Редакторан дош

photo_2015-11-06_18-38-43
Некъ болош
Хьоме вежарий, йижарий! Тахана аша караоьцу иштаниг хиларе вай дукха хенахь дуьйна сатийсина долу газет. Бусалба нахана, церан синхьашташна лерина ду хIара. ХIара къаьсташ хир ду ша тайпанчу чулацамца, адамийн синоьздаллина тIехьажийна хиларца. ХIокхуьнан таханлера де, генара хиндерг вайх массарах а доьзна ду: газет дуьххьара арахеца ирс хиллачу тхан жимачу тобанах а, хIара доьшуш мел волчух а.
Схьагарехь, цхьа а стаг хир вац шен къомана диканиг дина юьхькIайчу хIотта ца лууш. Оцу лаамца хIара болх тIелаьцна оха. Iалашо иштта ю: шуьйрачу халкъийн гIоьнна тIе а тийжаш, вайн юкъараллина, цуьнан хIора а векална пайден Iаткъам бар, дешан ницкъаца цуьнгахь дуьнене, ша-шега хьежаран керла кеп кхоллар. «Керла» бохург дац вайн цхьа хIума хIинцца юкъадаккха дохку бохург. Вешан кхиарехь вай пайдаоьцур бу дицдинчу а, дицдаларан новкъахь долчу а нохчийн халкъан гIиллакхех а, бусалба динан хьехамех а. Газет кечдарехь, арахецарехь дакъалаца таро йолуш ву хIора а бусалба стаг, шен халкъан, цуьнан таханалерчу дийнан, кханалерчу хиндолчун а хьокъехь ойла еш волу.
ХIора а мелла а хууш хила веза шен халкъан селханлерчу дийнах лаьцна – вай дуьйцур ду нохчийн халкъан исторех, къоман турпалхойх лаьцна. Шен кхиаран бехачу новкъахь халкъо кхуллу инзаре яккхий хазнаш – вай дуьйцур ду исбаьхьаллин декъехь халкъо динчух лаьцна. Цхьа а халкъ дац ша-шах когахIоьттина, зIенаш йоцуш схьадеана – вай дуьйцур ду иштта кхечу къаьмнашца хиллачу, йолуш йолчу юкъаметтигех, уьш кхин а шаръеш-тоярехула дан дезачарех а лаьцна. Кхузахь къамел дац массарна а чIогIа кIордийначу «халкъийн доттагIаллех» лаьцна, ткъа дуьйцуш дерг догIуш хир ду оцу агIор болчу нохчийн халкъан хьежамашца. И дош шайна хууш ца хиллехь а, нохчийн гуттара а бан а бара, бан а бу бакъболу интернационалисташ. ХьагI-гамо яцара церан цхьана а къомаца. Цунна Iаламат дика тоьшалла ду халкъан бартан кхолларалла: туьйранаш, иллеш, хабарш, кицанаш.
Нохчичун амалехь къастаме лара деза да-нана, воккханиг ларар, гIийлачух болу къинхетам, вешица-йишица, гергарчаьрца йолу марзо, хIоранца а тIекаре хилар, доккха собар. Вайн тидамехь хир ду уьш а, кхидолу къоман дуккха а гIиллакхаш Iалашдар къоначарна дIадалар стенца доьзна ду боху гIуллакхаш.
Къоман хиндерг цуьнан мотт кхиорца хадалур доцуш ду. Шун гIоьнца газет хьожур ду ширлуш, дицлуш долу дешнаш карладаха, дайша бийцинчу меттан къайлене кхача, и хазна къоначарна схьаелла – зорбатухур ду шира дийцарш, назманаш, газетадешархошна оьшуш хета кхидолу а йозанаш.
ХIора а халкъо шен исторически некъан йохаллехь IаIадо бахам лелоран зеделларг, кхуллу дахаран-Iеран шатайпа кепаш. Иттанаша Iилманчаша билгалдоккхуш а, вайна ваьшна хууш а ма-хиллара, дийцина цаваллал дукха ду оцу агIорхьа нохчийн халкъо кхоьллинарг, цу юккъехь уггаре а бIаьрла дерг – гуттара а коьртачу тидамехь Iалам лардар. БIешераш хьалха вайн халкъан хьекъал кхаьчна Iалам талхоро ден долчу зуламан бухе кхиа. Газето деш долу къамел дуьззина хир дацара оцу агIор дан дезарг дицдича.
Цхьа а дин доцу стаг цхьана а хIуманах тешаш воцу стаг ву. Хаттар хIутту: ишттачух теша мегар дуй? Ша дин долуш, адамалла йолуш, оьзда хилар дечу гIуллакхехь гайта деза – газето дуьйцур ду вайн заманхойх, хьаналчу адамех, вайн вежарех, йижарех лаьцна. Кху тIехь шуна карор бу молланийн, Iеламнехан хьехамаш, деза йозанаш.
Бусалба нахана лерина долчу хIокху газетан агIонаш шуьйра дIайиллина хир ю диканна араваьллачунна, халкъан гIуллакхан дуьхьа ойла еш волчу хIоранна а хьалха. Вайн коьрта Iалашо иштта хила еза – адамийн дегнашкара хьагI-гамо, оьгIазалла дIаяккхар, къизаллех, сутараллех, кхечаьрга болчу цабезамах уьш ларбар, церан амалехь коьртаниг комаьршалла, адамах болу къинхетам кхиор.
Вайнаха даима а сийсазбора малончаш, жуккарш, къинхьегам безаш боцурш. Вайн хьал кхуллург хьанал къинхьегам бу.
Газетехь йоккха меттиг дIалоцур ю тIаьххьарчу хенахь юкъадаьхкинчу, амма вайн хиндолчунна кхерам туьйсучу айпечу хIуманашца латточу къийсамо: вахош долу маларш мийлар, наркомани, зударий а, божарий а оьзда боцуш лелар, бахамна тIаьхьаваьлла адаман сибат дицдар, Iедал а, адам а Iехоран некъа тIе хIоттар, ямартло лелор.
Газет юьстах ду политикина, политически къийсамашна, къаьмнийн а, тобанийн а, тайпа-тукхамийн а озабезамашна, цунна хийра ю хьеннан а цIарах еш йолу кхийсарш а, и кхийсарш еш берш а. Цхьа а вац нанас дена ваза, йиша-ваша, гергарнаш боцуш, тайпа-тукхам доцуш. Цуьнга хьаьжжина, шен къоман векал ву иза, иза ямарт вара, цIена вацара, аьлла цхьа а стаг дIакхосса йиш яц вайн: гIодан деза нийсачу новкъа хIоттарехь. Цхьа йижарий-вежарий ду вай дерриге а, цунах кхеташ, маьIна доккхуш а, жоьпалла а хила веза хIора нохчи.
Газетан балхахь дакъалаца йиш йолуш ву хIора а, вайн халкъан таханалерчу дийнах, цуьнан хиндолчух дог лозуш верг. Кхуьнан формат жима хилар тидаме а оьцуш, дехар ду кехаташ доцца яздар (зорба тоьхна 3-4 кехатан агIо). Тхан таро хир яц кехаташна дуьхьал жоьпаш яздан, рецензеш хIитто (газетан коллектив дукха жима ю) амма цхьа а кехат эрна дойтур дац оха, лаккхара ял яларца кхачо а йийр ю.
Джунидан МасIуд