Сан юьртахой – эсала атагIой – сан дозалла!

Юьртан истори

SONY DSC

Б1аьрнег1ар тохаран барамехь сиха йоьду хан… Х1инцца долуш санна хета Жимчу Атаг1ахь юккъера школа ас чекхъяьккхина, амма 50 (!) шо д1адаьлла х1етахь дуьйна.
Цул т1аьхьа советски эскарехь г1уллакх дан вахара со, цигара ц1а вирзича, Шелан к1оштан «Коммунизман байракх» ц1е йолчу газетехь кхаа шарахь болх бира, сайн юьртахь 1ер-вахар долуш… Х1етахь, хетарехь, суна х1ора юьртахо а ц1арца, дайн ц1ершца вевзара, муьлхачу куьпахь 1аш ву а, тайпана мила ву а, муьлхачу гарах ву а хаара… Цул т1аьхьа, рицкъано хьоьхуш, дукха меттигаш а, белхаш а хийцина…сайн юьртара араваьлла лелаш. Х1етахь дуьйна наггахь бен ца хуьлура со сайн хьомечу юьртахь, аьлча а, сайна хьоме ю моьттучу юьртахь. Олуш ма-хиллара, уллерчу доьзалашкахь дика-вуо хилча бен ца кхочура со кхуза, сихха юхавоьрзура, суо кхузахь висарна кхоьруш санна… Тахана хаьа суна, х1етахь башха хьоме хеташ а ца хилла суна сайн юрт а, юьртахой а, ойланаш жималло д1аяьхьна …генахь лелаш яра.
Наггахь тезета х1отта ц1а веача, дайн кешнашкахь, стаг д1авуллуш, цу лахьти чу а хьоьжуш, ойланашка ваьлча, айсса сайга: «Маржа я1-кх, миччахьа лелахь а, валар-м кхочур ду, уггаре а дика 1ожалла хилахь а, иштта верзар а хир ду-кха…» олий…ОDSC00579йла юткъалора, 1елимнаха дийцина коша-лахьти чохь хинд олу 1азап дуьхьал х1уттура…, т1аккха доккха са а доккхий, синна парг1ато лохуш, болх Делан а, Пайхамаран а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), сайн устазан а кера д1алора… Амма, букъ ма-берззийнехь, массарна а санна, дицлора…
…Х1инца, бакъдолуш, ас сатосу х1ора п1ерасканан дийне, хазахетарца вог1у со Делан фарз-рузбан ламазана сайн хьомечу юьрта, сайн хьоме юьртахой ган, цаьрга, юьхь-дуьхьал а хьаьжна, дош ала, цара олучу даше ладог1а… Мел исбаьхьа а, хаза а ю маьждиган майда, мел самукъане ю ламазаш дина арабевлча, юьртахойн яххьаш, вовшашка могаш-парг1ат хоттуш…, халахета, сайн хенара белахь а, дукхахболчийн ц1ерш сайна йицъелла, ткъа суо вевзина вистхилча, ч1ог1а хазахета… Хетало – ас эрна яйина зама (!), генахь д1аэхийтина шераш (!), ма к1езиг ю йисина хан (!), ма-дарра аьлча, ян а яц-кха…
Мел хаза ду иза: маьждиг а везчу эвлаяан, Делан Велин Элах-Моллин ц1арах ду, кхойтта шарахь юьртахь къеда лаьттина иза. Маьждиган а, юьртан а истори толлуш белхаш биначу Бибулатов Вахитас дийцарехь, х1инца маьждиг лаьттачохь хилла х1етахь а юьртан маьждиг, х1инцачул жима а, дечиган г1ирсах дина а хилла.
