Тхуна хилларг хIун ду те?!

 

89318014АдхIаман кIант ИбрахIим (АллахIа къинхетам бойла цунах) Басра шахьаран базара кхаьчна хилла. Цунна тIегулбеллачу наха хаьттина цуьнга: «ХIай Абу Исхьакъ, тхуна хилларг хIун ду-те, АллахIе доIанаш до оха, жоп ма ца ло тхуна»? – аьлла.

ИбрахIима аьлла: «Шуна жоп ца ло, шун дегнаш итт хIума бахьана долуш делла хиларна:
1. АллахI вевзина шуна, амма Цуьнан хьакъ кхочуш ца дина аш.
2. АллахIан Элча (Делера салам маршалла хуьлда цунна) везар чIагIдо аш, ткъа цуьнан суннат дIатесна аш.
3. Къуръан доьшу аш, амма цуьнца Iамал ца йо аш.
4. АллахIан ниIматаш дууш ду шу, ткъа царна богIуш болу хастам кхочуш ца бина аш.
5. Аш боху: «Бакъдолуш, шайтIа шайн мостагI ду», амма цуьнан тай хадош а дац шу.
6. Аш боху: «Ялсамани хилар бакъ ду», амма цу чу дахаран дуьхьа Iамал ца йо аш.
7. Аш боху «Жоьжахати хилар бакъ ду», амма цунах къаьхкаш дац шу.
8. Аш боху: «Валар бакъ ду», амма цунна кечам беш дац шу.
9. Шаьш набарха самадевлча нехан сакхташ дийца хIуьтту шу, шайн сакхташ диц а дой.
I0. Шайн белларш дIабухкуш ду шу, амма цунах хьехам хуьлуш дац шу».
[ДжáмиIу байáнил-Iилми ва фадлихI, 2/I2 ].

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*