гIевланга хиъна, ша воьлхуш яьккхина буьйса а… Дехьачохь Дудуй, Тамашший дара къамелаш деш. «Тамаш! Воккха Дадас ша дийр ду боху доIа… охI-вай, ма дика а ду… хIинца-м нана схьайогIур яра. Тамаш! Вайшимма нанас делла ахча Воккха Дадина лой?». ЙоIаца барт-м хала бан безаш бацара. ХIара шиъ кест-кеста Iара вовшех хьаьрчий, шабарш деш, нана схьаяло цхьанна дагадаре сатуьйсуш, гIенах делхаран къурдаш деш… Тамаша жимма ойла йира. «Кампеташ?»- аьлла хаьттира. ТIаккха сихха ша шена жоп делира: «ХIумма а дац. Кампеташ-м ца оьшура, нана схьаеачхьана. Дуду! Ва, Дела, ма дика ду… Сихха дIалохьа цунна ахча». Тамаш неIарехьа сецира, кIант ведда тIевахара ойлане ваьллачу воккхачу стагана. Цуьнан ойла юкъахъяьккхира кIентан озо. «Воккха Дада!» — коча хьаьрчира Дуду. Жимма Iийна, лохха, элира: «Воккха Дада, нанас кампеташ эца делла ахча ду… и хьуна ло…охашимма… хьажал…»- кIанта схьакховдийра хьерчийна беркъа даьлла пхеа туьманан кехат. Жима Дуду ца кхетара Воккха Дадас сихха ахча схьа стенна ца оьцу. Иза ша мел долчух воккха стаг кхето гIерташ воллура: «Ас Тамаше а хаьттина… тхойшинна шинна а делла ма дара иза… иза а реза ю… кампеташ-м ца йиъча а хIумма а дацара… хIинца кхин башха еза а ца еза… вайн Устазор, Воккха Дада, цкъа а кампеташ ца яа реза ма ву со… дIаэцахьа хIара…», — бохуш ахча кара дилла гIертара и…Воккхачу стага кIентан куьг дIатоьттура, ахча схьа ца оьцуш… Дуду эххар а цхьана хIуманах кхетча санна, сецира… ТIаккха цхьа гIийла-гIийла элира: «Цхьа доIа… бен ма дац и… цхьа доIа…». КIентан бIаьргех хиш дуьйладелира… даккхий къурдаш деш, велхар сацо гIерташ кегий буйнаш хьоькхура цо бIаьргех. Пхеа туьманан кехат а жимма дешнера.
«Э, велла вала со! Ма Iовдал корта а бу»,- бохуш воьхна хьаьвзира воккха стаг. ДIанехьа лаьтташ Тамаш а яра, хIокхаьрга хьоьжуш, юьхьтIехула охьа уьдуш хаддаза бIаьрхиш а долуш. «Вай велла вала со… ма делхалаш… ВаллахI дийр ду… схьало ахча… кхин цхьа а доIа а дийр дац Дадас и хьан цхьаъ доцург… СагIа хуьлда ахча а… чIогIа оьшуш ма дара Дадина… ма велха… кхин ма велхалахь… хьо кIант ма ву… велха мегар дац…кхин шу делхахь, дада а воьлхур ву…доIа дийр ду… дера ду… ахча Дадина луш дарий ахь… схьало… ». КIант къежира, юха шен ахчане а хьаьжна, вуьйхира: «Даш… да-ший-на…». «ХIумма а дац, Дадас хIинцца итуца дакъор ду…». Шина берана ца гойтуш, куьйгаца бIаьргех даьлла хи дIадаьккхира воккхачу стага. Дуду ведда йишина тIевахана и хьоьстуш воллура: «Ма елха, Тамаш, Воккха Дадас доIа дича, нана схьайогIур ю… ма елха… ахча а дIаэцна…».
Воккхачу стагана юххе хьийзира ши бер сарралц. ЙоIа-м шен кучан пхьош а хьокхуш Воккха Дадин мачаш а цIанйира. КIант а хьийзара ша муха там бийр бара ца хууш. ЭхI, ма самукъа даьллера цушиннан! Ма даггара доккхадера и шиъ! Иштта хIорш дасахьийзаш, буьйса тIееара. Пхьор диъна девлча а, кIант хиъна Iара, набарна бIаьргаш тIеоьххушехь, наб ца кхетийта гIерташ, ойлане ваьлла воккха стаг ларвеш. «Хьо дIа хIунда ца вуьжу, Дуду?»- аьлла шега хаьттича, жоп делира ,- хьоьца вуьжур ву, хьо ойла йина ваьлча». Иштта вогIавелла Iийра шена наб кхетталц. Наб кхетта кIант шен метта ваьккхина, охьа а виллина, воккха стаг лохха кхайкхира: «ХIей! Хезий хьуна?». Сехьа яьллачу йоккхачу стаге вистхилира: «Тахана цу шина беро лелийнарг гирий хьуна?» БIаьргех йовлакхан тIам а хьокхуш, «хIаъ» бахаран кепехь корта таIийра вукхо. «Нагахь санна, со могаш-маьрша ХьаьжцIера юхаверзахь, ас шина беран нана цIаялор ю… Амма… Хьанна хаьа Iожалло мичахь лоцу… Делан кхиэл хIоьттина сан цигахь кхалхар нислахь, и сан лаам кхочушбар — сан весет хиллийла хаийталахь сан верасе… Кхана новкъа вала ца везахьара… и цIа ца ерзош гIур вацара со.».

Вехха Iийра воккха стаг ойла еш. Ша шена реза вацара и шен синкхетам ца хиларна берийн дагахь долчунна тIекхиа, церан сингаттам ган. Юх-юха а хезара цо, доккха са доккхий «э-хIе-хIай, велла вала со делаI, Дудуйнчул хьекъал ца кхачар…» олуш…
…Ша вижале тIевахана Дудуйга хьаьжира… набарха, Тамашна тIехула куьг даьккхина, иза маракъевлина, воьлуш, цхьа хабарш дуйцуш, воккхавеш вара кIант…

Эльдиева Марет

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна