Юсуф-пайхамарх лаьцна (Делера салам хуьлда цунна)

(Чаккхе. Юьхь еша 6-чу лоьмарехь)
Юсуфан (Делера салам хуьлда цунна) лаамца паччахьа иза лаьттан хазнина тIехIоттийна. ВорхI шо деана догIанаш догIуш, дIадийна ялта дика кхуьуш. Цул тIаьхьа Мисарахь а, кхийолчу меттигашкахь а йокъа хIоьттина. Массо а меттера нах ялта эца богIуш хилла Мисара. Юсуфан (Делера салам хуьлда цунна) вежарий а баьхкина цига ялта эца, цунна уьш бевзина, амма царна и ца вевзина. Цаьрга хаьттина цо, кхин цхьа а ваша вуй шун, аьлла. Цара жоп делла, дена вина ваша ву, аьлла. Царна ялта доьхкина, уьш дIабохуьйтуш, Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) цаьрга шайн дена вина ваша валаве, аьлла. Нагахь и ца валавахь, шуна ялта духкур дац ша, аьлла цо. Шаьш цIа баьхкича, шайн дега Якъубе (Делера салам хуьлда цунна) дийцина цара паччахьа шайга аьлларг. Биньямин шайца ваийтахьара аьлла, дехар дина цара шайн дега. ЯIкъуба (Делера салам хуьлда цунна) царна жоп делла, ша Биньямин воуьйтур ву шуьца, аша Делаца чIагIо яхь, шаьш дийна а, маьрша а долуш иза цIа ца валош вуьтур вац‚ аьлла. Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) волчу уьш баьхкича, цо шен ваша маравоьллина, ша цуьнан ваша вуй хаийтина. Иза ша

волчохь сацон ойла хилла цуьнан. Церан тIоьрмигаш чу кIа духкучу хенахь, Биньяминан тIоьрмига чу ялта дустуш болу дашо кад биллийтина цо. Уьш новкъабевлча, царна тIаьхьа мохь а тоьхна, шу къуй ду, аьлла. Церан тIоьрмигаш чу хьаьжначул тIаьхьа, Биньяминан тIоьрмига чуьра хьалабаьккхина дашо кад. Иштта, Дала аьтто бина Юсуфан (Делера салам хуьлда цунна) шен ваша ша волчохь сацон. Шайн дега Якъубе (Делера салам хуьлда цунна) шаьш йина чIагIо дагаеана, цара дехар дина, цуьнан метта шайн юкъара цхьаъ лацахьара, аьлла. Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) шайн дехарна жоп ца делча, догдиллина дIабахна уьш. Хьан кIант Биньямин къола дар бахьанехь схьалаьцна, аьлла цара шайн дега. Якъуба (Делера салам хуьлда цунна) цаьрга аьлла: «ХIаъ! Шун синоша цхьа болх хазбина шуна. Собар дар дика ду-кх».
(«Юсуф», 83)
ТIаккха царна къайла а ваьлла, чIогIа вилхина иза, шен гIайгIа-бала Деле балхош. Цул тIаьхьа цо аьлла: «ХIай сан кIентий! ДIагIо‚ Юсуфах а, цуьнан вешех а лаьцна таллам бе. Делан къинхетамах дог ма дилла. Баккъал а, Делан къинхетамах дог дуьллур ма дац Делах ца тешачу къомо бен».
(«Юсуф», 87)
Шаьш Мисара кхаьчча, Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) волчу бахана уьш. Цара цуьнга балхам бина, шайга хало, мацалла а кхаьчна, аьлла. Юсуфе (Делера салам хуьлда цунна) шайна сагIина ялта лахьара, аьлла, дехар дина цара. ТIаккха Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) цаьрга аьлла: «Шуна хиъний‚ шаьш жехIил долуш Юсуфах а‚ цуьнан вешех а шаьш хIун дина?»
