Хьаьжой цIабирзина

 

Посланник Аллаха, да благословит его Аллах и приветствует, сказал: «Совершение ‘умры до следующей умры служит искуплением совершенных между ними грехов, что же касается безупречного хаджа,
то нет за него иного воздаяния, кроме Рая». (аль-Бухари, 1773; Муслим, 1349)

ХIокху деношкахь Езачу меттигашкара, СаIудера, вайн махка цIа бирзина хьаьжой. Кху шарахь вайн 2600 махкахочун аьтто хилла хьаьждан ваха, царех 240 стаг photo_2017-09-13_11-29-28Россин турпалхочун, НР-н Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу региональни фондо шен чоьтах вахийтина. Билгалдаккха догIу, хIора шарахь а иштта сагIа доккхуш ю фондан куьйгалхо Кадырова Аймани.

Хууш дерг ду иза, хьаьждан новкъа волуш волу массо а стаг ойла цIанйина, шен леларца, духарца цIена волуш, нийят хаза, цIена долуш хила везаш ву, хуьлуш а ву. Цигахь хIора ког АллахI-Дела хьехорца, вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош, мовладаш доьшуш, цунна салаваташ дохкуш, «Лаббайка…» доьшуш, къадирин тIарикъатан зуькарш деш, шега ялучу Iамалца боккху хьаьжочо. Адам-пайхамарна тIера дуьйна схьа вайн Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIекхаччалц пайхамарийн синошкахь, церан леларехь, Деле кхийдаш цара дина некъаш, ца хуучунна хаар долуш, хууш, хезна, я дешна волчунна юьхьа дуьхьал хIуьттуш, дерриге а карладуьйлуш, дегнаш делхош, Дела везарехь ойланаш серлайохуш, чIагIъеш, карзахйохуш, Iаламат доккха ниIмат ду оцу мехкашкахь дерг. БIаьрго схьа ма-лоццу гуш хуьлу тайп-тайпана къаьмнаш, тайп-тайпана беснаш, сибаташ долуш, амма АллахI-Дела везарехь ойла, нийят цхьаъ долуш, дуьненан массо а маьIIера адамаш – тобанаш – бусалба нах, бусалба вежарий, йижарий. Цигахь массеран а ойланаш цIена хуьлу, баккъал а кхечу дуьнентIе ваьлча санна, синош цIена хуьлу, ойланаш хIаваэхь лела, Хастаме волчунна хьасталуш, дегнаш доьлху, и доккха Iаламат схьагуш хиларо воккхавево. И сурт цкъа шена схьа а гина, цигахь ког левзина волу бусалба стаг, цунах воккха а веш, Делан дуьхьа нийят а долуш, мелла а Далла герга ца хила йиш яц! Дала мукъ лахь, вай цунах тешна а ду!
ХIокху шарахь хьаьждан ирс хилла, цIавирзинчарех ву НР-н муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Везачу Эвлаяан Кунта-Хьаьжин тIаьхьенах волу Сайфуддин ИбрахIим Кунта, Къилбаседа Кавказан Федеральни Округан Iелимнехан кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа, иштта республикехь бевзаш болу кхин дуккха а Iелимнах, вайн махкара могIарера бусалба нах – вежарий, йижарий. Кхоьллинчу АллахI-Дала массеран а хьаьж къобалдойла! Шен Сийлахь Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лийринчех войла цига мел ваханарг а, Дала Ша декъалйинчу тобанах дойла вай дерриге а!
Хож-Ахьмад-Хьаьжа ткъе шозза хьаьждина ву, иштта Iумрат а дина шуьйттазза. ХьаьжцIахь шен кхоллаеллачу ойланех масех дош алар дийхира оха Хож-Ахьмад-Хьаьже (Дела реза хуьлда цунна, Дала Хьаьж къобал а дойла цуьнан!).
«БисмиллахIир-Рохьманир-Рохьим! Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи таIала ва баракатухIу! 2500 сов вайн махкахо вара хIокху шарахь ХьаьжцIахь. Дерриге а дуьненарчу къаьмнех 2 миллион 352 эзар сов арахьара тIебаьхкина хьаьжой бу кху шарахь бохуш, хаамаш бора цигарчу хаамийн гIирсаша. И Iадад (дагардалар) проценташка диллича, стохкачул 32 процент сов бу кху шарахь арахьара тIебаьхкина хьаьжой, бохуш, билгалдохура хаамийн гIирсаша. Оцу юкъахь I68 къам ду хьаьж деш, бохуш, яздора. Оцу белхан ойла еш, бусалба нах берриге а ламазана хIуьттучу хенахь, оццул тIебаьхкина болу хьаьжой а, жамаIатан юкъ йихкина, ХьаьжцIенна гонаха ламазаш деш болу бухара бусалба нах (мукъиминаш) а, ойла йича, доккха