МазхIабаш

Бусалба дин – цхьанна тIаьхьавазар ду. Везачу Дала боху, Шен Сийлахь Къуръан чохь: «Шайна Дала доссийначу уггаре дикачунна тIаьхьадазалаш, цIеххьана, шайна хаа а ца хууш, Iазапо шаьш лацале».

(С.Аз-Зумар, а.55)
Элчано (Делера салам-салават хуьлда цунна) аьлла: «Ша, Веза-Сийлахь волчу Делах кхерарца весет до шуьга, иштта весет ду шуьга, шайна тIехIоттийначуьнга ладогIарца, цунна муьтIахь хиларца, иза лай велахь а. Боккъал а, шух вехаш висинчунна дуккха цхьанацадараш гур ду шайна юкъахь. Сан Суннатана, суна тIаьхьабогIучу, нийсачу некъахь болчу, халифийн Суннатана, шайн гIора ма-дду, тIаьхьадазар тIехь ду шуна».(Абу Давуда, Тирмизис а далийна хIара хьадис)
Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) заманера вайна тIекхаччалц, Iелимнахана тIаьхьабозуш схьабогIуш бу бусалба нах. Делан лаамца, цхьацца бахьанашца Iелимнах, хьалха заманчохь дуьйна, мазхIабашка бекъабелла Iилма талларан балха тIехь. Тахана бусалба нахана юкъахь лелаш уггар доккха, даьржина диъ мазхIаб ду: Хьанафин мазхIаб, Маликан мазхIаб, ШафиIин мазхIаб, Хьанбалан мазхIаб.
ТIаьхьарчу хенахь «Iилманан говзанчаш» бевлла, мазхIабаша бусалба нах бекъна, мазхIабийн дайшна санна, вайна а хуур ду Къуръано, Суннато хIун боху, мазхIабаш вайна оьшуш дац, бохуш.
МазхIаб бохучу дешан маьIна дуьйцуш, уьш маца кхолладелла, хIун бахьана долуш кхолладелла, вайна уьш оьшу я ца оьшу хьахош кечдина ду хIара дийцар.
Дала Iилмангахь совдохийла вай, нийсонна тIехь чIагIдойла.
 
Бусалба дино, цхьана адаман дахарехь я юкъараллехь мел лелочу хIуманна (ламаз-марха, йохка-эцар, ялор-йитар, Iедалца йолу юкъаметтиг..деш хьукма ду. Шемахь вехаш волчу воккха Iелимстага Ахьмад Кафтарус ма-аллара, бусалба дин хIора адаман, нехан юкъараллин дахар маслаIате, ирсе дан деана ду.
 
Хьукма бохург хIун ду?
 
Хьукма, (дукхаллин терахьехь, ахькамаш) – АллахIа шен лайшка дина дIахьедар (къамел) ду, цара мел лелочуьнца дозуш долуш. Ахькамаш тайп-тайпана хуьлу: бехк боцуш стаг  веран хьукма и хьарам хилар ду; дийнахь дечу пхеа ламазан хьукма и фарз (ваджиб) хилар ду; тешаш болуш, духалург ахча далар – дIаяздар суннат (мандууб) ду; ца оьшу, сов хеттарш дар, эладитанаш дийцаран хьукма и макрухI хилар ду; ламазна дIахIоттале ламаз эцна хилавезаран хьукма и бехкам хилар ду. (Ламаз карахь доцуш дина ламаз къобал хир дац)…
 
Хьукма билгалдаккхаран бух хIун бу?
 
