Шейх Эскарха-Хьаьжин зерат

SONY DSC

Шейх Эскарха-Хьаьжин зерат Хоси-Юьртахь ду. Эскарха-Хьаьжа (Долакхан кIант) Иласхан-Юьртарчу Хьаьжин (Кунта-Хьаьжин) мурд хилла.
Iамал-Ιибадат деш къахьегарца, къайленна тΙекхиар долуш, эвлаяийн дарже кхаьчна хилла Эскарха-Хьаьжа. Шен устаз Кунта-Хьаьжа (Хьаьжа) махкаха ваьллачул тIаьхьа Эскарха-Хьаьжас ногIашна юккъехь къахьегна Хьаьжин къадарин некъ бовзуьйтуш. И бахьана долуш дукха ногIаша бусалба дин тIеэцна, тахана а Хьаьжа шайн устаз а волуш, къадарин некъ лелош бу ногIий.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*