Юнус-пайхамарх лаьцна (Делера салам хуьлда цунна)

Юнус-пайхамар ИбрахIиман (Делера салам хуьлда цаьршинна) тIаьхьенах ву. Цуьнан ден цIе Матта хилла. Веза-Сийлахьчу Дала Юнус (Делера салам хуьлда цунна) элча вина вахийтина Iиракъехь йолчу Найнава олучу юьртан охIланна. Шена чохь бIе эзар сов адам дехаш йоккха юрт хилла и. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха вахийтира иза бIе эзарна (дуккха а нахана) тIе я цул сов болчаьрга». «Ас-Соффат», 147.
Ибн Касийра (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина, оцу юьртахь дуккха жIараш яра, адамаша царна Iибадат деш, аьлла. Юнуса (Делера салам хуьлда цунна) масийтта шарахь Веза-Сийлахьчу Далла Iибадат даре кхайкхина уьш. Бакъду, уьш керсталла дечуьра юхабовлуш ца хилла, цара Юнус-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) харцвина. Шайгахь йолчу Iесаллица дозанал тIехбевлла, цунна кхерамаш тийса буьйлабелла уьш, цул хьалха баханчу пайхамаршна (Делера салам хуьлда цунна) кхерамаш тийсарх терра. ТIаккха Юнус (Делера салам хуьлда цунна) оьгIаз а вахана, царна юкъара дIавахана. Цо царна чIагIо йина, кхо де даьлча, цаьрга Делера Iазап кхочур ду, аьлла. Делера пурба доцуш, шен къам дитина, хIорда йисте вахана Юнус (Делера салам хуьлда цунна). Стиглахь Iаьржа мархаш гучуевлла, ткъес детта а доладелла. Юьртан охIланна хиъна, Юнуса (Делера салам хуьлда цунна) чIагIо йина долу Iазап шайна тIе досса герга дуйла. Дала царна дагатесна тоба а дина Шега берзар. ТIаккха уьш берриге а цхьана майданахь гулбелла. Деле ийман диллина, Цунна хьастабелла, кхаа дийнахь боьлхуш, шайна гечдар дехна цара. ТIаккха Везчу Дала Шен къинхетамца царна тIедан кечделла долу Iазап дIаайбина. Цундела Веза-Сийлахьчу Дала Къуръана чохь аьлла: «Ийман диллина цхьа а юрт хиллий ткъа, цуьнан иймано цунна пайда а беш, Юнусан къам доцург? Цара ийман диллича, Оха айдира царах дуьненан дахарехь сийсазаллин Iазап‚ Оха дика а хьегийтира цаьрга цхьа хан тIекхаччалц». «Юнус», 98.
Юнусана (Делера салам хуьлда цунна) шен къомах хилларг хууш ца хилла. Дала дина омра а доцуш, иза адамех доьттинчу хIордкемана тIехиъна. Кема дехьо даьлча, хIорд ловзабаьлла, уьш хIаллакьхила гергабахана. Кема дайдархьама, цунна тIера маххьаш хIорда чу кхийсина цара, амма и дайлуш ца хилла. ТIаккха шайна юкъахь кхаж таса барт бина цара, кхаж баьлларг хIорда чу кхуссур волуш. Дуьххьарлера кхаж Юнус-пайхамарна (Делера салам хуьлда цунна) баьлла, амма царна и хIорда чу кхосса ца лиъна. ШозлагIа а, кхоазлагIа кхаж тесна, тIаккха а Юнусан (Делера салам хуьлда цунна) кхаж баьлла. Цунна хиъна ша Далла хьалха бехке хиллий, иза дохковаьлла Цуьнгара пурба а доцуш ша дIавахарна. Цара иза хIорда чу кхоьссича, хIорд карзахбаьллачуьра сецна. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, Юнус элчанех ма ву. Иза ведира (шен къомах) дуьззинчу кемана тIехь. Цо кхаж тесира – иза эшначарах хилира. И кхаьллира боккхачу чIеро, и бехке а волуш». «Ас-Соффат», 139-142.
