Юсуф-пайхамарх лаьцна (Делера салам хуьлда цунна)

Якъуб-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) шийтта кIант хилла. Юсуф а, Биньямин а цхьана нанас вина ву, шен цIе Рахьийл йолчу. Бисинчарах ялх ваша цхьана нанас вина ву, виъ ваша шина гIарбашо вина ву. Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) царах уггаре а сийлахь верг а, везаниг а хилла. Якъубана (Делера салам хуьлда цунна) Юсуф а, Биньямин а чIогIа дукхавезаш хилла. И бахьанехь бисинчу вежарша хьагI лаьцна цуьнца. Шен берех цхьадерш вукхарал алсам дезар къа долуш хIума дац, амма вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оцу балхах ларло аьлла вайга, цара вовшашца хьагI лацарна кхерам болу дела. Шен шийтта шо кхаьчначул тIаьхьа, Юсуфана (Делера салам хуьлда цунна) тамашийна гIан дайна, стиглара седарчаша а, малхо а, батто а шена сужуд деш; цо иза шен дега Якъубе (Делера салам хуьлда цунна) дийцина. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Юсуфа ма элира шен дега (Якъубе): «ХIай сан воккха да‚ суна гина (гIенах) цхьайтта седа а‚ малх а‚ бутт а; суна гина уьш сайна сужуд деш».
(«Юсуф», 4)
Цунна гина болу цхьайтта седа – цуьнан цхьайтта ваша вара, малх а, бутт а – цуьнан да-нана дара.
Цо (Якъуба) элира: «ХIай сан жима кIант‚ и хьайна гинарг (гIан) ма дийцалахь хьан вежаршка – хьуна мекарло йийр ю цара. Баккъал а, шайтIа билггал адаман мостагI ду. Иштта хьан Дала хоржур волуш ву хьо‚ хьуна Iамор долуш ду Цо гIенаш тидар‚ хьуна а, Якъубан доьзална а Шен ниIмат кхочушдийр долуш ду Цо‚ Ша хьалха хьан дайшна – ИбрахIимна а‚ Исхьакъна а кхочушдина хиларе терра. Баккъал а, хьан Дела Хууш верг а‚ Хьекъале верг а ву».
(«Юсуф», 5-6)
ХIара дийцар Дала дийцина, хоьттуш болчаьрга цунах масал эцийтархьама. Жуьгташа Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дехна хилла, Юсуф-пайхамарх (Делера салам хуьлда цунна) лаций шайна дийцахьара аьлла, тIаккха Дала цунах лаьцна Къуръанан дуьззина сурат доссийна. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, Юсуфехь а, цуьнан вежаршкахь а билгало яра хоьттучарна. Цара элира: «Юсуф а, цуьнан ваша а (Биньямин) вайл дукхавеза вайн дена, ткъа вай цхьа тоба ма ю, баккъал а, и вайн да билггалчу тиларчохь ву-кх».
(«Юсуф», 7-8)
Уьш вовшех дагабевлла, церан оьгIазло а, Юсуф цавезаран хьагI а совьяьлла, иза вен бен ойла йоцуш. Цара аьлла: «Юсуф ве я цхьана (кхечу) махкахь дIакхосса – шун ден юьхь шуна тIейоьрзур ю, цул тIаьхьа дика къам хир ду шух». Царах олучо элира: «Юсуф ма ве, гIу чу кхосса иза, и ца дича шаьш Iаш дацахь – цхьаболчу новкъа боьлхучу наха схьавоккхур ву иза».
(«Юсуф», 9-10)
Оцу балха тIехь барт хилла церан, тIаккха шайн да волчу бахана уьш. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цара элира: «ХIай тхан да! Ахь хIунда ца вуьту Юсуф тхох тешна‚ тхо цунна хьехамчаш ма ду! Ваийтахь и тхоьца кхана шен самукъадаккха (зовкх хьега)‚ ловза а‚ оха и Iалашвийр ву».