Вайн хьесапехь, бусалба терахьца лерича, х1окху Рамадан баттахь 107 шо кхаьчна «Атаг1ойн Дог» – маьждиг схьадиллина. Дуьххьара кхузахь рузба дина 1331-чуDSC00559 шарахь, Рамадан баттахь, (1913 шо григориански рузманца), ткъа х1инца 1438-г1а шо (2017) ду. Вайна къаьсттина деза ду, и маьждиг деш белхаш бойтуш, куьйгалла деш веза эвлаяъ Докка-Шайх хилла хилар. Хетарехь, цунна лиъна хир ду цул т1аьхьа цхьа б1е шо даьлча, маьждигана шен устазан Элах-Моллин ц1е тилла, дерриге а Аллах1-Делан кхиэлаца, Цуьнан лаамца лелаш ма ду. Дуьххьара имам лаьттина кхузахь атаг1о-1елимстаг Берсан-Молла (х1инцалерчу атаг1ойн Берсановг1еран дайшха хилла ву иза), цул т1аьхьа – Элахан-Молла. Ша атаг1ойн къедин декхарш охьадохкуш, юьртара д1авоьдуш, эвлаяа Элах-Моллас и дарж кховдийна 23 шо долуш волчу атаг1очуьнга 1еламстаге Дудаев Аюбе.
Иштта атаг1ойн дозалла дан йиш ю д1аяханчу заманашкахь бусалба дин лардеш, юьртахошка Аллах1-Делан дош д1акхачош, Цуьнца йолу юкъаметтиг д1анисъеш, вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташ, безачу эвлаяийн беркат довзуьйтуш хиллачу шайн юьртахойх-1елимнахах, масла1атхойх, дина дайх: Салгираев Эльмирзах, Берсанов Хьаьлимах, Абаев Авта-Хьаьжех, Басханов Дадех, Гаркаев Мадех, Мадин Махьмудах, Сулимин Сайд-Ахьмадах, Зеврбиган Джунайдах, Янгульбаев Мохьмадах, Берсанов Махьмудах, Матуев 1усманах, Матуев Насруддех, Булычев 1абдул-Вах1идах, Мудаев Сайд-Ахьмадах, 1979-чу шарахь маьждиг схьадиллича, имам лаьттинчу Пригородни юьртарчу Батукаев Халидах, Алихаджиев Халадах, Мехтиев Рамзанах, Бетигов Шах1аб-моллех, Мусаев 1абдул-Хьаьжех, Асаров Хьозех, Самбиев Бетирсолт-хьаьжех (Бетирсолта светски лакхара дешар дешна вара, юьртарчу № 1 йолчу юккъерчу школан директор лаьттира дуккха а шерашкахь, цул т1аьхьа бусалба 1илма а 1амийна, Девкар-Эвлахь маьждиган имам лаьттира).
Къинхетаме волчу Аллах1-Дала цкъа а ца хадийна Шен халкъан т1е боьлху къинхетам: 1едал ч1аг1делла, бусалба динна новкъарло еш, заманаш хала яьхкича а, цул т1аьхьа и малделча а, Атаг1ахь 1елимнах кхиъна, х1инца а болуш а бу, т1екхуьуш а бу. Ц1ерш яха лаьа х1инцалерчу чкъурах кхиъначу, атаг1ошна Делан Дош д1акхачош болчу къоначу 1елимнехан. Уьш бу: маьждиган имам Альбиев Муса-хьаьжа, имаман заместитель Ахмадов Турпал-1ела, Хаджимурадов Ибрах1им, Банкуров 1иса, Дацаев Апти, Дадулагов Мохьмад-Эми, Джабаев Мохьмад-Эми, Банкуров Исмаь1ил, Банкуров Юнус, Гараев 1алви, Баргаев Мохьмад-Салахь, Тараев 1усман, Турлуев Юсуп, Ахмадов Мас1уд, кхиберш.