Веза-Сийлахьчу Дала оцу чIере омра дина, цуьнан жижиг ма даа, цуьнан даьIахкаш ма кегъе, иза хьан рицкъа дац, аьлла. Юнус-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) оцу чIеран кийрахь шовзткъа дийнахь лаьттина. Ша чIеран кийрахь волчу хенахь, цунна хезна хIорда чохь долчу Iаламо Далла деш долу тасбихь. Иштта Дала цунна дагатесна Шена тасбихь дар. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Боданашкахь волуш (Деле) кхайкхира иза: «Ла илахIа илла Анта, субхьанака, инни кунту миназзалимийн (Хьо воцург кхин Дела вац‚ Хьоьца там боцчух цIена ву-кх Хьо‚ со хилла-кх зулам диначарах)». «Аль-Анбияъ», 87.
Делера пурба а доцуш, шен къам а дитина дIавахар бахьана долуш кхаьчна цуьнга и хьал. Юнуса (Делера салам хуьлда цунна) юх-юха а тасбихь дина: «Ла илахIа илла Анта, субхьанака, инни кунту миназзалимийн», – ша олуш.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха цунна жоп делира‚ иза сингаттамах кIелхьарваьккхира‚ иштта кIелхьарбоху Оха муъмин нах». «Аль-Анбияъ», 88.
Веза-Сийлахьчу Дала Юнуса (Делера салам хуьлда цунна) дечу доIина жоп делча, оцу чIеро хIорда йисте а беана, шен кийрара охьатесна иза.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, иза ца хиллехьара тасбихь дечарах, вуьсур ма вара цуьнан кийрахь уьш юхадендечу (къемат) дийне кхаччалц. Оха иза кхоьссира есачу аренга, иза цомгаш а волуш. Оха далийтира цунна туьтен (гIабакхан) дитт». «Ас-Соффат», 143-146.
ГIабакхан дитт хIунда хаьржина Дала? Iеламнаха жоп делла: «Дала и хаьржина, цуьнан даккхий гIаш а, хаза хьожа а йолу дела, цунна герга сагалматаш (насекомые) ца йоьлху дела». Дала цунна тIе Iуьйрана а, суьйрана а газа йохуьйтуш хилла, цуьнан шура молуш и хене валийтархьама. Цунна гIоли хилча, Дала иза юха а дин кхайкхон вахийтина. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха вахийтира иза бIе эзарна (дуккха а нахана) тIе я цул сов болчаьрга. Цара ийман диллира, тIаккха Оха дика хьегийтира цаьрга цхьа хан тIекхаччалц». «Ас-Соффат», 147-148.
ХIокху дийцарехь боккха хьехам бу, Делан къинхетамах дог ца дуьллуш, нах нийсачу новкъа бохуш къахьега дезаш хиларна тIехь. Имам Бухарис хьадис далийна, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьанна а лайна товш дац ша алар: «Со Маттан кIантал Юнусал дика ву».

ХIокху вай дийцинчух схьалаца дезарг

1. Юнус-пайхамар ИбрахIиман (Делера салам хуьлда цаьршинна) тIаьхьенах волуш, веза пайхамар хилар.
2. Пайхамарш (Делера салам-маршалла хуьлда царна) харцбинчу, Iесаллехь дозанал тIехбевллачу нахана тIе Дала Iазап доссош хилар.
3. Шайгара дийлинчу къиношна дохко а бевлла, тоба дина, Шега бирзинчарна Дала гечдеш хилар.
4. Юнус-пайхамаре (Делера салам хуьлда цунна) кхаьчна йолу сийсазалла – Делера пурба доцуш, шен къам дIатесна и дIавахар бахьанехь кхаьчна хилар.
5. «Ла илахIа илла Анта, субхьа-нака, инни кунту миназзалимийн» деза тасбихь хилар.
6. Дала кхоьллина мел долу халкъ Цунна тасбихь деш хилар.
7. Ша кхоьллина халкъ Дала риц-къа ца луш тесна дуьтуш цахилар.
8. Делан къинхетамах дог ца дуьллуш, нах нийсачу новкъа бохуш вай массара а къахьега дезаш хилар.
Магомедов С.

 

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*