Элчанан Амалш, гIиллакхаш, кхийолу дикаллаш (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

АллахIан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) нахана юкъахь уггаре а майра верг вара. Iелас дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Ши агIо чучча а яхана, тIом марса баьлча, АллахIан Элчанна (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) улле доьлхий, цуьнца ларлора тхо (мостагIех, тIеман буьрсаллех)».
Нахана юкъахь уггаре а комаьршаниг вара иза. Шега цхьа хIума ехча, цкъа а «хIан-хIа» аьлла дац цо.
Нахана юкъахь уггар кIеда-мерза хилла ву иза.
Дуьххьара далийначу нускалначул чIогIа эхь хетар долуш хилла ву иза; шен бIаьрса цхьана адаман юьхь тIедогIийна латтош ца хилла цо.
Ша шен дуьхьа бекхам беш ца хилла цо, шен дуьхьа оьгIазвоьдуш ца хилла иза. Делан дозанаш дохийча, Дала хьарам диначунна тIегIоьртича, Делан дуьхьа оьгIазвоьдуш хилла иза тIаккха. Иза АллахIан дуьхьа оьгIазваханчул тIаьхьа цхьана а адамо (я цхьана а хIумано) юхатухуш ца хилла (цо и вониг дIадаккхалц, и хьарам дерг цо нисдина даллалц).
Нийсонна тIехь, бакъонна тIехь цхьатерра хилла цунна гергарниг а, генарниг а, ницкъ болуш верг а, гIийланиг а.
Юучунна цкъа а вон хIума ца аьлла цо, шена езахь, юуш хилла цо, ца езахь, Iадъюьтуш хилла. АгIонна тIе дIатевжина а волуш, яахIума юуш ца хилла цо. Стоьла тIехь яахIума юуш а ца хилла цо.
Мегаш долчу цхьана а даарх ийзалуш ца хилла иза, шена хурма хилча, и юууш хилла цо, бепиг (кхаллар) хилча, и дууш хилла, еттина хIума карийча, иза а юуш хилла, кIен бепиг хилча, я мекхан бепиг нисделча, иза а дууш хилла, ткъа шена шура карийча, цунах тоам беш хилла цо. ТIедачу хурманца «паста» йиъна цо. Мерза хIума а, моз а езаш хилла цунна.
Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хIокху дуьненах къаьстира мекхан бепиг вуззалц цкъа мукъане диъна воцуш». «Мухьаммадан доьзалехь ши-кхо бутт бо́луш хилла, цуьнан хIусамехь кхача кечбан латош цхьа а цIе йоцуш. Церан кхача хи а, хурма а хилла».
СовгIат къобалдеш хилла цо, сагIанах хIумма юуш ца хилла цо, шена деллачу совгIатана дуьхьал (хIуъа елла а) цхьаъ луш хилла цо.
Кхачанехь, духарехь хаз-хазаниг, дик-диканиг лоьхуш ца хилла цо. Шена карийннарг, шена хилларг юуш хилла, тIеюхуш хилла цо.
Шен йоьхна мача ша тоьгуш хилла цо, шен тишъеллачу бедарна йома ша латош хилла цо, шен доьзалехь (хIусамехь) дечу гIуллакхехь да́къалоцуш хилла цо, цомгаш берш болчу зерате воьдуш хилла иза.
Нахана юкъахь уггаре а эсала хилла иза. Хьолахочо я мискачо, схьавалар муьлххачу а кепара долчо шега хьошалгIа кхайкхича, воьдуш хилла иза цига.
Миска нах безаш хилла цунна, церан тезета воьдуш хилла иза, царах цомгаш верг волчу зерате воьдуш хилла иза, къен стаг лахара хеташ ца хилла цунна, паччахьийн паччахьаллех ийзалуш ца хилла иза.
Динна тIе а, эмкала тIе а, вира тIе а, бIарза тIе а хууш хилла иза; шен азатхо (лай) верг а, кхиверг а шеца цхьаьна шена тIе́хьа́ цу тIехаош а хилла цо. Шена тIаьхьахIоьттина цхьа а воуьйтуш ца хилла цо, «сан букъ малийкашна бита» олуш хилла цо.
ТIергIан бедарш юхуш а хилла цо, тегна мачаш юхуш а хилла цо. Уггаре а цунна дукхадеза духар «ал-хьибарахI» олург хилла, Йеменера оба-тайпа духар хилла иза, цIен-кIайн могIанаш я тайнаш долуш.
