Элчанан куц, амат (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

komar-fotobehangposter-kaaba-at-night-8-110

Ма́ликан кIантера Анасера (Дела реза хуьлда цунна) дийцина ду, Абу-Бакар Сидди́къа (Дела реза хуьлда цунна) шена Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) гича, олура аьлла, байтийн куьцехь:
«Тешамениг, хаьржина верг, дикане кхойкхург,
Бутт юккъе бахча,беттасан серло санна верг».
Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Iумара (Дела реза хуьлда цунна) хIара байташ олура, ЗухIайр ибн Аби Салма́с ХIирм ибн Сина́нах лаьцна аьлла йолу:
«Хьо адам доцуш, цхьа кхечу хIуманах велахьара,
Бутт юккъе бахча, серло лург хир вара хьо».
ТIаккха Iумара а, цуьнца хевшина Iачара а олуш хилла: «Иштта вара АллахIан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна), и воцург кхин цхьа а вацара оцу кепара».
Абу́ ТIа́либан кIанта Iе́лас аьлла (Дела реза хуьлда цунна): «АллахIан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) кIайчу басахь вара, бетталуш цIен бос болуш; чIогIа Iаьржа ши бIаьрг болуш; месаш шера йолуш (чIогIа хьийзина йоцуш); юькъа маж йолуш; лергадуьмеш тIе кхаччалц охьайовлуш месаш йолуш; гай тIера накхана тIекхаччалц болу месийн могIа буткъа (нийса) болуш; шен ворта чIогIа къегина дети тур санна (цIена, нуьре) йолуш; лакха накхана юккъера дуьйна цIонги тIекхаччалц охьайогIуш (юткъа, нийса) гIаж (я са́ра) санна месаш йолуш, уьш йоцург кхин шен гай тIехь я накхана тIехь месаш йоцуш; шина куьйган а, шина коган а пIелгаш стаммий (дуьззина, чIогIа) долуш. Ша́ волавелча, цхьана лекха гу тIера чувуссуш санна, я цхьана тIулга тIехь волалуш санна болар онда долуш вара иза (когаш текхор доцуш, дIасалестар доцуш, когаш тийссадалар доцуш). ДIавоьрзучу хенахь шен дерриге а дегIаца воьрзура иза. Цуьнан хьацар жовхIар санна (цIена а, сирла а) дара. Цуьнан хьацаран хьожа хаза хьожа йогIучу миск-IатIарал дика а, хаза а яра. (Дукха) лекха а вацара иза, лоха а вацара иза. Вон мотт болуш вацара иза, сийдоцу (сийсаз) хIума шеца долуш вацара иза. И саннарг цхьа а гина вац суна цул хьалха а, цул тIаьхьа а».
Иштта хIокху дешнашца дийцина а ду иза Iелигара (Дела реза хуьлда цунна): «Цуьнан шина белшаш юкъахь пайхамараллин мухIар дара (билгало яра), ткъа иза ша́ пайхамаршна юкъахь тIаьххьарниг ву, шел тIаьхьа кхин цхьа а пайхамар воцуш. Нахана юкъахь уггаре а комаьрша куьг дерг вара иза, нахаца лелочу юкъаметтигехь уггаре а комаьрша дог долуш вара иза, нахана юкъахь уггаре бакъболу мотт болуш (уггар цIена, бакъдолу къамел долуш) вара иза, уггаре а кIеда амал йолуш вара иза, нахаца йолчу юкъаметтигца уггар сийлахь, уггар дика верг вара иза. Дуьххьара ша́ гинарг шен лерамна шех озалур волуш, ткъа ша́ вовззалц шеца хан яьккхича, везалур волуш вара иза. Цунна куц лучо, иза вуьйцучо олура: «И саннарг гина вац суна, цул хьалха а, цул тIаьхьа а. Делера къинхетам а, маршалла а, массо диканаш а, лаккхара даржаш а хуьлда-кх цунна».