(«Юсуф», 11-12)
Якъуб-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) царна жоп делла, цхьана сохьтана а Юсуфах (Делера салам хуьлда цунна) къаста хала ду шена, шу гIопал а хилла, иза барзо ваарна кхоьру ша, аьлла. Берзалой дукха йолуш мохк хилла иза. Якъуб-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) реза хиллалц дехарш дина цара, шаьш Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) ларвийр ву, бохуш. Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) вига а вигна, гIу чу кхоьссина цара. Суьйранна, белха а боьлхуш, цIа баьхкина уьш, цуьнан коч йохьуш, цунна тIе цIий а хьаькхна. Шайн дега, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) барзо виъна, аьлла цара. Якъубана (Делера салам хуьлда цунна) хиъна уьш харцлуьйш хилар. Куча тIе а хьаьжна, цо цаьрга аьлла: «Ма къинхетаме борз хилла иза, коч а ца ятIош сан кIант виъна йолу».
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Уьш баьхкира цуьнан (Юсуфан) куча тIехь харц цIий долуш. Цо (Якъуба) элира: «Шун синоша цхьа гIуллакх хаздина шуна. Собар дар дика ду-кх», Дела ву-кх аша хIотточу суьрта тIехь Шега гIо деха хьакъ верг».
(«Юсуф», 18)
Мадъян махкара Мисара (Египет) йоьдуш йолу къепал кхаьчна гIу тIе. Цара шайна мала хи эца гIу чу чийлак кховдийча, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) оцу тIе кхозавелла хьалаваьлла. Цуьнан оцу хенахь 12 шо хилла. Шаьш Мисара дIакхаьчча, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) воьхкина цара цигахь волчу министрана. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Мисарара и ша эцначо шен зудчуьнга элира: «Хазделахь цуьнан Iар-вахар (вайн хIусамехь)‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай цунах вайна кIант вийр ву».
(«Юсуф», 21)
Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) воккха хилча, Дала цунна кхетам а, гIенаш тидаран хаар а делла. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «И пхийттара ваьлча, Оха цунна кхетам а‚ Iилма а делира. Иштта бекхам бо Оха дика деш болчарна».
(«Юсуф», 22)
Юсуфна (Делера салам хуьлда цунна) Дала хаза куц делла хилла. Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Дала стигала ваьккхинчу буса Юсуфна (Делера салам хуьлда цунна) дуьхьалкхетта, цо цунах лаьцна аьлла: «Баккъалл а, дуьненан хазаллех ах (Дала) шена елла вара иза». Цуьнан хазалла шена гуш йолчу Зулайхас Юсуфана (Делера салам хуьлда цунна) шен дагара хаийтина. Цхьана дийнахь неIарш дIа а къевлина, шеца зина де аьлла хьовзийна иза Зулайхас. Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) реза ца хилла, цо аьлла: «Дала ларвойла! Баккъал а, (хьан хIусамда) – иза сан эла ву‚ цо сан Iар-вахар хаза дина‚ баккъал а, ирсе хир бац зуламхой».
(«Юсуф», 23)
Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) неIарна тIе хьаьдда‚ тIаьхьа яьллачу Зулайхас цуьнан коч тIехьахула катоьхна ятIийна. ТIаьххьарчу неIарна тIе кхаьчча, цаьршинна дуьхьал кхетта цуьнан эла. Кхераеллачу Зулайхас Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) бехке вина, и шена ямарт хила гIоьртина, аьлла. ТIаккха Делан лаамца агана чохь долчу беро тоьшалла дина: «Нагахь санна цуьнан коч хьалхахула яьтIийна елахь – и бакъ ю‚ ткъа иза харцлуьйчарах ву. Нагахь санна цуьнан коч тIехьахула яьттIа елахь – и харц ю‚ ткъа иза бакълуьйчарах ву».
