Солса-Хьаьжин вирд (Дала къайле цIинйойла цуьнан)

 

а) Вирд лелоран хьукма – суннат ду.

б) Вирд схьадалар – Къуръан а, суннат а ду.

в) Вирдан чулацам – Дела хьехор ду.

г) Вирдан дозалла – Далла тIех езаш Iамал ю.

д) Вирдан пайда — Дела везавалар ду.

Вирдан куц а, рагI а

Нийят дар (Ас нийят ди Делан дуьхьа вирд даккха).

Цкъа ламаз бисмилла дешар.

5-зза Пайхамарна салават диллар.

11-зза къулхIа дешар.

100-зза — АллахI боху Делан цIе яккхар.

Мела балар.

Мела баларан кеп

БисмиллахIиррахьманиррахьийм

Алхьамду лиллахIи Раббил-Iаламийн вас-салату вас-саламу Iала Мухьаммадин ва Iала алихIи ва асхьабихIи ажмаIийн.

ХIай Веза-Сийлахь волу Дела, ас даьккхинчу вирдан мела Мухьаммад пайхамарна кхачабе Ахь (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цул тIаьхьа массо пайхамаршка а, эвлаяашка кхачабе Ахь. Сан устаз волчу Солса-Хьаьжина ло Ахь, соьгара совгIатна малхбалийна, малхбузийна юккъехь болчу бусалба нахана кхачабе Ахь. .АллахIумма салли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммад, бихьурмати сирри суратил-Фатихьа (бисмил доьшур ду).

Вирдан хан

I. Хаьржина хан (Iуьйра а, пхьуьйра а ламаз дина чул тIаьхьа малх схьакхетталц ю).

2. Цакхиаран хан (малхбузу ламазний маьркIижа ламазний юкъ ю).

Вирд декхаран хан (лууш волчунна декха)

Малх схьакхеттачул тIаьхьа делкъа ламазан хан хиллалц ю.

Вирд даккхаран гIиллакхаш

I. Дела дагахь латтор.

2. Ламаз карахь хилар.

3. Къилбехьа верзар.

4. Хиъна Iаш даккхар.

5. ГIиллакхе охьахаар (масала голаш тIе хиъна).

Вирдан коьчал

I.Еза ерг (куьйган пIелгаш)

2.Мегаш ерг( суьлхьанаш).

Вирдехь хаза доцург

 

I. Барамел сов валар а, эшор а.

2. Акха бIаьрг хьежор.

3. Къамел дар а, велар а.

4. Яар а, малар а.

5. Сихвалар.

 

spa|�p Ff Ͽ ss=a0>3. Мухьаммад Пайхамарна  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).

 

ДоIа

1 бисмилла, 11 къулхIа, 5 салават:

Сайн вирдан юккъе ца богIуш тIаьхьа болчу шайхашна.

1 бисмилла, 11 къулхьа, 5 салават:

Сайн ден-ненан устазашна бели ас, церан карахула сайн дений-нанний бели ас.

s=a0><s�»sy0i �h=»» size:11.0pt;letter-spacing:.1pt’=»»>1 бисмиллий, 11 къулхьий, 5 салават хIоранна а:

 

1.Везачу Делан Имамал-Раббанешна,

2.Сайн устазана Абуна, цуьнан дений-нанний, цуьнан цIийнан охIланашна. Цунна бала мел луучарна бала, цуьнга дIабели ас.

3.Мухьаммад-Пайхамарна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), сайн вирдана юккъе ца богIуш болчу эвлаяашна а бели ас.

4.Мухьаммад-Пайхамарна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), сайн ден-ненан устазашна а. Церан карахула сайн дений-нанний а бели ас.

5.Мухьаммад-Пайхамарна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бели ас, сайн устазана Абуна а бели ас, цаьршинна карахула сайн ден  вежаршна а, ден йижаршна а   бели ас.

ХIора ламаз тIехь 1 бисмиллий. 11 къулхьий, 5 салават хIоранна а:

1.Мухьаммад-Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), сайн устазан Абуна,

2. 2. Мухьаммад-Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), Хаваж-Бауддина,

3. Мухьаммад-Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), Таьшкичуьрчу Хож-Ахьмадана,

4. Мухьаммад-Пайхамарна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), сайн ден-ненан устазашна а, цаьргара гIо-шапаIат лохуш сайн дений-нанний бели ас.

Вирд даккхаран хенаш:

1.1уьйкъахь,

2.Iуьйра-ламазал тIаьхьа,

3. Малхбуза-ламазал тIаьхьа,

4.Ца доккхуш ца дита муьлххачу хенахь.

������h ��m алар а, эшор а.

 

2.Акха бIаьрг хьежор.

3.Къамел дар а, велар а.

4.Яар а, малар а.

5.Сихвалар.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*