Хьукма билгалдаккхаран бух Сийлахь Къуръан, Суннат, Iелимнехан барт (ИджмааI), Дустар (Къияс) бу. ТIехIоьттинчу хьолана хьукма билгалдаккхар Сийлахьчу Къуръанера долор ду, цу тIехь и ца карадахь, Элчанан Суннате хьовсар ду, цигахь жоп дацахь, ИджмааIна тIетевжар ду. Кхолладеллачу хьолана, хьукма ИджмааIехь дацахь, тахана хIоьттинчу хьолаца дуста мегар долуш, яханчу хенахь хьукма билгалдаьккхина хилла, лелла хIума дуй хьовсур ду. Масала, къаьркъа хьарам дина ду Къуръан чохь, амма наркотикаш цу чохь хьахийна яц. Iелимнах хьовсур бу, Дала къаьркъа хьарам даран хIоттийна бахьана муьлха ду. И бахьана, стаг вахийна, хьекъалах вохор ду. Изза до наркотикаша а. Цундела хьарам йина ю наркотикаш. Къаьркъа маларан хьал, наркотикийн хьал вовшех дуьстина, наркотикийн хьукма билгалдаккхарх Къияс олу. Адамо лелочунна Къуръанан, Суннатан, ИджмааIан, Къиясана тIе а тевжина, шариIатан ахькамаш билгалдохучу Iилманах ФикъхI олу.
Хьукма билгалдаккхарехь къахьоьгуш волчу Iелимстагах муджтахIид олу, ткъа цо бечу балхах ИджитихIад олу.
 
МазхІаб бохург хIун ду?
 
«МазхIаб» дешан маьIна – воьду меттиг, некъ бохург ду. ШариIатехь, шена чохь хьукма билгалдаьхна хеттарш, хьелаш гулдинчу ахькамех, мазхIаб олу. Кхечу дешнашца аьлча, муджтахIидан некъ бохург ду «мазхIаб».
 
Маца кхолладелла мазхIабаш?
 
МазхIабийн кхолладалар асхьабийн (Дела реза хуьлда царна) заманахь доладелла. Ибн Халдуна шен «Мукъадимат» жайнахь яздо: «Берриге асхьабаш ца хилла иджтихIад дан охIла, цаьргара массаьргара схьаоьцуш ца хилла наха дин. Царна юкъахь цхьаболу асхьабаш (Дела реза хуьлда царна) билгалбевлла хилла Къуръанан Iилма довзарца. Цара и Iилма Делан Элчанера (Делера салам-салават хуьлда цунна) схьаоьцуш хилла я цуьнгара хезначуьнгара Iамош хилла. Цу Iелимнехан Къуррааъаш (Къуръан доьшурш) аьлла цIе яхана. Ислам стамдаларца, дIасадаржарца Iаьрбошна юкъахь алсамбевлла Къуръан, хьадисаш девзаш, шайн Iилманца иджтихIад далуш болу Iелимнах, церан ФикъхIан Iилманчаш аьлла, цIе яхана». Асхьабийн заманахь (Дела реза хуьлда царна) билгалдевлла Iайшатан мазхIаб, IабдуллахI ибн Iумаран мазхIаб, IабдуллахI ибн МасIудан мазхIаб… (Дела реза хуьлда царна). Элчано (Делера салам-салават хуьлда цунна) олуш хилла: «Динца доьзна цхьадолу хIумнаш аша сийдолчу Хьумайратера схьаэцалаш». Хьумайрат Iайшатан цIе ю (Дела реза хуьлда цунна). Тахана бусалба нахана юкъахь лелаш бархI мазхIаб ду:Хьанафин, Маликан, ШафиIин, Хьанбалан, ЗаахIирин, Зайдин, Имамин, Ибадиятин.
 
Хьалхара диъ мазхIаб гIарадалар хIун бахьана ду?
 
Цу мазхIабийн дай шайн хенахь уггаре Iилма кIоргера долуш Iелимнах хилла. Суфьян Саврис, Ибн Мубарака а аьлла Абу Хьанифех лаьцна: «Абу Хьанифа, шен хенахь, уггар фикъхIан Iилма алсам долуш вара». Ибн ИбрахIима аьлла цуьнах лаьцна: «Дуьненчохь мел волчул дукха дара цуьнгахь Iилма».
Абу Iубайда аьлла ШафиIих лаьцна: «ШафиIи санна Iаьрбойн мотт шера хууш, хьекъал долуш, Делах кхоьруш стаг ца гина суна». Абу Карима, «Къурайшин тайпанна ма лелаш, цу тайпанах верволчу Iелимстага шен Iилманца хIара дуьне дузур долуш ду» бохучу хьадисехь вуьйцуш волу Iелимстаг, Мохьаммад ибн Идрис Аш-ШафиIи ву, аьлла. Абу Саврас дийцина: «Аш-ШафиIи саннарг тхуна гина вац, я цунна шена а ца гина».
Оцу деа мазхIабийн Iелимнаха яздина шайн мазхIабаш вовшахтухуш жайнаш. Масала, имам ШафиIис «Ар-Рисалат», «Аль Умм» яздина; Хьанафин мазхIабехь волчу Мохьаммад Шайбанис – «Аз-ЗахIир Ар-Риваят».
МазхIабийн дайшна тIаьхьабогIучу Iелимнаха Iилманна тIехь къахьегарца дендеш, кхиош, схьадалийна ду и диъ мазхIаб вайн деношка.Таханлерачу дийнахь цу деа мазхIабана тIаьхьабозуш бу дукхахболу бусалба нах. Масала, ШафиIин мазхIабехь долуш 100 миллион сов адам ду, дуьненан массо маьIIехь дехаш.

