ЭЛЧАНАН АСХЬАБАШНА ТА1ЗАР ДАР (Аллах1ера къинхетам, маршо хуьлда цунна)

 Ислам динан юьххьехь цхьа а,
ТаIзар даза ца висира.
Ийман диллинчу цу наха,
Iазап ларца догIмаш зийра.
 
Хаббаб аьчкан пхьар ма вара,
ЧIогIа Iазап лайна вара.
Пайхамарна-Мухьаммадна,
Дукхавезаш иза вара.
 
Умму-Анмар боху зудчо эцна,
Цунах шена лай винера.
Ислам динах шена хезча,
Хаббаба ийман диллинера.
 
Умму-Анмар карзахъяьлла,
Цунна Iазап дан юьйлира.
Ийман хIунда диллина аьлла,
ЦIийдина эчиг тIедиллира.
 
Ислам-дин дIатаса бохуш,
Оццул чIогIа ша хьийзаварх,
Кхин а чIогIа динехь чIагIлуш,
Ийманехь и сов волура.
 
ЭхI! Масане бу уьш бийца…
Царех цхьаъ ву Абу-Зарр а.
Бала лайнарг доьналлица,
ГIифар тайпана и вара.
 
Ийман дилла дагадеъна,
Шайн махкара Макка веъна,
Абу-ТIалибан кIентан хIусмехь,
И сецнера Iали волчохь.
 
Iали волчохь хьаша хилла,
Кхо де-буьйса цо даьккхира.
ТIаккха цо ша ийман дилла,
Элчанна тIе вигийтира (I.с.в.с.)
 
Цхьа а тайпа шеко йоцуш,
Цуьнца ийман цо диллира.
ТIаккха КаIбат долчу кхочуш,
Аз айдина цо кхайкхира:
 
«Ас дог тешна тоьшалла до,
АллахI воцург кхин Дела вац.
Делан Элча ас къобал во,
Мухьаммадун расулуллахI!» (I.с.в.с.)
 
Цатешарш гIевттира тIаккха,
Абу-Зарр хьовзийра цара.
ГIоьртира и дохковаккха.
И-м Делах сов тешна вара.
 
Исламан динах ца боха,
Хуьлура таIзар лан кийча.
Церан ницкъ кхочу сатоха,
Ислам-дин бакъ дин дуй хиъча.
 
И саннарш масане бара.
Царех цхьаъ – Хьабашин* Билал.
И цIена бусалба вара,
Iазап ловш сатоьхна Билал.
 
Уьш бийца хьакъ ма бу, бийца,
Дин толош шайн догIмаш зийнарш.
Цхьаннеах а йиш яц уьш хийца,
АллахI воцчух цакхийринарш.
 
Пашаев Нурди
 
https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна
 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*