«Исламан зIаьнарш» – 25 шо

ХIокху шеран 6-чу ноябрехь 25 шо кхечи нохчийн а, гIалгIайн а исторехь дуьххьарлера бусулбанийн «Исламан зIаьнарш» газет арадаьлла. Зорбанан ЦIийнан Актови зала чохь 3-чу декабрехь дIадаьхьира и юбилей язъяр. Дакъалоцуш бара махкахь цIеяххана бевзаш болу Iелимнах – Кадыров Хож-Ахьмад-хьаьжа, НР-н Муфти Межиев Салахь-хьаьжа, Хийтанаев Мохьмад-хьаьжа, Шахидов Адам-хьаьжа, НР-н Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев ШахIид, НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, хаамийн а министр Умаров Джамбулат, дуккха а кхиберш. Гулбеллачара лаккхара мах хадийра редакцин жимачу тобано оцу еххачу хенахь бинчу беркатечу белхан. Дош ала лууш берш дукха бара… Оцу шина сохьтехь сан ойланашкахь карлаелира дIаяьлла зама… и еха, генара зама…
… 1990-чу шеран деношкахь айса бусалба газет кхолла Iалашо лаьцна йина ойланаш, дина некъаш… Кхоьллинчу Дала аьтто бина, кхиамца дIайоьдуш бизнес яра сан. Амма иза тоаме, кхачаме ца хетара суна – сан даго лехнарг а, цунна хIинца оьшург а кхин дара…
Iер-дахар Жимачу АтагIахь долуш кхиънера тхо, Зеврбиган Джунидан доьзалехь. Джунид Эвтарарчу Iовдин а, Iелин а вирдехь болчу муридийн тобанан хьалхара стаг вара, махкахь а вевзаш маслаIатхо а, меттан говзанча а вара. Цул сов, хьалхара зуькар олуш, вайн махкахь хиллачу берриге а эвлаяийн дахарх долу бакъдерг девзаш а, цара охьабиллина некъ шен ницкъ ма-кхоччу лелийна а вара. Доьзалехь тхо исс кIант вара, дена улле хIиттина кегий долуш дуьйна, зуькарца марзо лаьтташ кхиънера. Кхоьллинчу Дала ца делларг хила йиш яц – зуькар алар дезаделла вара со а, цхьана муьрехь, дикка хеначохь, тобанашца зуькар олуш а лийлира. Амма, Iедалан белхашкахь хиларна, хууш ма-хиллара, цIахь саца дезнера, марзо сих кхеттачул тIаьхьа атта дацара и дан. Ткъа хIинца…хIинца суна оьшург и марзо яра, къадарин тIарикъатан марзо. Оцу марзонах сан кийра бузо суна аьтто бен дерг бусалба газет дара, цунах тешара со…
Оцу Iалашонца аравелира со «Исламан зIаьнарийн» бух кхолла. Дала сан аьтто а бира. Суна дагахь а дацара, я хуьлийла а дацара, цхьана заманчохь вайн махкахь тIемаш хир бу аьлла, сан бахам хIаллакбийр бу аьлла, и бахьана долуш газетан болх соцур бу аьлла. Данне а дагахь дацара хIеттахьехь тхан редакцин гергарло тасаделла болу Курчалойн-Эвларчу хьуьжаран куьйгалхой, хьехархой КадыровгIар Iедалан куьйгалле хIуьттур бу аьлла, цул сов, хIокху газетан доладар цара шайна тIелоцур ду аьлла. Амма дерриге а Делера ду… Дала сох а, бусалба газетах а къинхетам бира. Хьалхарчу лоьмарехь Курчалойн-Эвларчу хьуьжаран балхах лаьцна яздира газето, Ахьмад-Хьажина а, Хож-Ахьмад-хьаьжина а дезаделира бусалба газет, тидам тIебахийтира тхан балхана. Цул