СА Ц1АНДАЛАР

Довхачу б1аьрхиша юьхь а яшийна, ненан кошан чуьртана боьг1на шийла т1улг мара а къуьйлуш лаьтта со. Кху м1аьргонехь суна и б1аьрхиш а, сан даггара до1а а кхечу х1уманца хийцар хьеха мила хир вара?!
Сан метта шен дахар охьадилла, шен са д1адала, сан лазам шена чухуда, гечдан йиш йоцург а гечдан, со мухха велахь а – нуьцкъала я г1орасиз, цомгаш я кхетамах телхина – со ма-варра веза кийча хилла адам х1инца кху дуьненахь дац.
Кхин хезар дац кху дуьненна со доггаха, ц1ена велалуш…дукха экама ду х1инца кху дуьненца со вузу пардо.
Дуккха а шерашкахь, болатан пурженаш санна, хьаьвзина лаьттина сан синпхенаш.
Сан бакъо яра кхера, амма бакъо яцара и кхерам гайта. Хиларан я цахиларан зила т1ехь д1адоьдура дахар.
Ког шаршар – даиманна а д1авахар, Есаллин чаккхе яцарехь д1авар дара.
Х1ора дош, х1ора хьажар, х1ора г1улч шен мах болуш дара.
И ерриге а халонаш букъа т1ехьа йисинчул т1аьхьа, кхерам т1ехтиллачул т1аьхьа и аьчкан пурженаш дукха сиха ястаяла юьйлира.
Х1инца пхенаш чохь кхехкарг ц1ий дац – шена хьалха цхьа а дуьхьало ца юьту сийна ц1е ю!
Урх ца евза эмалкаш санна, хьаьвдда ойланаш а. Царна цкъа а ца тоьара маршо, уьш даима а цхьана 1алашоне хьовсийна яра, ткъа и 1алашо яйча, уьш некъ а, къилба а ца хоьржуш, д1асаяьржина, д1асахьаьвдда…
Хьан д1адаханчо пен хилла ларво хьо дахаран бакъдолчух, амма и дуьхьало а гуттаренна а яц – дахаран 1аткъамо йожор ю и – т1аккха юха хьийза йолалур ю болатан пуржеш.
Ткъа цкъачунна хьан г1орасизалло шина декъе доькъу хьуна гонахара адамаш: хьо когаш т1ехь сацон г1ертачаьрга а, шайн мачийн боьхачу айрашца хьо хьаша г1ертачаьрга а. Доттаг1ийн ямартлоно цец а ца воккху со – со цецвоккхург церан тешаме хилар ду.
Вайн дерриге а дахар къийсам бу. Уггаре а халаниг ша-шеца болу къийсам а болуш: шен кхачамбацаршца, г1орасизаллица, шовкъашца, хьог1аца, саьхьараллица, малонца, десачу дешнашца…
Хьо хийцавелла, хьан г1ора кхачийна, т1аккха хьуна гонахара дуьне а хийцаделла.
Хьан дуьне гатдо т1едеттачу дешнийн дарцо – къизачу, ирачу, къинхетам боцучу дешнийн дарцо.
Ахь дуккха а шерашкахь къийсамца даьккхина хьан дуьне дукха сиха дузу маьлха к1ел шайн меттиг лоьхучу адамех, цхьана а х1уманна б1аьрган нег1ар а ца тухуш, шайн меттиг яккха 1еминчу адамех.
Когаш т1ехь латта висар – хьайн берриге а ницкъ буйна гулбар, ойланаш урхе ерзор ду. Хьуна хаьа, х1ун дан деза, амма хьан ницкъ ца кхочу.
Хьуна гонаха дерриге а духуш, даьржаш ду, шен бакъдолчу сибатехь схьах1уттуш ду дуьне, хетарш а, моттарш а д1адовш, схьагуш ду х1уманийн а, хиламийн а бакъсурт.
Хьо цунна тидам бан бен, хьайн а, нехан а шалхонаш емалъян бен ницкъ ца кхочуш висина.
Амма иза дика зер ду. Ког ца тасалуш, охьа ца кхеташ ца хуьлу дахаран некъ. Т1аккха уллохь тешаме доттаг1ий ца хилахь, воьжначохь 1илла вуьсу.
Тахана хьо таса бен ца велла, амма гонахара моттарг1ане къежарш шийлачу к1ецашка дирзина.
Хьуна уллохь хьох кхета, г1одан, гечдан нах к1еззиг а болуш, хьо вохка, харцван, ямартло ян нах алсам карийча, хьайн дахарехь цхьаъ нийса хилла цахилар схьалоцу хьан г1елбеллачу кхетамо.
Ас ненан чуьртан шийла т1улг маракъуьйлу.
Юьртара кешнаш бен дац хьан г1елделлачу синна парг1ато яла.
Кхузахь дицло дерриге а: набарза буьйсанаш, синкарзахалла, аьрха сатийсамаш, экаме дегайовхонаш.
Хьуна гуш-хезаш дерг деккъа хьайн дог делхар а, хьайн хиндерг а ду.
Дуьне шен низамца деха, цо геч ца до г1орасизаллина, цуьнца к1еззиг бу безам а, к1еззиг бу къинхетам а.
Сайн лазам ас нанна беана, цо и д1ахуьйдина.
Цуьнан са тембоцуш, со Деле воьхуш хаало суна…

Суьйренан сийналло д1алоцу к1айн дуьне. Юьртарчу маьждигехь маьрк1ажан ламазна кхойкхучу моллин аз хеза.
Кешнашкара ара а волий, юлучу буьйсанан бодашка г1улч тосу ас.
Суо цхьалха цахиларх теша со, суо хьаьнга кхайкха веза а хаьа.
Хьайн къиношка, эшамашка, кхачамбацаршка ца хьоьжуш, хьан т1етевжийла ю-кх кху дуьненахь.
Иза хьо Кхоьллинарг, Есалла Кхоьллиннарг, хьан дохковалар Т1еоьцург ву.
Я Аллах1, лохьа сан синна ийман, ц1андехьа и – Хьо ву-кх цуьнан Доладийриг а, Эла а!
Я Аллах1, со кхевда-кх Хьан г1оьналле сайна пайде доцучу хаарех, муьт1ахь доцучу дагах, 1аба ца туьгучу сих, жоп доцучу дехарх…

Гайраханов Мовла

Гочдинарг –
Петирова Пет1амат

 

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*