Iаламат ду иза. Оцу Iаламатца, дIо-о хьалха лаьтташ волчу имама «АллахIу Акбар» аьлла, жамаIате хIиттина долчу халкъо рукуIе бахарца, сужуде бахарца, иIтидале бахарца, цхьа а цхьаммо а тоьттуш воцуш, цхьа а кхечо меттах хьевеш воцуш, и Делан Iалам – миллионашкахь долу и халкъ цхьатерра рукуIе доьдуш гича, «самиIаллохIулиман хьамидан» аьлча, цхьатерра и Делан Iалам юха иIтидале хьала нислуш гича, юха такбир далийна, сужуде доьдуш гича, «ма дphoto_2017-09-13_11-29-27оккха хIума ду хIара», аьлла, оцу балхо ойла яйтира вайга, ойла ярца, воккхавер а иккхира дагчу… Кхузткъе итт шарахь Макка, ХьаьжцIа боьду некъ, Элчанан Ровзате – Мединате боьду некъ хаьдда лаьттина долуш долу, коммунистийн Iедало набахти чу доьхкича санна, дозанаш дIа а къевлина, латтийна долу вайн къам хIинца, оцу кхечу I68 къомана юккъехь, вайн къам а ду, миллионашна юкъахь вайн эзарнаш хьаьжой а бу, Далла хьасталуш, Дела реза вар лохуш…
ОллохIумма вал муъминина вал муъминати, вал муслимина вал муслимати, ХIай Веза Дела, гечдехьа ийман диллинчу нахана а, ийман диллинчу зударшна а, бусалба нахана а, бусалба зударшна а бохуш, оцу наха доIа дечу хенахь, оцу доIина юкъахь ду-кха вай, вай и доIа дечу хенахь, вай доIица ду-кха и дерриге а Iалам. Цаьрца цхьаьна, коьрта дакъа а хилла, дIахIоьттина ду вайн къам. ХIоттарал сов, хьаьжой чохь дIанисбелла хьешийн цIа генахь хиларна, жамаIат-ламазана даха атта хилийта, оцу мехкан Iедало дIахIиттийна автобусаш ю. Уьш вайн махкахошна йовзийта вайна девзачу йозанца «Чечня» аьлла тIеяздина а долуш, Нохчийн Республикин герб тIехь йолуш, байракх йолуш ду иштта вайн хьаьжой чохь болу хьешацIа а. Тахана оцу хьоле девлла вай, хIинццалц вайна тIехь лелладолчу хьоле ладоьгIча, серлоне девр дуй-те вай, ма боккхачу боданехь ду вай, аьлла ладоьгIча, вай дегнаш цIийх Iийдалуш, чевнаш хилла, вай Iачу заманчохь, вайн хилла йолу ойланаш, «чуха мел еха елахь а, цкъа чаккхе йоцуш хир яц-кх и» бохуш, Iачу хенахь, жим-жима вай меттадогIур ду аьлла, вайна хьалхаваьлла волчу Ахьмад-Хьаьжас шен синан мехаца, шен са дIа а луш, вайна хIара машаре а, маьрша а дахар ирсе долуш некъ схьабиллира. Ткъа Ахьмад-Хьаьжин Рамзана (Дала Iалашвойла и) вайна оцу некъаца, вайн къам ирсе кхочург хиларх ша тешна а волуш, яккхийчу гIулчашца вайн къам маьршачу дахаре, кхиаре дуьгуш, тIамо йохийна шахьарш, ярташ денъеш, ишколаш, больницаш, йоьхнарш тойина, керланаш еш, берийн цIенош, маьждигаш, хьуьжарш еш, садоIу меттигаш еш, иштта беркате волуш къахьоьгуш ву и, Дала кхин а беркате войла и вайна!
I990-чу шарахь вайн махкара дуьххьара ХьажцIа йоьдучу тобанца вахар нисделла сан. ХIетахь II9 стаг вара тхо. ХьаьжцIахь, мичахьара ду шу аьлла, хаьттича, нохчий ду, я гIалгIай ду аьлча, тхо муьлш ду а, мичара ду а ца хаьара, Горбачевн цIе яьккхича, «А, Руси?» олура. Иштта бен бевзаш бацара вайн махкахой. Ткъа хIинца, дахар-дахкар цхьаьна нисделча, нохчий ду аьлча, гIад а оьхуш, безамца тхан куьг лаца а гIерташ, тхуна хьурмате дош ала а лууш, вайн паччахьан Рамзан-Хьаьжин безамца цIе а йоккхуш, иштта хила везара массо а паччахь, бохуш, цо дина гIуллакхаш дуьйцуш, вайначул дика цуьнан гIиллакхаш, гIуллакхаш довза а, дийца а гIерташ бу кхечу мехкашкара бусалба нах. Мел йоккха сийлалла ю и вайна! Иштта оцу белхан ойла ян еллера соьга оцу махкахь волуш. Дала Шен къинхетамах ма хададойла вай! Шен беркатехь кхин а совдохийла Цо вай! Вассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи ва баракатухIу!

Сурташ тIехь: Межиев Салахь-Хьаьжа, Сайфуддин ИбрахIим Кунта, Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа, вайн махкарчу хьаьжошца.
Заурбеков МасIуд

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*