тIаьхьа сих-сиха хуьлура тхо хьуьжарехь, царна хаза а хетара, мутаIеламийн дахарх долу бакъдерш довзуьйтура газетадешархошна. Тхо тешна дара, бусалба Iилма кхечарна дIахьоьхуш болчу КадыровгIарах тхешан накъостий хирг хиларх. Оцу Iалашонца дагадовлар хуьлура тхан оцу хьуьжаран дай болчу КадыровгIарах: Ахьмад-Хьаьжех, Хож-Ахьмад-хьаьжех. Иштта тхо дагадовлура вевзаш волчу Iелимстагах Жимчу-АтагIарчу Гаркаев Мади Махьмудах, редакцин штатехь балхахь вара Мескар-Эвлара Iелимстаг Солтагираев Саламу-хьаьжа. Гуш ма-хиллара, редколлеги юьзна яра Iелимнахах, дагадовла меттиг яра, тIетевжийла яра, цундела майрра болх дIакхехьа аьтто бара тхан.
Бакъдерг ду иза, Курчалойн-Эвларчу хьуьжарера схьа ду «Исламан зIаьнаршка» кхаьчна беркат. 2004-чу шеран 4-чу майхь Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, кхидIа и газет лело сайн ницкъ ца тоьийла хиинчул тIаьхьа, газетана орца доьхуш ас шега яздинчу кехата тIе иштта яздира: «… со тешна ву хIара газет хила дезаш хиларх», И дешнаш Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобал дойла цуьнан) весет санна хета суна. Нохчийн Республикин куьйгалле ша хIоьттича Рамзан Ахматовича пачхьалкхан чоьте а даьккхира хIара, Дела реза хуьлда цунна!
Редакцин балхахь дакъалоцуш ву Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа, иза тхуна боккха юьхькIам хилла ца Iаш, йоккха сийлалла а ю, цуьнан букъа тIехьа мелла а йовхо хаало тхуна тхешан башха атта боцчу балхахь, Дала сий-ларам бойла хьан, Хож-Ахьмад-хьаьжа!
Бусалба газет бахьана долуш тхан гергарлонаш тасаделира эвлаяийн тIаьхьенах болчу безачу нахаца: Теркайистерчу Хантиев Кана-Шайхан тIаьхьенах волчу Ахметханов Мухьадица (Дала гечдойла цунна), СурхохитIерчу (ГIалгIайн мохк) БатIал-Хьаьжин тIаьхьенах волчу Белхароев Султан-хьаьжица, церан доьзалашца. Хьаххийнначуьра ала лаьа суна, БатIал-Хьаьжин вирдан накъост волчу Алиев Минкаилах лаьцна. Цхьаьна муьрехь масех лоьмар журнал арадаккхарехь оха доьхуш а доцуш гIо-накъосталла дира цо тхуна, Делан дуьхьа ду шен и аьлла, Дела реза хуьлда цунна! ЦIерш яха лаьа, оцу муьрехь газетаца уллера зIе латтош, газетан накъостий, дика доттагIий хилла лаьттинчу цхьамогIа жигархойн – Iилманчийн, яздархойн. Уьш бара вайн махкахь дика бевзаш болу: этнограф Саидов ИбрахIим (БергIатойн-Эвла), философин Iилманийн доктор Акаев ВахIид, яздархо Юсупов Iазиз (Девкар-Эвла), яздархо, поэт Сулейманов Ахьмад, кхиберш.
Редакцин тоба де-дийне даларца къонлуш а, кхуьуш а ю. Министра Умаров Джамбулата тIедилларца, замано лоьхуш а ма-хиллара, болх керлачу тIегIан тIе баьккхина дIахьош бу, электронни кепехь беш болу болх алсамбаьккхина редколлегис.
Заурбеков МасΙуд
 
IMG_2233
 
 
 
 
 
 
IMG_2252

 
 
 
 
 
 
 
DSC_2149