«Исламан зIаьнарш» кхолладалар

 
photo_2015-11-06_18-39-41(Чаккхе)
Къаьсттина карзахе хьийзара БIаьчи-Юьртара вахархо Ахьмад. Тхоьга яздарх гIуллакх ца хилла, республикин хIетахьлерачу Iедалан «Ичкерия» цIе йолчу коьртачу газете яздира цо. «Открытое письмо редактору журнала «Зори Ислама» дара газетан 4-чу агIон тIехь. Цо ца магадора эвлаяаш базбина бийцар, церан караматаш дийцар, зераташка хIиттар. «Веллачу стагера бала пайда бац, дуьххьалдIа, хьайна валар дагадар бен», – чIагIдора цо. Вайн Пайхамар (Д.С.М.Х.Ц.) Дала Шен нуьрах нур делла кхоьллина а, Шен цIарах цIе хоьттина а вац, вай санна да-нана долуш стаг хилла и, ХьаьжцIа вахча, цигахь хIумма а деха ца оьшу, дехча Дала лур а дац. Цига вахча, бусалба стага шен парз кхочушдийр ду, кхин хIумма а дац и. Харжаш еш, айхьа пайдениг леладо бохуш воллу хьо, цундела хьуна диканиг лаарца, хьехар ду ас дийриг, – яздора цо. Шен кехат чекхдолуш: «…Хьан динан ваша Ахьмад» яздора автора. Ткъа оха, тхаьшна хааран барамехь, тIом латтабора иштта ойланаш йолчаьрца. Меттигерчу телеканалехь тележурналистаца Кусаев Iадизаца «Даймехкан еза меттигаш», «Вайн историн агIонаш» цIерш йолуш вайн махкара а, Дагестанера а, ГIалгIайн махкара а эвлаяийн зераташ гойтуш, церан дахарх долу бакъдерш довзуьйтуш, цхьамогIа телепередачаш кечйора, и ойланаш йолчарна хьакъдоллу жоьпаш дала гергаозабора республикехь гIарабевлла бевзаш болу Iелимнах. Царех вара уггаре а хьалха Жимачу АтагIара Мадин Махьмуд. Цхьаннах а оза ца луш а, Iилманна тIетийжаш, бух болуш а дара цуьнан къамел. Иштта, цаьрца а, динан охIла бу бохучаьрца а тхешан хуьлуш долчу цхьаьнакхетаршкахь дийцаре дора оцу балхо ойлайойтуш, сингаттаме тхаьш хилар. Ас и дукха хьехорна, деш долу къамел нохчийн маттахь хиллехь а: «Ничего у них не получится, МасIуд! Тебе что, больше всех надо что ли!?» – аьлларг а велира.
Оцу кеппара, тхуна дагахь а доцу керланиг дохьуш догIура редакцина хIора де а. «ТIаьхьарчу заманахь вер ву аьлла волу МаьхIдин ву ша» – аьлларг а велира, бакъду, хIинца а нисло и саннарг а, цул сов, тIаьххьара пайхамар ву ша олуш верг а.
Халахеташ делахь а ала лаьа: могIарерчу бусалба нахана доккха, деза совгIат хилла лаьтташ долчу бусалба газетана новкъарлонаш ян гIерташ Iелимнах а хуьлура.
Iелимстаг ву ша аьлла веанчу цхьана къонахчоphoto_2015-11-06_18-39-10 со редактор ву аьлла вовзийтича, цхьа реза воцуш схьа а хьаьжна, хаьттира соьга, дешна стаг вуй хьо, аьлла. Ас Къуръан деша хаьа суна, амма маьIна дан ца хаьа, жайнаш ца Iамийна ас аьлча, оьгIазе, карзахе вистхилира: «Ой, хьан хIун бакъо ю дешна ца хилча, бусалба газет лело?!». Ас, тхан редакцин декъашхо ву Iелимстаг, цунах дага а довлуш бо оха тхешан болх, аьлча а реза ца хилира иза. ТIаккха ас, хьо вуй дешна, хаьттира. «Дешна ву!» – дозаллица жоп делира сан хьешо. Делахь-хIета, ахь дехьа хIара газет, со д1авоьду хьуна, аьлча, кхин ала хIума ца хилла сацавелира. Ас тхайн редакцин тобанан коьрта Iалашо йийцира Iелимстаге: кхин даккхий гIуллакхаш ца далахь а республикехь болчу берриге а бусалба нахе Ислам-динан зIаьнарш мукъане а дIакхачалур яцара техьа бохуш лела тхо, аьлла дог хьаьстина дIавахийтира…
Иштта яра «Исламан зIаьнарийн» хьалхара гIулчаш – дIаяьлла зама, ирсе а, хаза а, беркате а, амма оццу хенахь чолхе а яра. Ирсе дахар… Цкъа а дицлур доцу денош, шераш…
Заурбеков МасIуд