(«Юсуф», 26-27)
Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) бехке цахилар гучудаьлла царна тIаккха. Шахьарахь болчу зударшна юкъахь эладита даьржина, Зулайхас шен хIусамехь волчу кIантана дагара хаийтина, бохуш. Цара ша бехке еш хабарш дуьйцуш хилар шена хиъча, Зулайхас цхьана дийнахь ша йолчу хьошалгIа кхайкхина уьш. Царна хьалха стоьмаш бехкина, хIора зудчун кара урс а делла, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) схьакхайкхина Зулайхас. Цуьнан хазаллех цецбевлла, шаьш хIун леладо а ца хууш, цара шайн куьйгаш а хедийна, аьлла: «ХIара адам дац! ХIара сийлахь малик ду!»
(«Юсуф», 31)
ТIаккха Зулайхас аьлла: «И ву-кх шуна аша суна шен хьокъехь бехкаш бехкинарг! Ас цунна дагара хаийтира – иза чIогIа ларвелира. Ас шега омра дийриг цо ца дахь‚ набахти чу вуллур ву иза». («Юсуф», 32)
Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) везавелла царна, цкъа бен шайна иза гина воццушехь; Зулайхас хьайга де бохучунна реза хила хьо, аьлла цара цуьнга. ТIаккха Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) Деле доьхуш доIа дина: «ХIай сан Дела, набахте дукхаезаш ма ву со цара соьга де бохучул а».
(«Юсуф», 33)
Дала цуьнан доIина жоп делла, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) цхьана ханна набахти чу воьллина цара. ВорхI шарахь бехк боцуш набахтехь лаьттина иза. Мисарахь волчу паччахьна тамашийна гIан дайна, берстина ворхI етт озачу ворхIамма бууш‚ баьццара ворхI кан а‚ важа ворхI кан бакъабелла болуш. Шена гина гIан тида аьлла цо шен Iеламнахе. Цара жоп делла, ийна гIенаш ду хьуна гинарш, иштта гIенаш тида хууш дац шаьш, аьлла. Юсуфаца (Делера салам хуьлда цунна) цхьаьна набахти чохь лаьттинчу паччахьан чагIардоккхучо чIагIдина, шена вевза и гIан туьдур верг, аьлла. Набахтехь волчу Юсуфе (Делера салам хуьлда цунна) дийцина цо паччахьна гина гIан, и туьдуш Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) цуьнга аьлла: «ВорхI шарахь тIеттIа дика ялта дуьйр ду аша‚ шаьш гулдинарг – иза кена чохь диталаш, шаьш дуучух цхьакIезиг доцург. Цул тIаьхьа хала (йокъа йолуш) ворхI шо догIур ду, цара дуур ду аш царна хьалха кечдинарг, аша Iалашдеш долчух цхьакIезиг доцург. Цул тIаьхьа цхьа шо догIур ду‚ шена чохь нахана дика догIа доьлхур долуш‚ шена чохь цара (стоьмех) мутта доккхуш».
(«Юсуф», 47-49)
ЧагIардоккхучо паччахье и дийцича, цо ша волчу Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) схьавалаве, аьлла. Ша волчу геланча веача, Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) цуьнга аьлла: «Хьайн эла волчу юхаверза‚ ахь цуьнга хатта: «Шайн куьйгаш хедийначу зударех хIун хилла? Баккъал а, сан Дела церан мекарлонаш хууш ма ву».
(«Юсуф», 50)
Паччахьа таллам бича, цунна хиъна Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) бехк боцуш чувоьллина хилар. Зулайхас мукIарло дина, ша яра цунна дагара хаийтинарг, ткъа цуьнан цхьа а бехк бац, аьлла. Паччахьа Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) шена тIевалаве, аьлла. Цуьнца шен къамел хилча‚ цо аьлла: «Хьо тахана тхуна гергахь доккха дарж долуш верг а‚ тешаме верг а ву».
(«Юсуф», 54)
Магомедов С.
 
https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна
 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*