Турпал-Iелас шен кIанте Хьасане дина весет (Дела реза хуьлда цунна)

(ШолгIа дакъа)

67. Сихалло стаг гIалатвоккху.
68. Китай даха дезахь а, хааршна тIаьхьадаха кIадо ма е. ХIунда аьлча, хаар Iамо декхарийлахь ву бусалба стаг.
69. Декъалваран кехатана а дуьхьал жоп дала декхарийлахь ву хIора стаг.
70. ХIума яар дIадоладе АллахI дагалацарца.
71. Хьал-бахаман кевнна тоьхна догIа – къинхьегам.
72. АллахIана дукхавеза хаар долу шен лай.
73. ХIокху а, вукху а дуьненахь уггаре а дика малар – хи ду.
74. Кхаъ дIалуш а, иза дIаоьцуш а болчарна кечйина ю жоьжахати.
75. Баккхийчеран къамеле ладогIа.
76. Мотт беттар хьакъдоцург ду.
77. Ламазан доIанехь машар а, барт а бехалаш.
78. Вуочу стеган билгалонаш: къамелехь аьшпаш буьтту, ша делла дош кхочуш ца до, шена таIзар хир доцийла а хууш, эхье, дастаме гIуллакхаш леладо.
79. Хьайна къахьегначунна йогIу ял дIало, цуьнан хьацар дакъадалале.
80. Кехатах ловзушший, телхинарг лелошший даьккхинарг уггаре хьарам ахча ду.
81. Уггаре а вуон урхалча – къизаллица урхалла дийриг.
82. Мецаниг вузаве, лазархочун Iуналла де, ялхочунна паргIато ло.
83. Лачкъийнарг эцнарг – къуьнан декъахо.
84. Синна дарбане дерг – АллахI дагахь латтор.
85. Лазархочуьнга могашалла хатта, дог хьостуш, къамел де.
86. Зударийн сийде, уьш шайн наной, йижарий хилар диц ма де.
87. Шайн хьехамчаша шайна хьехнарг уьш дийна боллучуьра дIаязде.
88. Комаьршачун кхача – дарбане молха, писачун кхача – лазар.
89. Гергалонаш, зIенаш, уьйраш дебош хилалаш.
90. Гергарчийн оьзда гIиллакх – вовшашна тIедахар.
91. Цергаш цIена лелае.
92. Ша дечу гIуллакхехь нахах дагавуьйлург дохковер вац.
93. Амма кIеда а, гIиллакхе а, оьзда а, нахаца мерза а волчунна жоьжахати евзар яц.
94. Буьйсанан йохаллехь динчу ламазел а сийлахь дерг лору АллахIа стага пайдехь дерг хаар Iамош даьккхина сахьт.
95. Йохкархочо, хIуъу а елахь, юстуш, узуш йохка. ХIуъу а оьцуш велахь а, оьцург ахь а иштта эца.
96. Дика стаг зударшца гIиллакхе хир ву, ямарт верг цаьрца мекара, тешнабехке хир ву.
97. Ламазаш дина девллачул тIаьхьа, рогIерчу гIуллакхе хIитта.
98. Винчу дийнахь дуьйна а хьуна кIелонаш еш лела
99 тайпана Iожалла. Царех ларлуш тIехвала хиънехь а, къаналлин гуро лаьцна хир ю хьан Iожалла.
100. Массо а хенахь цIена леларо шорбо аьттонехьа боьду дахаран некъ.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*