Элчанан хаза дийцарш (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

1014598885

«Тамашийна бу-кха муъма (ийман диллинчу) стеган болх! Баккъал а, цуьнан болх берриге а цунна дика бу-кха. Иза цхьанна а дац, муъминна бен. Шен самукъадаьлча (дика болх хилча), Далла хастам бо цо, тIаккха иза цунна дика (мел болуш) хуьлу, шега сингаттам (бала) кхаьчча, собаре хуьлу иза, тIаккха иза а цунна дика (мел болуш) хуьлу».
«Бусалба стаге ца кхочу кIадвалар а, цамгар а, бала а, гIайгIа а, цатам а, сингаттам а, цунна Iотталуш долу кIохцалг а, Дала уьш бахьана долуш цуьнан цхьадолу къинош дIадохуш бен».
«Аш билла ма-беззара болх АллахIана тIе биллахьара. Цо шуна рицкъа лур ма дара, олхазарна рицкъа даларе терра, Iуьйранна меца дIадоьдуш, суьйранна дуьзна цIадогIуш долчу».
«Ши ниIмат ду, дукхахболу нах (даима лаьттар ду моьттуш) шаьшшиннах Iехабелла: могашалла а, паргIато а (мукъа хан)».
«Веллачунна (иза кешнашка дIахьош) тIаьхьа дозу кхо хIума: цуьнан охIла а, даьхни а, цуьнан Iамал а. Шиъ юхадоьрзу, цхьаъ бухадуьсу: цуьнан охIла а, даьхни а юхадоьрзу, цуьнан Iамал – бухаюьсу».
«Ялсамане шух хIоранна герга ю – цуьнан мачийн лаламел а, жоьжахате а ю и санна» (юкъахь валар бен доцуш).
«Iуьйранна маьждиге ваханарг я суьйранна юхавеанарг, АллахIа цунна ялсамани чохь хьешана буьллу кхача кечбо, иза Iуьйранна дIа мосазза ваха, суьйранна цIа мосазза веа».
«Ийманан кхузткъе иттаннал я кхузткъанал сов дакъа ду, царах уггаре а дезаниг (Ла илахIа ИллаллахI) боху дош ду, царах уггаре а лахарниг цатам бо хIума новкъара дIаяккхар ду, эхь хетар – ийманан цхьа дакъа ду».
«ХIай, бусалба зударий, кIезиг ма хетийла лулахочунна шен лулахочунна (сагIийна я совгIатна) кховдо кIеззиг жижиг тIехь долу (уьстагIан) даьIахк а».
«Нийсоне нах кхойкхуш волчунна ю цунна тIаьхьаваьзначунна йоллучул ял, цо цунна йолах хIумма а эшор доцуш. Тиларе нах кхойкхуш волчунна ду цунна тIаьхьаваьзначунна доллучул къа, цо цунна къинойх хIумма а эшор доцуш».
«Сайн са шен карахь долчух дуй буу ас, аша диканиг де аьлла омра дийр ду, вониг ма де эр ду, я АллахI герга ма ву Шегара шуна тIе Iазап даийта, цул тIаьхьа аша Цуьнга доьхур ду, шуна ( доІина) жоп лур дац».
«Баккъал а, дуьне баьццара (шуна дукхабезаш болу мерза стом санна йолу) марзо ю, баккъал а, АллахIа шух верасаш дина оцу тIехь, тIаккха иза хьожу, аша Iамал муха йо. Дуьненах а (цо Iехорах), зударех а (церан питанах) кхера шу, баккъал а, Бану Исраилашна (Якъуб Пайхамаран тIехьенна) юкъахь хьалхара питана (тилабалар, безам, хIуманах цецбовлар) зударий бахьанехь хилла».
«Бакъо йоцуш, цхьа ге барамехь латта чулаьцначунна, гІомат йийр ю ворхI лаьттах». (Нехан хIума хьуна тIехь мел кIезиг делахь а, сихо ян еза иза дIадала, даккхийчех къа ду иза, нехан хIума шена дерзор).
«Бусалба стаг, бусалба нах маьрша битинарг ву, шен маттах а, шен куьйгах а». (Цхьанна а новкъарло цаяр йоккха Iамал ю).
«Бусалба стаг бусалба стеган ваша ву, цо цунна зулам дийр дац, цо иза мостагIчуьнга дIа а лур вац, шен вешин хьашт кхочушдеш хилларг, АллахI ву цуьнан хьашт кхочушдеш, бусалба стеган сингаттам байбинарг, АллахIа и бахьана долуш байбийр бу Къемат дийнахь цуьнан сингаттам, бусалба стаг хьулвинарг, АллахIа иза хьулвийр ву Къемат дийнахь».
«Со а, буобер шена тIелаьцнарг а ялсаманехь иштта хир ву-кха (аьлла), цо (АллахIера къинхетам, маршо хуьлда цунна) шен хьажо пIелг а, юккъера пIелг а лецира, тIаккха и шиъ дIасакъастийра цо». (Пайхамаран даржана а, буобер тIелаьцначун даржана а ялсамане чохь кхин юкъ яц бохург дара иза).
«ЗаьIап (гIийла) нах лохуш гIо дейша суна, баккъал а, заьIап нах бахьана долуш (Дала) гIо деш, рицкъа латтош ду шуна». (Цара Деле деш долу доIа а чIогIа даггара долу дела, шайн Iибадатехь церан Делах кхерар чIогIа долу дела, церан дегнаш дуьненан хазаллех тасаделла доцуш, паргIат долу дела, церан Далла тIетовжар даггара долу дела).
«Дуьне шех пайдаоьцуш хIума ду (дIадердолуш долу), оцу пайдаоьцучу хIуманах уггаре а диканиг – дика хилла йолу зуда ю». (Къонахчунна дуьнен чохь ирсе дахар а хилийта, Лекхаволчу Далла муьтIахь хуьлуш гIо а хилийта ялийна йолу).
«Зуда ялайо деа хIуманна: цуьнгарчу бахамна а, цуьнан тайпанна а (цIеяххана нах бу аьлла), цуьнгарчу хазаллина а, цуьнгарчу динна а: дин дерг ялаелахь, ахь иза ца дахь, беркатах вер ву хьо». (Дин долуш хилча, кхидолу сипаташ хиларх вуон хIумма а дац)
«Баккъал а, сан суннатах ду зуда ялор, (шена) со везначо сан суннат леладойла».
(ХIокху хьукмехь зудчунна а ду стагана дерриг, яхар мелехь ду цунна шен верасан пурбанца, верасана мел бу дин а, гIиллакх а долчуьнга иза яхийтича.
Зуда яло таро йоцчунна ца ялош Iер мелехь ду, Дала шен рицкъанна тІехь аьтто баллалц.
Зуда ядор доккха зулам ду, Исламаца догIуш хIума а дац).
«Со цхьаьнга омра деш хилча, цхьанна сужуд дарца, ас зудчуьнга омра дийр дара шен хIусумдена цо сужуд дарца». (Сужуд Далла бен дан мегаш дац, кхузахь лууш дерг – зуда шен хIусамдена муьтIахь хила декхарийлахь ю бохург ду).
https://instagram.com/zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*