Къуръан а, хьадисаш а цхьа бух хилча, Iелимнах мазхIабашка хIунда бекъабелла?
 

Iелимнах мазхIабашка бекъабаларан бахьанаш:

 
1. Къуръанан, хьадисийн цхьадолчу дешнех Iелимнах тайп-тайпанара кхетта хилар
 
Iаьрбойн мотт, вуно кIорге йолуш, хаза мотт бу. Масала, Къуръанан «Ла икрахIа фид-дини» бохучу аятана шина кепара маьIна дало:
а) динехь ницкъ бар дац; б) нуьцкъаша стаг дине вало магац.
 
2. Iелимнахе хьадис кхачаран некъ хийцаме хилар
 
Цхьаволчу муджтахIиде хьадис нийсачу некъахула кхаьчна хилла, цо иза ша хьукма доккхуш тидаме оьцу. Кхечунна изза хьадис заьIап некъахула кхаьчна хуьлу, цо и хьадис хьесапе ца лору ша бечу балхахь я и хьадис девзина ца хила тарло цунна. Абу Хьанифа аьлла: «Хьадис нийса делахь, иза сан мазхIаб ду-кх». Масала, имам Малика, ламаз оьцуш, кога пIелгийн яккъаш хьакхае олуш ца хилла, шега, и дар тIедожош дуьйцуш хьадис кхаччалц, шена и хьадис девзинчул тIаьхьа, ша хьалха дийцинчунна тIера вухаваьлла иза.
 
3. Хьукма билгалдоккхучу баххаш тIехь хийцамаш хилар
 
Масала, ШафиIин мазхIабехь хьукма билгалдаккхаран бух бу: Сийлахь Къуръан, Суннат, Iелимнехан барт (ИджмааI), Дустар (Къияс). Абу Хьанифа цу деанна тIетевжина ца Iаш, Истихьсан лору хьукма даккхаран бух.
 
4. Хьукма билгалдаккха яьхначу цхьайолчу бакъонаш тIехь хийцамаш хилар
 
Цхьана мазхIабана тIаьхьавазаран хIукма хIун ду?
 
Цхьана мазхIабана тIаьхьавазар магийна ду дукхахболчу Iелимнаха
 
Цхьаболчу Iелимнаха важиб дина тIедиллина ду цхьана мазхIабана тIаьхьавазар (Ал-Амиди, Iабдулкъадир Iийса Дияб…).
Iабдулкъадир Iийса Дияба шен «Миизан Ал-Iаадил» бохучу жайнахь яздина: «Хьалха ша, дукхахболчу Iелимнаха санна, цхьана мазхIабана тIаьхьавазар магийна ду аьллехь а, тахана еанчу заманахь цхьана мазхIабана даиманна тIаьхьавазар важиб ду. И важиб хиларан бахьанаш:
 
1 – Бусалба нехан Iибадат цIена латторхьама, «Iелимнахе» дина юккъе шайггара, бух боцу хIумнаш ца деттийта.
 
2 – Шайн лаамашка бирзинчу нахе бусалба дин ловза ца дайта.
 
МустIафа ибн ИбрахIим Кариимин «Нурул Якъиин фи мабхьас Ат-Талкъиин» жайнахь деана: «ХIора ИджтихIад дан охIлавоцчунна тIехь ду цу балхана охIлаволчунна тIаьхьавазар».
 