Iа́зибан кIанта ал-Бара́а аьлла: «АллахIан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) дукха лекха а воцуш, я лоха а воцуш, юккъерчу барамехь вара. Шина белшийн юкъ шуьйра йолуш вара. Лергадуьмеш тIе кхаччалц охьайовлуш месаш яра цуьнан. Дуьйхина цхьа цIен духар долуш гира суна иза цкъа. Цул хаза цхьа а хIума гина дац суна, Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна».
Хуза́Iа тайпанах хилла йолчу Умм МаIбада аьлла, Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) куц дуьйцуш: «Къаьсташ хазалла йолуш, кIайн, серла юьхь йолуш стаг гира суна. Шен кхоллар (дегIан куц-кеп) хаза долуш. Олладелла доккха гай хиларан сакхт доцуш, корта жима хиларан сакхт доцуш. Шен хазалла гуш-евзаш йолуш, шен юьхь хаза (кхоьллина) йолуш. БIаьргаш чIогIа Iаьржа дара цуьнан, бIаьрган негIарийн чоьш деха а, хьийзина а дара цуьнан. Аз (гIеххьа) стоммалла йолуш дара цуьнан, мелла а йиш хаьлча санна а дара иза. Ворта (мелла а) еха яра цуьнан, сирла (къегина) а яра иза. Маж юькъа яра цуьнан. Ши цIоцкъам деха, гIеххьа хьаьвзина а долуш, даьржина а доцуш, хоттаделла а долуш дара цуьнан. Къамел деш воцучу хенахь сийлахьалла хуьлура цунна тIехь, ткъа иза вистхилча, (шена гонаха болчарна юкъахь) хьалаайлора иза, исбаьхьалла хуьлура цунна тIехь. Генара (гича) нахана юкъахь уггаре а тайна, уггаре исбаьхьа вара иза; ткъа юххехь хилча уггаре а хаза, уггаре а диканиг вара иза. Къамел мерза долуш вара иза; къаьсташ долуш а вара иза: цакхеттал кIезиг а дацара иза, кIордадаллал дукха а дацара иза; цхьаъ вукхул тIаьхьа догIуш, охьадогIуш долу тайна тIетесна туьтеш санна дара цуьнан къамел. Юккъерчу барамехь вара иза, дукха лекха хиларна къаьсташ а вацара иза, я лоха хиларна шена тIера бIаьрг бодур болуш а вацара иза (мелхо, бIаьрго къобалвеш, гича, лераме хир волуш вара иза).
Шина гена юкъахь (юккъерчу барамехь) га дара иза. Цу кхааннах уггаре а исбаьхьа куц-кеп дерг вара иза, сийлахьаллехь уггаре а алсам верг а вара иза.
Накъостий бара цуьнан, цунна гонаха хьийзаш; и вистхилча – цо олучуьнга ладугIура цара, цо цхьаъ де аьлча, и кхочушдарна сихо йора цара. Цара ша вазвеш, цара шен гIуллакх деш (цунна оьшучуьнга уьш хьовсуш), уьш (даим) шена гуо бина (шен гIуллакхна дIахIиттина Iаш) хуьлуш верг вара иза. Юьхь хе́бош вацара иза, я дукха бехкаш дохуш вацара иза».
Анса́рех хилла волчу Ма́ликан кIанта Анаса (Дела реза хуьлда цунна) АллахIан Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) куц дуьйцуш аьлла: «Юккъерчу барамехь вара иза, дукха къаьсташ волчу кепара лекха а воцуш, я чIогIа лоха а воцуш. Бос сирла, кIай болуш вара иза, шарула кIай воцуш (масала кир санна воцуш), Iаьржа а воцуш. Месаш дукха чIогIа хьийзина а яцара цуьнан, дукха шера а яцара, гIеххьа хьийзина яра (тулгIеш санна)».
Абу ХIа́латан кIанта ХIинда аьлла: «АллахIан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) веза-воккха а, кхечара ша́ вазвеш а хилла стаг вара. Бутт юккъе бахча, лепаш болу стиглара бутт санна лепаш яра цуьнан юьхь. Юккъера волчул (жимма) лекха а волуш, вуткъа-веха волчул лоха а волуш, корта боккха а болуш, гIеххьа хьийзина месаш а йолуш вара иза. Шен месаш екъалучу хьолехь еха хилча, аьтту агIор а, аьрру агIор а шина де́къе́ йоькъура цо, вуьшта, цо уьш оьхьахецча, цуьнан шина лергадуьмел сов ца йовлура цуьнан месаш.
