Узум-Хьаьжин вирд (Дала къайле цIинйойла цуьнан)

Вирд лелоран хьукма шиъ ду:

1. Важиб (нузур дина тIеэцна)

2. Суннат

а) Вирд схьадалар – Къуръан а, суннат а ду.

б) Вирдан чулацам – Дела хьехор ду.

в) Вирдан дозалла – Далла тIех езаш Iамал ю.

г) Вирдан пайда – Дела везавалар ду.

 

Вирдан куц а, рагI а:

1.Нийят дар ( Ас нийят ди Делан дуьхьа вирд даккха).

2. 3-зза – ашхIаду алла илахIа иллаллахIу ва ашхIаду анна Мухьаммада-ррасулуллахI алар.

3.100-зза – астагIфируллахI алар.

4.500-зза – ла илахIа иллаллахIу алар.

5.100-зза – АллахI алар.

6.100-зза – СубхьаналлахIи ва бихьамдихIи алар.

7.100-зза – Пайхамарна салават диллар.

8. Мела балар.

Мела баларан кеп:

БисмиллахIиррахьманиррахьийм.

Алхьамду лиллахIи Раббил-Iаламийн вас-салату вас-саламу Iала Мухьаммадин ва Iала алихIи ва асхьабихIи ажмаIийн.

ХIай Веза Сийлахь волу Дела, Ахь суна белла болу мела хьайн Элчане Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхачабе Ахь, цуьнан доьзалшна а, цуьнан асхьабашна Абу-Бакар Сиддикъана, Салманул-Фарисина (Дела реза хуьлда царна) кхачабе Ахь. Абу-Бакарний, сан устазаний юкъахь болчу эвлаяашна а, устазашна а кхачабе Ахь.

Сан устазе Узум-Хьажига кхачабе Ахь, цуьнан дега а, нене а кхачабе Ахь, царна и баларе терра, сан дега а, нене а кхачабе Ахь.

АллахIумма салли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммад, бихьурмати сирри суратил Фатихьа (бисмилла доьшур ду).

Вирд даккхаран хан:

Iуьйра ламаз диначул тIаьхьа я малхбузу ламазал тIаьхьа доккхур ду.

Вирд даккхаран гIиллакхаш:

1. Дела дагахь латтор.

2. Ламаз карахь хилар.

3. Къилбехьа верзар.

4. Хиъна Iаш даккхар.

5. ГIиллакхе охьахаар (масала, голаш тIе хиъна).

 

Вирдан коьчал:

1. Деза дерг (куьйган пIелгаш).

2. Мегаш ерг (суьлхьанаш, тIулгаш).

 

Вирдехь хаза доцург:

1. Барамал соввалар а, эшор а.

2. Акха бIаьрг хьежор.

3. Къамел дар а, велар а.

4. Яар а, малар а.

5. Сихвалар.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*