ТIаьхьарчу хенахь дешна нах бевлла мазхIабашна тIаьхьавазар хьарам деш. Цара хIара далилаш даладо:
 
I. «МазхIабийн дай ца хилла, вай санна, адамаш? Вайна хуур ма ду, Iаьрбойн мотт хууш хилчахьана, Къуръан, «Сахьихь Бухари», «Сахьихь Муслим», Абу Давудан Ан-Насаин «Сунан», Ат-Тирмизин «Ал-ЖамиI» чохь долу хьадисаш дешна, хIуманна хьукма билгалдаккха».
 
Къуръанна, хьадисашна тIера муьлхха Iаьрбойн мотт хуучу стагана хьукма даккхалуш хилча, Дала хIунда даийтина хIара аят? «Iилма долчуьнга хатталаш шайна ца хаахь»? Элчано (Делера салам-салават хуьлда цунна) Ибн Iаббасана хIара доIа хIунда дина: «Я АллахI, динехь совваккхахьа иза, Къуръанах кхетам ло ахь цунна»? Хьакимера, Ахьмадера деана хIара хьадис. Къуръан, хьадисаш дешна, церан маьIна дарх тоьаш дац хьукма билгалдаккха хаар. Масала, Везачу Дала боху Сийлахьчу Къуръан чохь: «Шух цхьаъ лахь, шуна тIехь ду, шух дисина даьхни шайн дена, нанна, гергарчарна доггIучу барамехь дIакхачор. Делах кхоьручун декхар ду иза».
(С.Бакъарат а.180)
Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) хьадис ду: «Боккъал, Дала хIоранна догIуш долу хьакъ дIакхачош ду, верасана веллачух диснарг ца кхочу». ХIокху хьолехь Къуръанан аято дена, нанна веллачух дисначух дакъа догIу боху, ткъа хьадисо цаьршинна хIумма а ца кхачадо дисинчух.
Ахь Къуръан дагахь дешарх, мел дукха хьадисаш талларх, кху хьолана нийса жоп карор дац хьуна. Амма хьалха дIабаханчу мазхIабийн Iелимнехан жайнаш тIехь карор ду хьуна нийса жоп. Вай далийна Къуръанан аятан хьукма дIаайдина (насх) дина, кхечу ирс декъаран хьокъехь деанчу аято, (С.Ан-Нисаъ а.II-I2), цуьнан далил хIара хьадис ду: «Боккъал, АллахIа хьакъ хIора догIучунна дIаделла».
Джалалуддин СуютIис дIахьеха бакъо йолчунна хаа дезаш долу 102 Iилма, говзалла хьахийна шен жайнахь. Баккхий Iелимнах – Къуръанан тафсир дина волу Джалалуддин СуютIи; 300 эзар хьадис дагахь хууш волуш, шен «Исламан тоьшалла» аьлла цIе яхана волу Имам ГIазали; «Сахьихь Муслим» цIе йолчу хьадисех гулдиначу жайнах кхетам белла волу Хьафиз Кабир имам Ан-Нававий – иштта дуккха кхиберш ца баьхьна, шайггара Къуръанна, хьадисашна а тIера хьукма даккха. Царна девзаш хилла хир ма ду, Тирмизис далийна хьадис: «Къуръанна шена ма хеттара (кIорггера Iилма доцуш) тафсир деш волчо, жоьжахатехь шена меттиг кечйойла».
Массо дешна стаг вац Къуръанна, хьадисашна тIера шеггара хьукма даккха бакъо йолуш я и нийса даккха хуур долуш.
Ша яьхначу бакъонашца, шеггара, хьукма даккха магдарна Iелимнаха хIиттийна бехкамаш бу. Iабдулкъадир Iийса Дияба шен «Миизан Ал-Iаадил» бохучу жайнахь хьахийна уьш:
– Къуръанан Iилма девзаш хилар (муьлха аяташ хьалха диссийна, аяташ диссоран бахьанаш хIун ду, хьукма хийцина аяташ муьлханиш ду хаар…); – хьадисийн Iилма хаар (мутаватир, машхIур, гIариб… хьадисаш довзар, сахьихь, хьасан, даIииф, мавдууI хьадисашна юкъара башхаллаш къастаяр, хьадисана тIетовжа магаран бехкамаш бовзар…);
– иджмааI Iилма довзар (иджмааI сариихь, иджмааI сукути довзар …);
– Къиясан Iилма довзар (Къиясан арканаш, Iиллат…);
– усул Аль-ФикъхIан Iилма довзар;
– Iаьрбойн меттан Iилма хууш хилар (сарф, нахьу,балагIат…);
– насих, мансух Iилма девзаш хилар.
 
