Соип-Моллин вирд (Дала къайле цIинйойла цуьнан)

Жима вирд

Массо а ламазал тIаьхьа 1 фатихьат а, 11 къулхIа а, 5 салават а дешна мела лур бу: ас дешначу фатихьатан а, къулхIанийн а, салаватийн а мела

 

1. Делан Элчанна Мухьаммадна бели, саллаллахIу IалайхIи ва саллама.

2. Цуьнан мела Абубакар-Сиддикъана а бели, разийаллахIу IанхIу.

3. Цуьнан мела шайх Хаваж-БахIауддина а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

4. Цуьнан мела шайх Абуна а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

5. Цуьнан мела шайх Хожа-Ахьмадана а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

6. цуьнан мела аш-шайх Элаха-моллийна а бели, Дала къайле тойойла цуьнан

7. Цуьнан мела шайх Абтина а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

8. цуьнан мела аш-шайх ХIайбина а бели, Дала къайле тойойла цуьнан

9. Цуьнан мела шайх устаз Iаббазана а бели (Дала къайле тойойла цуьнан)

Йа Раббий, йа АллахI, сан гIалат даьллачунна гечдай, эшнарг меттахIоттадай, кхочушхилларг къобулдай, йолехь-мелехь совдаккхий, цуьнан мела цаьрга дIакхачабе Ахь (аьлла, Фатихьат а дешна чекхдоккхур ду).

 

Доккха вирд

 

Массо а Iуьйрана малх схьакхетале вирд доккхур ду кхузза шахIадат а далийна шена-шена мела а луш 1 Фатихьат а, 5 къулхIа а, 3 салават а доьшуш: ас дешначу Фатихьатан а, къулхIанийн а, салаватийн а мела:

 

1. Сан устаз шайх Iаббазана а бели (Дала къайле тайойла цуьнан)

2. Шайх ХIайбина а бели (Дала къайле тойойла цуьнан)

3. Шайх Аптина а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

4. Шайх Элаха-Моллина а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

5. Шайх Хожа-Ахьмадана а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

6. Шайх Абуна а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

7. Умалт-Шайхана а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

8. Шайх Мухьаммад аль-ЯрагIийна а бели   (Дала къайле тойойла цуьнан).

9.Шайх Халид аль-БагIдадийна а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

10. Шайх Хас-Мухьаммад Ширванийна а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

11. Шайх 1алауддийн аль-IаттIарийна а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

12. Шайх Якъуб ал-Чирхийна а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

13. Шайх Хаваж БахIауддина а бели (Дала къайле тойойла цуьнан).

14. Абубакар-Сиддикъана а бели (разийаллахIу IанхIу).

15. Делан Элчанна Мухьаммадана бели (саллаллахIу IалайхIи ва саллама).

Зударша, цул сов, хIокху кхаа зудчунна а лур бу мела – Хадижатний, Iайшатний, ПетIаматний. КъулхIанаш дешна ваьлча, суьлхьанаш хьовзор ду:

500-зза астагIфируллахI эр ду,

300-зза ла илахIа иллаллахIу эр ду (зударшна АллахI аьлча а мегар ду),

100-зза салават дуьллур ду.

Уьш аьлла ваьлча: ас аьллачу астагIфируллахIан а, динчу зикруллахIан а, диллинчу салаватийн а мела Делан Элчанна а бели (саллаллахIу IалайхIи ва саллама), сайн устазана шайх Iаббазана а бели, Дала къайле тойойла цуьнан, Делан Элчанний, сайн устазанний юккъе богIучу массо шайхашна-авлияашна а бели.

Я Рабби, я АллахI, цуьнан мела цаьрга дIакхачабе Ахь (аьлла, Фатихьат а дешна чекхдоккхур ду).

 

Шелара СоIип-Моллин Iаббазан кIента кIант Гайсумов Iабдул-Къедир

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*