Тоьлла совгIат – хьакъволчунна!

99Май беттан I5 – чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенахь гIараваьлла вевзаш волчу Iеламстагана Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжина Нохчийн Рес-публикин уггар а лакхара совгIат – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах Орден елира.
Оцу дийнахь КадыровгIеран исторически Даймахкахь схьайоьллуш яра вайн махкана а доккхачу маьIне йолу объекташ – мутаIеламашна хьафизийн ишкол, рузбанан маьждиг.
Оцу юьртара шен доьзалца дуьххьара Хоси-Юьрта охьакхелхина хиллачу КадыровгIеран дайшх волчу Арсангирин цIе тиллира маьждигана.
Цхьа а шеко йоцуш, дерриге а тешна ду вай – жиманиг а, воккханиг а — Хож-Ахьмад-Хьажина и совгIат догIуш делла хиларх. Олуш ма-хиллара, ша кога ира хIоьттичахьана а ву Хож-Ахьмад-Хьаьжа вайн къомана вецаш, оьшу-чу массо а меттехь, дика накъост хилла дIахIоьттина.
И аьтто цуьнан хилира, дукха жима волуш дуьйна а бусалба динах тасавелла, цергашца ца лоцуш, кхелашца схьалаьцна цо и лелош хиларна. Ишколехь доьшуш волуш, юьхьанцарчу классашкахь дуьйна бусалба жайнаш хьийхира цунна шен дас Жабраила. Эвлаяэх Байбетир-Хьаьжех хьирчина, цо дуьххьарлера дарсаш хьехна волчу, юха ша 40 шарахь кхечарна дIахьоьхуш, мутаIеламаш кхиийна волчу Iабдул-Къедиран кIант Жаб-раил а вара махкахь а гIараваьлла Iеламстаг. Кхечу кепара некъ хуьлийла а дацара Хож-Ахьмадан.
Меттан говзанча, маслаIатхо, гIараваьлла Iеламстаг хилла дIахIоьттира Хож-Ахьмад-Хьаьжа дукха жима волуш дуьйна а. Дукха маслаIаташкахь махкахь гIарабевлла болчу Iеламнахах веттавеллера иза. Царех массех Iеламстеган цIе яккха лаьа суна. Уьш бара: Ширда-Махкара Махмудов Мохьмад, Курчалойн-Эвлара Дохтукаев Абубакар, Хосин-Юьртара Таймасханов Тимирсолта, да Жабраил, деваша Сулим, Iалхан-Юьртара Даккин Жунайд, Ялхойн-Махкара Яхьъя-Хьаьжа, Майртуьпара Сайдин Абубакар, Къурайшийн Жамаллайлин кIант Сайд-Хьусайн, Элстинжара Бола, Гуьмсера Абубакаран кIант Iабдурашид, Жимчу-АтагIара Сулимин Сайд-Ахьмад, Мадин Махьмуд, Зеврбиган Жунайд, иштта кхин дуккха а.
IMG_4341Меттан говзанчаш а гинера Хож-Ахьмад-Хьаьжина, амма меттан говзанча а волуш волчу Iеламстага муьлхха а шад бостур буйла хиира цунна хьалххе. Цундела цо ша кеч а вира оцу балхана. Хийла меттигашкахь махкахь а гIарабевлла болчу баккхийчу Iеламнаха дашца а, гIуллакхца а некъ буьтура цунна, дика-вонна хьалха воккхура. Дуккха а маслаIаташкахь, Хож-Ахьмад-Хьаьжа хьалха а волуш дехаре баханчехь, жоьпан дайша жоп далар цуьнгахь дуьтуш меттигаш яьхкина, со теш волуш.
Шен хене хьаьжна ца Iаш, хаарех тоам бина воцуш, тахана а керла долчу хIуманна тIекхиа лаам болуш, шуьйрачу хаамийн гIирсашца уллера гергарло леладо цо, «керланашка» ладугIуш, дуьненан юкъара хьал девзаш ву Хож-Ахьмад-Хьаьжа.
Вайн махкахь араяьлла исторически бух болуш йолу массо а киншка ешна хаало суна цо.
Цкъа ас хаьттира цуьнга: Россин радио-телеканалашка а, вайн рес-публикан каналашка а хьожу хьо, вайн махкахь ара мел йолуш йолу Iилманчийн литература йоьшуш ву хьо. Муха лараво хьо? — аьлла.
— Вайн заман чохь Iеламстаг хиларх тоьаш дац. Дуьненахь а, шен махкахь а долу хьал, шен халкъан истори хууш хила веза муьлхха а стаг, — элира Хож-Ахьмад-Хьаьжас.
ТIаккха, вела а къежаш, тIетуьйхира:
— И хууш ца хилча со веккъа молла бен хир ма вацара, — аьлла.
ХIокху тIаьхьарчу масех шарахь Хож-Ахьмад-Хьаьжица кхечу махкашка ваха дезна сан: Кувейте, Катаре, Марокко – бусалба динан дуьненан юкъарчу конференцешкахь дакъалаца, Макка, Мединате – Хьаьждан.
Цига новкъадовлуш, Москвахь, «Президент-Отель» хьеша цIачохь, Россехь девзаш долу газеташ а, журналаш а оьцуьйтий, чу чохь а, цул тIаьхьа воьдучу метте дIакхаччалц, кеманахь а, уьш доьшуш хуьлура Хож-Ахьмад-Хьаьжа. ДIа ма кхеччи, хьеша цIачохь дIатарделла девлча, ший а ара а волий, цигара Iарбийн маттахь долу газеташ оьцура, денна а керла арадаьлларш оьцуш, мукъа хан царна тIехь, уьш доьшуш йоккхура, шена хазахетарг, ша тидам бинарг соьца дийцаре дора. Юха цIадогIуш а иштта керла газеташ оьций, цIа кхаччалц уьш доьшуш вогIура.