Цул сов, и Iелимстаг хила веза чIогIа ийман долуш, нийсо лелош, шен болх лерина беш.
ФикъхIан Iелимнехан шайн-шайн даржаш ду:
I) Лакхахь вай хьехийна бехкамаш шеца кхочушхилла, ша яьхначу бакъонашца хьукма доккхуш волчу Iелимстагах муджтахIид Ал-Мустакъил олу. Уьш бу деа мазхIабан дай.
2) Лакхахь вай хьехийна бехкамаш шеца кхочушхилла, амма шегара яьхна бакъонаш йоцуш, ша хьукма даккхарехь мазхIабан ден некъа тIехь возучу Iелимстагах муджтахIид мутIлакъ гIайра мустакъил олу.Уьш бу Аш- ШафиIис хьехна волу Мазни, БувайтIи; Абу Хьанифа хьехна волу Абу Юсуф.
ХIокху шина тайпана, кIорггера Iилма долу, Iелимнах бусалба нахана юкъара дIабевлла дуккха а хан ю.
3) Царал лахахь вогIу МуджтахIид Ал-Мукъаййид. ХIоьттинчу хьолана, хаттарна шен мазхIабехь кийчча жоп дацахь, шен мазхIабан дозанашкахь иджтихIад до цо. Масала, Хьанафин мазхIабехь хилла волу ТIахьави, Карахи; ШафиIин мазхIабера Абу Исхьакъ Аш-Ширази.
4) Царал тIаьхьавогIу МуджтахIид Ат-Таржихь. Цо болх бо шен мазхIабехь дина хьукма гIоле хилар билгалдаккхар тIехь я мазхIабан дас аьлларг, цуьнан мутаIелима аьллачул бегIийла хилар гучадаккхарна тIехь. Царех ву, масала, Iалауддиин Ал-Мардави (Хьанбали); Ар-РафиIи, Ан-Навави (ШафиIи.)
5) Шен мазхIаб лардеш, шордеш, нахана цунах кхетам луш, цу мазхIабца, ма-доггIу, нехан хьашташ кхочушдеш волчу муджтахIидах МуджтахIид Ал-Футйа олу.
 
2. МазхIабийн дай гал ца бовлуш ма ца хилла, амма Элча (Делера салам-салават хуьлда цунна) галволуш ца хилла. МазхIабаш Iаддадитина, Элчанна (Делера салам-салават хуьлда цунна) тIаьхьа хIунда ца хIуьтту вай? Мухьаммад пайхамарна (Делера салам-салават хуьлда цунна) бен цхьана адмана тIаьхьаваза аьлла, омра дина ма дац вайна Везачу Дала. Шен Сийлахь Къуръан чохь Цо боху вайга: «Элчано шайна делларг схьаэца, шайна дихкинарг дита».
(С.Хьашр а.7)
 
«МазхIаб» бохург хIун ду цахуучунна хIара хаттар хезча, «Исламан тарихехь кхолладелла мазхIабаш ша-шаха дIасадаьржаш ду, хIора мазхIабо нах шен мазхIабе кхойкхуш бу аьлла, сурт хIотталур ду. Цу мазхIабашна юкъахь нийса мазхIаб вайн Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) мазхIаб ду, диснарш гал хеталур ду. ХIун башхо хилла те оцу деа мазхIабана, Пайхамаран асхьабийн Зайд ибн Саабитан я МаIаз ибн Джабалин, я IабдуллахI ибн Iаббасан мазхIабашна а юкъахь ФикъхIан ахькамаш довзарехь?» (Юсуф ХатIар Мохьаммад «Ал-МавсуIат Ал-Юсуфия фи баян адиллат Ас-Суфия» агIо-552). Шайгахь Iилма хиларан Делах кхерарца гIарабевла болчу Iелимнаха гулдина мазхIабаш Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) мазхIабна дуьхьал муха хуьлу? Дала ма боху: «Боккъал, Делах уггар чIогIа кхоьруш берш Iелимнах бу». Имам Ан-Навави «МаджмуI» жайнахь деана ШафиIис аьлларг: «Шен жайни тIехь Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) Суннатана дуьхьала догIуш хIума карадахь, цуьнан Суннато бохург дай, ас аьлларг дIатасалаш». ШаIранис аьлла: «Iелимнах шариIатан йийсарш бу».
МазхIабийн дай, царна тIаьхьабогIу мазхIабийн Iелимнах бу вайна Къуръанах, Суннатах нийса кхетам луш берш. Элчанера (Делера салам-салават хуьлда цунна), цуьнан асхьабашкара (Дела реза хуьлда царна) схьаэцначу Iилманца, заманашца хIуьттучу хьелийн хаттаршна, шариIатан хьукма билгалдаккха некъ биллинарш бу уьш.
 