Цуьнан мухIар дато хилла, (тIебиллина арахьара тIулг боцуш), дерриге а дети хилла иза. Аьтту куьйган цIаза-пIелгахь лелош хилла цо иза, наггахь аьрру куьйгахь лелош а хилла.
Мацаллина шен гай тIе тIулг боьхкуш хилла цо, АллахIа дуьненан ерриге а хазнийн догIанаш делла хилла цунна, делахь а цо уьш схьа ца оьцуш, царал хьалха эхарт даьккхина, эхартара дахар хаьржина хилла.
Дела хьехор дукха хилла цуьнан, эрна къамел хила а ца хилла цуьнан. Ламаз дахдеш хилла цо, ткъа хутIба дацдеш хилла цо.
Нахана юкъахь уггаре а дукха велалуш верг хилла иза, царна юкъахь уггаре а чIогIа векхавелла верг хилла иза, шен саццаза сагатдарш хиллашехь, ша даим ойла еш хиллашехь.
Хаза хьожа йогIу хIума (IатIар-тайпа хIума) дукха езаш хилла цунна, вон хьожа ца е́заш а хилла цунна.
Мегаш долу самукъадаккхар гуш хилла цунна, иза сацош я ца магош ца хилла цо.
Забар еш хилла цо, (делахь а) бакъдерг бен олуш ца хилла цо. Шена бехказаволучуьнгара бехказло къобалъеш хилла цо.
Лайш хилла цуьнан, гIарбаш а хилла цуьнан, даарехь я духарехь царал хьалаийалуш ца хилла иза, царал лакхавуьйлуш ца хилла иза.
АллахIан дуьхьа еш йолу цхьа Iамал еш и воцуш, шена я шен доьзална оьшуш долу цхьа гIуллакх деш и воцуш цхьа а хан дIайоьдуш ца хилла цуьнан.
УьстагIий дажош хилла иза. Цо аьлла: «Цхьа а пайхамар вац уьш да́жо́за».
Iа́ишате (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина хилла Делан Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) амал-гIиллакхах лаьцна. Цо жоп делла: «Цуьнан амал-гIиллакх Къуръан дара». АллахI-Дела оьгIазвоьдучу хIуманна оьгIазвоьдуш хилла иза, Иза резаволчу хIуманна реза хуьлуш а хилла иза.
Ма́ликан кIанта Анаса дийцина (Дела реза хуьлда цунна), нийсачу хьадисехь: «Делан Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) куьйгал кIеда хир долу цхьа а да́рих куьг Iоттаделла дац сан. Делан Элчанах (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) йогIучу хазчу хьожанал хаза хьожа а еана яц суна цкъа а. Делан Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) гIуллакхе хьожуш, цунна оьшучуьнга хьожуш итт шо даьккхина ас, цкъа а «уфф» аьлла дац цо соьга, ас динчу цхьа а хIуманна «Иштта хIунда дина ахь иза?» аьлла дац цо соьга, ас ца динчу хIуманна «Иштта а, иштта а дина делара ахь иза» аьлла дац цо соьга».
Лекхаволчу АллахIа амалийн а, гIиллакхийн а кхачамалла елла хилла цунна, гIуллакхийн дикалла елла хилла цунна, хьалха хиллачеран а, тIаьхьа хиллачеран а Iилма а делла хилла цунна, (дакъазаллех) кIелхьаравоккхуш долу Iилма, (декъалаллица) толам хуьлуьйтуш долу Iилма делла хилла цунна Дала. Ткъа ша иза еша а, язъян а хууш ца хилла, я адамашна юкъара цуьнан цхьа а хьехархо ца хилла, цуьнан кхиар а Iилма девзаш доцучу мехкашкахь, гIамар-аренийн мехкашкахь хилла.
Iаламашкахь Ша́ цхьанна а цаделларг делла цунна АллахI-Дала, хьалха хиллачарна а, тIаьхьа хирболчарна а массарна юкъара (вазвина) хаьржина хилла ву иза Цо.
АллахIера къинхетам, хаза хестораш, лаккхара даржаш, дерриге а диканаш хуьлда-кх цунна даима, Къематан де тIекхаччалц.

Имам Iабдул-ГIани
ал-Макъдиси
Гочдинарг –
Адаман Султанан Олхазар

https://instagram.com/zori_islama

www.ZORI-ISLAMA.com

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*