Сирла, кIай бос болуш; шуьйра хьаж долуш; ши цIоцкъам деха, гIеххьа хьаьвзина долуш, бIаьргийн тIехуле́ дIалоцуш (деха) долуш, хоттаделла доцуш, шаьшшина юкъахь пха болуш, оьгIаз вахча тIеболуш болу. Мара лакхахь айбелла болуш, юккъера (жимма) горгбелла болуш, йистош нийса йолуш, (бо́ца боцуш, жимма) бе́хо́ болуш, тIехь нур долуш, дикка ца хьаьжначунна цуьнан меран даьIахк хьалааййелла ю, йоккха ю аьлла хетар долуш.
Маж юькъа йолуш; ши бIаьрг чIогIа Iаьржа болуш; ши бесне нийса йолуш (аратаьIна ерстина йоцуш); бат шуьйра йолуш; цергаш кIай а, йистошкахь ира а йолуш, хIора шина церга юкъахь херо йолуш.
Лакха накхана тIера лаха гай тIе охьабоьду месийн могIа нийса болуш; шен ворта суьрта тIехь йиллича санна (хаза), дети́н бос санна (сирла, цIена) йолуш.
Шен кхоллар юккъерчу барамехь долуш; дегI доккха долуш; дилха (олладелла доцуш) онда долуш; гай (олладелла доцуш) накха санна долуш; накха шуьйра болуш, белшашна юкъара юкъ йоккха йолуш; хуттургашкара даьIахкаш яккхий (онда) йолуш.
Духаро хьулйъеш йолу меже гучуяьлча, иза нуьре йолуш; на́кхана лакхара дуьйна цIонги тIекхаччалц хоттаелла охьайогIуш тай санна (нийса могIа санна) месаш йолуш, уьш йоцург некха тIехь дехьа а, сехьа а, гай тIехь а кхин месаш йоцуш, шина пхьаьрса тIехь а, шина белшаш тIехь а мелла а месаш йолуш.
Ши пхьарс дол долчу меттехь беха болуш, куьг шуьйра долуш; куьйгийн, когийн пIелгаш онда, дилханах дуьзна долуш, (юккъерчу барамехь) деха долуш; пхьаьрсийн, настарийн даьIахкаш нийса йолуш; когийн кIело юккъехь хьалатаьIна йолуш; когаш тIехулара (чкъор) шера долуш, тIедоьттича тIехь хи соцур доцуш.
Ша́ дIаволавелча, шен ког (текха ца беш) хьалаайбора цо, (ког охьабуьллуш цу тIевазлучу хенахь мелла а) дехьа-сехьа а таьIаш, меллаша, тийна болар дора цо, ког баккхар сиха а, шуьйра (гена) а долуш. Цхьана лекхачу меттера охьавогIуш санна (дикка ког буьллуш, онда) болар дара цуьнан. Ша дIавоьрзучу хенахь шен дерриге а дегIаца дIавоьрзура иза.
БIаьрса тийна-таьIна хуьлура цуьнан (бIаьргаш дукха дIасахьежор доцуш, дIасакъерзар доцуш); (ша вистхуьлуш воцучу хенахь) лаьтта хьежар стигала хьежарал алсам хуьлура цуьнан; дукхахдолу цуьнан хьажар бIаьрг цхьана хIуманна тIебоьгIна хьажар доцуш, тIеххула дIа хьажар дара.
Шен асхьабаш шел хьалхабохий хуьлура цуьнан, буьйлабелла уьш боьлхуш хилча. Шена дуьхьал кхеттачуьнга хьалха салам а лора цо».
Имам Iабдул-ГIани
ал-Макъдиси
Гочдинарг – Адаман
Султанан Олхазар

https://instagram.com/zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*