2. Асхьабашкара Iилма схьаэцна хилча, церан мазхIабашна тIаьхьа хIунда ца дозу вай?
 
Ахьмад ибн БурхIана асхьабийн мазхIабашна тIаьхьаваза цамагдаран бахьанаш хьахийна шен «Ал-АвсатI» жайнахь: «Асхьабийн мазхIабашна тIаьхьаваза ца мега, уьш яздина, гулдина а доцу дела, теллина, нисдина а доцу дела. Имам Ал-Хьарамина яздина «Ал-БурхIан» жайнахь: «Iелимнаха ца магадо дешна боцчу нахана асхьабийн (Дела реза хуьлда царна) мазхIабашна тIаьхьабазар. Уьш тIаьхьабаза беза яздина, низаме далийна, ахькамаш билгалдаьхна хаттарш, хьелаш шайншайн дакъошка дерзийна долчу мазхIабашна».
 
4. МазхIабаш бидIат ду, ткъа «бидIат тилавалар ду, тилавалар цIергахь ду» аьлла, нийса хьадис ма ду Муслима жайнахь деана.
 
Имам Ан-Навави ву вайна цу Муслиман «Сахьихь Муслим» жайна масийтта бIе шо хьалха тафсир дина, цу жайнах кхетам луш. Цо шен жайнахь боху бидIат 5 кепара ду: хьарам, важиб, мандуб, макрухI, мубахь. «ХIора бидIат тилавалар ду…» бохучу хьадисехь дуьйцуш дерг хьарам, динца ца догIу, бидIат ду. Аш-ШафиIис бидIат шина декъе декъна: шариIатца догIуш дерг, шариIатана дуьхьала дерг. «Цул сов, динца догIуш юкъадаьккхинчу хIуманах бидIат ала, магош ца хилла Имам ШафиIис (Дела реза хуьлда цунна)». (Юсуф ХатIар Мохьаммад «Ал-МавсуIат Ал-Юсуфия фи баян адиллат Ас-Суфия» агIо 480)
 
5. Мункар, Накир маликаша вайга барт хоттур ма бац вай мазхIабна тIаьхьа хIунда ца даьзна аьлла.
 
Делан омранаш, неххIеш (бехкамаш) сов ду цу шина малико кошахь вайга хоьтту долчул.
Масала, шина малико барт хоттур бац аьлла, да, нана дIатаса йиш юй вай? Я веша чуьра зудабераш дерзина, хецна арахула лелийта мегар дуй?
 
6. МазхIабаша бусалба нах тобанашка бекъна, царна юкъахь питанаш даржийна.
 
XIV-чу бIешарера дуьйна схьа бусалба наха ирс оьцуш схьадеана мазхIабаш.
МазхIаб бахьанехь царна юкъахь тIемаш ца хилла. МазхIабийн Iелимнаха лерам чIогIа беш хилла вовшийн. Имам ШафиIис ша Хьанафин мазхIабан маьждигехь ламазна хьалхаваьккхича, Абу Хьанифан ларамна, ламаз цуьнан мазхIабехь ма-дарра дина.
Бусалба нахана юкъахь питанаш, девнаш а, нах мазхIабашна херабевлча, дуьйладелла.
МазхIабаш хилар Делан къинхетам бу, Дала вайна бина аьтто бу иза. Масала, хьаьж доьхкуш, КаIбатана ТIаваф го боккхуш, ламаз карахь хила дезаш ду, амма ца хууш зудчух хьакхавелла ламаз карара даьлча, хIун дийр ду ШафиIин мазхIабехь волчо? Вайна ма хаьа,цигахь мел адам гулло.
Цу хьолехь Хьанафин мазхIабна тIетевжина (цу мазхIабехь лаамза зудчух хьакхавелча ламаз карара ца долу), шен ТIаваф кхочуш дийр ду цо.
 