(«Юсуф», 89)
Вежаршна хиъна, иза шайн ваша Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) вуйла, цара аьлла: «Баккъал а, хьо Юсуф вуй?» Цо царна жоп делла: «Со Юсуф ву, хIара сан (нанас вина) ваша а ву. Дала къинхетам бина тхох. Баккъал а, Делах кхоьруш верг а‚ собар деш верг а (Дала Iалашво), баккъал а, Дала ца эшайо дика дечеран ял».
(«Юсуф», 90)
Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) дIабахийтина уьш, шайн берриге а доьзалш балош ша волчу схьадуьйла, аьлла. Цо шен коч а яхьийтина цаьрга, шен ден юьхьа тIе хьакха и, цунна бIаьрса юхадогIур ду, аьлла. Цара Юсуфан (Делера салам хуьлда цунна) коч шайн ден юьхьа тIе хьаькхча, цуьнан бIаьрса юхадеана. ТIаккха уьш берриге а Юсуф (Делера салам хуьлда цунна) волчу баьхкича, шен да-нана мара а къевлина, цо аьлла: «Чоьхьадовла Мисарна‚ Дала мукъ лахь‚ маьрша а долуш!»
(«Юсуф», 99)
Шен да-нана паччахьан гIанта тIе охьа а хаийна, уьш цунна сужуде бахана. ТIаккха Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) аьлла: «ХIай сан хьоме да, хIара ду-кх суна хьалха гинчу гIенан тидар‚ сан Дала бакъ дина иза. Цо суна дика дина, со набахти чуьра араваккхарца‚ гIум-арара шу схьадалорца – шайтIано суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тIаьхьа. Баккъал а, сан Дела тIех Къинхетаме ву-кх Шена луучуьнца. Иза хууш верг а ву‚ хьукма нийса деш верг а ву».
(«Юсуф», 100)
Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен чохь баккхий баланаш лайна, цул тIаьхьа доккхачу дарже а кхаьчна иза. И дерриге а хьелаш шега кхаьчча, Везчу Деле ша ийманехь а волуш валийтар дехна цо: «Сан Дела‚ баккъал а, Ахь паччахьалла а делла суна‚ Ахь суна гIенаш тидар а Iамийна‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг – Хьо ву-кх сан доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а‚ Ахь со валийталахь, бусалба а волуш‚ со дикчу нахах а тохалахь!»
(«Юсуф», 101)
ХIокху вай дийцинчух схьалаца дезарг
1. Дена тIехь декхар хилар, шен доьзалшна юккъехь нийсо яр а, царах цхьаберш шена вукхарал алсам безаш хилар хьулдар а (цара вовшашца хьагI лацарна кхерам болу дела).
2. Шена гина долу хаза гIан уггаре а шена везачунна дийцар а, кхиболчарах хьулдар а пайден хилар.
3. Шега бала кхаьчначу хенахь, Далла тIе болх а биллина, собаре хилар – иза пайхамарийн (Делера салам хуьлда царна) гIиллакх хилар.
4. Дала Шен гергара нах дIатесна буьтуш цахилар а, уьш бехке цахилар гучудаккхар а, агана чуьра бераш царна тоьшаллина хIиттийна а.
5. Зударийн мекарло йоккха хилар.
6.Баккъал а, Шех кхоьруш, Шена муьтIахь болчу наха динчу доIина Дала жоп луш хилар.
7. Дала Ша цхьа къам балица зийча, дуьненахь а, эхартахь а цунна диканца бекхам беш хилар.
8. Муьлхха хьал хIоьттича а, Делан къинхетамах догдилла цамагар.
9. Дикчу стагана гина долу хаза гIан бакъ хуьлуш хилар.
10. Юсуфа (Делера салам хуьлда цунна) дехна ма-хиллара бусалба а волуш ша валийтар дехар – иза массо а бусалба стеган декхар хилар.
Магомедов С.
https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*