Цундела ву Хож-Ахьмад-Хьаьжа мичча меттехь а, муьлххачу хьолехь а бийца говза мотт болуш.
Вайна дукхазза гина Россин пачхьалкхан лакхара хьакамаш вайн махка баьхкича, цаьрца цо говзачу оьрсийн маттахь къамел деш, хьеший шаьш цец а буьйлуш.
Белхан гIуллакхца сих-сиха хуьлу со Хож-Ахьмад-Хьаьжа волчохь. Цхьацца йозанаш деш, я цхьа киншка йоьшуш, я Къуръан, жайна доьшуш караво суна иза хIоразза а. Хьалха телефонехь вист а хуьлий, ван пурба а доьхий, воьду со даима а. ТIаьххьара воьдуш, со дIакхаьчча, уьйтIахь, рагIу кIелахь, Сийдолу Къуръан дешна волуш вара Хож-Ахьмад-Хьаьжа. Со а, соьца волу накъост а шена герга а вехна, тхо улле охьа а лахдалийтина, мел дIакхайкхийра шайн дайшна-наношна а санна, тхан дайшна-наношна, гергарчарна а дIакхачош.
ТIаккха элира:
— Кхо де хьалха долийнера ас хIара Къуръан деша, шун дай-наний а цхьаьна дагалаьцна, нийсса шу хIокху уьйтIа довлуш дешна чекх а дели сан хIара, — аьлла. Иштта шех ойла хоьттиначунна шегара беркат долуш ву-кх сан хьаша Хож-Ахьмад-Хьаьжа. Дала сий дойла хьан Ваша!
2006-чу шарахь дуьйна «Исламан зIаьнарш» редакцехь коьрта консультант (дагадовлархо) ву Хож-Ахьмад-Хьаьжа, иштта меттигерчу «Грозный» телеканалехь «Ийманан шовда» телепередачехь нехан хаттаршна жоьпаш луш а ву. Вуьшта, цо деш долу бусалба нехан юкъара гIуллакхаш, дийцина вер воцуш, дукха ду.
Хож-Ахьмад-Хьаьжин белхан мах хадийна хьалха а пачхьалкхан лакхарчу тIегIантIехь. «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист», «Дато бухIа», «Умматана гIуллакх дар», Россин Федерацин Федеральни Гуламан куьйгалхочо Миронов Сергей Михайловича Сийлаллин грамота елла. И Грамота яларан бух иштта бу. Кувейтехь, цигарчу журналисташна пресс-конференци елира Хож-Ахьмад-Хьаьжас, Кувейтехь волчу Россин посолца Кинщак Александр Александровичца цхьаьна. Цул тIаьхьа Кинщака воккхаверца Хож-Ахьмад-Хьаьже элира:
— ХIокху пхеа шарахь тхоьга ца даделларг ди-кх ахь тахана цхьана дийнахь, — аьлла.
Бакъдолуш, кхиаме болх бара иза. ВуьрхIитта изданешкара журналис-таш бара цигахь, цхьамма делларг кхечо ца луш хаттарш делира массара а, жоьпаш кхачам боллуш дара.
Тоьлла ю Хож-Ахьмад-Хьаьжин библиотека. Олуш ма-хиллара, аганара гIаьттичхьана Iилма Iамош хиларе терра, Iилмаман жайнаш, иштта коьрта меттиг дIалоцуш ду бусалба динан жайнаш, тайп-тайпанчу куьцешца кечдина Сийдолу Къуръан.
Ша къастийна йолчу чохь дукха ду Президента а, Парламенто а, иштта Iедалан дуккха а векалша делла совгIаташ, орденаш, медалаш, Сийлаллин грамоташ.
Уьш тоьшалла ду нохчийн халкъ кхетош-кхиорна, вайн махкахь ийман-ислам даржорна тIехьажийна Хож-Ахьмад-Хьаьжас беш болчу белхан массо а тIегIанехь болчу куьйгалхоша леррина тидам беш хиларан, хьокъала боллу мах хадош хиларан.
Оцу дерриге а совгIател сийлахь а, деза а ду Хож-Ахьмад-Хьаьжина хIара тIаьххьара делла совгIат – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Орден. Къаьсттина деза ду цунна и шайн дай баьхначу юьртахь – Бенахь, шен воьалгIачу ден Арсангирин цIарах маьждиг схьадоьллуш нисделла хилар. КадыровгIеран дайх дуьххьара Бенара Хоси-Юрт йолчу мехкашка охьакхелхинарг Арсангира ву.
Дерзош дало лаьа Хож-Ахьмад-Хьаьжас олуш долу, вайна массарна а дагах кхеташ, бакъонца долу дешнаш:
«Зударийн сийдоцчу махкахь къонахий кхуьур бац». Нийса а, ала догIуш а аьлла дешнаш ду уьш. Вайн паччахьа Кадыров Рамзан Ахматовича сих-сиха даладо уьш шен къамелехь, нохчалла, оьздангалла, къонахалла, гIиллакх, гIуллакх, яьхь, юьхь, сий-пусар, ларам, лерам – уьш дерриге а юкъадалош ша вистхуьлуш.
Дала могаш волуш, доьзалан вон ца гуш, ирсе вахар хуьлда хьан, Хож-Ахьмад-Хьаьжа!
Дала хIинца санна, вайн махкана, берриге а бусалба нахана беркате волуш вахар дойла хьан!
«Исламан зIаьнарш» газетан редакцин тобанан цIарах
Заурбекова МасIуд

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*