Элчане (Делера салам-салават хуьлда цунна) Къуръан доьссичхьана, шайн балхах догдиллина Делан мостагIаша. Везачу АллахIа боху: «ХIинца догдиллина кафир-наха шун дин эшорах…».  
(С.Маидат а.3)
Сийлахь Къуръан бакъ ца деш, цу тIехь кхачамбацарш лоьхуш, бехха тIом бина цара. Амма Делан Дош бакъхилира юха а: «Боккъал, АллахIа доссийна ду хIара Къуръан, шеко йоццуш, лардийр долуш ду».
(С Хьижр а.9)
Цунах шайн гIуллакх ца хилча, хьадисашна тIебирзина, уьш кего буьйлира динан мостагIий. Къуръанал тIаьхьа уггаре нийса долу «Сахьихь Ал-Бухари» жайни тIехь заьIап хьадисаш карийна бохуш, бусалба нехан хьадисех болу тешам байа гIиртира уьш. Делан къинхетамца, и болх дIа ца бахара церан.Тахана мазхIабашна дуьхьал болийна цара шайн болх. Немцойн Iилманчас Шахтас боху: «МазхIабан дайша яздина исламан фикъхI, законаш яздан Iеминчу говзачу нехан болх бен бац. Оцу законашна маьIналла далархьама, Къуръанера, хьадисашкара а гIо лехна цара. Цу наха даьхначу законашна тIаьхьаваза аьлла, Дала а, Элчано а вайга омра ца дина». Оцу дешнийн маьIнах лаьцна дика ойла йича, жамI кхоллало: мел боккхачу Iелимнехан гуламо шариIатехь хIара сацам бина аьлла дIакхайкхийча, Шахтас бохург къобалдечара и сацам тIелоцур бац, и сацам (закон) Дала, Элчано омра дина тIедожийна дац аьлла. Ма новкъа хуьлу-кх мазхIабийн Iелимнахана кхиболу бусалба дешна нах лийча, мазхIабашна тIаьхьабозучарна, ца бешаш, Iиттарш ян буьйлабелча а.
Халахеташ делахь а, мазхIабаш эшац бохурш вайна юккъе а кхаьчна. Вайнахана мазхIабаш ца оьшу бохучаьрга лацадегIар тоьлаш ду. Вайна, дукхахболчарна «мазхIаб» бохург хIун ду ца хаьа, мазхIабан цхьа жайна дешна ца хуьлу вай, ткъа уьш оьшу я ца оьшу, муха хуур ду вайна?
БIешерашкахь бусалба Iелимнаха къахьегна, тIаьхьабогIучарна ирс эца йитина, мах боцу хазна ю мазхIабаш. Цу Iелимнаха биллинчу некъо аьтто бийр бу керлачу Iелимнехан чкъурана, заманца кхолладеллачу хаттаршна, хьелашна, Делан дино ма-бохху, нийса хьукма билгалдаккха.
Вали АллахIи Ад-ДахIлавис боху «Ал-Инсаф» жайнахь: «Боккъал, хIара диъ мазхIаб теллина, нисдина, яздина охьадиллина ду. Вайн умматан Iелимнехан хилла барт бу, таханалера де тIекхаччалц, мазхIабашна тIаьхьаваза мега аьлла. МазхIабашна тIаьхьабазарца къеггина маслаIат гучудолу нахана, къаьсттина тахана санна, динехь къахьегар лахделлачу, адамаш шайн лаамашка дирзинчу, хIора дешначу стагана ша бакълуьйш хетачу заманахь».
Везачу Дала хьалха дIабаханчу Iелимнахаца йолу шовкъ-марзо ма хадайойла вайн, Шен къинхетамах ма дохийла вай.
 
Магомедов С.