Атаг1ойн дозалла дан йиш йолуш кхин цхьа масал а ду. Везачу эвлаяан Элах-Моллин, иштта Докка-Шайхан беркате лар хилла ца 1а кхуза йог1уш. Вайн махкахь хьовха, генарчу мехкашкахь а къадарийн т1арикъатан некъ бовзуьйтуш муридаш кхиийна веза эвлаяъ Кишин Кунта-Хьаьжа веана Атаг1а, Эвтарара Бамат-Гири-Хьаьжа (1овда) вог1уш хилла кхуза, Таьшкичуьра эвлаяъ 1абдул-Вах1аб-Хьаьжа веана кхуза. 1овди 1ела (Митаев 1ела) сих-сиха хуьлуш хилла Атаг1ахь. И шайга вуссуш, цуьнан тешаме муридаш хилла: Джамбулатов Демал, Хайсумов Юсуп, Асхьаб (советан 1едалан г1уллакхехь хиллачу, вевзаш волчу Асхабов Нажмуддин да), Аслаханов Асхьаб (Аслаханов Асламбекан ден Ахьмадан да). Массо а х1ума шен цхьа бух болуш ду. Дог тешна ву со, оцу эвлаяийн беркат ду атаг1ойх хьаьрчинарг, цигара схьа ду халкъалахь «эсала атаг1ой» аьлла, ц1е йоккхуш хилар а, махкахь муьлххачу меттехь а атаг1ойн сий-ларам хилар а. Суна сайнна зеделларг а ду иза: дукха меттигаш яьхкина суна, суо вовзийтича, дукха хьолахь, ханна воккхачо «дикачу меттера ву хьо», «езачу меттера ву хьо», олуш. Иза Делан къинхетам бу. Алхьамдулиллах1, Далла хастам бу!
Тахана маьждигехь дукхахберш республикин 1едалехь лаккхарчу даржашкахь белхаш бина бевзаш нах бу. Ишттачех ву Албастов Ибрах1им, Дадашев Шарпудди, Сулумов Мохьмад, Хантаев Сайд-Эми, Гамаргаев Абубакар, вежарий Тапа а, Шаму а Гацаевг1ар, кхиберш.
Вайна гуш дерг ду иза, зама мухха хиллехь а, цхьа а ца лелла Аллах1-Дела вицвина. Х1етахь маьждигаш ца хиллехь а, луучарна бакъо ма яра ламазаш дан а, кхийолу 1амал-1ибадат дан а, иза официальни 1едало дихкина хиллехь а. Х1инца санна тезеташ а дара, дика-вон дерзор а дара, 1елимнах а бара, хьехамаш а бора, къадарийн а, накъшбандийн а т1арикъатийн муридийн тобанаш а яра, ч1ог1а зуькарш а дора, накъшбандийн т1арикъатан макъамехь 1амалш а йора, г1иллакх-оьздангалла а, нохчалла а дара, яхь-юьхь ларъяр а дара, къонахий а бара…
Иштта, республикехь хьовха, цул арахьа а дика бевзаш бу дуккха а сан юьртахой, ц1ерш яха юьхь-к1ам болуш, исторехь шайн дахаран новкъахь вайн дерриге а къомах беркате дош ала хьакъйолуш лар йитина цара. Уьш бу: вевзаш волу яздархо Арсанов Саь1ид-Бей, Арсанова Фатима, яздархо а, журналист а волу, 1едалан г1уллакхахь белхаш бина Исмаилов Халид (билгалдаккха лаьа, дуьххьара журналистикехь кога ирах1отта суна г1о дина, сан хьехархо хилла ву Халид), Россин Турпалхо, Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархо Умаров Мовлди, Нохчийн къоманна а дозалла, Россин Президентан г1оьнча, инарла Аслаханов Асламбек (сан ненашичин Ахьмадан к1ант), бизнесменаш вежарий Iумар а, Хьусайн а ДжабраиловгIар (сан шичин Iальвин доьзалш), Асхабов Нажмудди, Янгульбаев Ваха (13 шарахь Нажи-Юьртан к1оштан хьалхарчу секретаран даржехь болх бира Вахас, цхьана муьрехь цуьнан куьйгалли к1елахь белхаш бира ас «Быткомбинатан» директор волуш. К1оштахь хьовха, республикехь а ларам болуш куьйгалхо вара Ваха), Албастов Идрис, РФ-н хьакъволу гlишлоярхо, архитектор Заурбеков Юсуп (сан ваша),  Музаев Кюра, Умаров Олхазар, бевзаш болу лоьраш Возкаев Абубакар, Ахмадов Муса, Самбихаджиев Бадрудди, Самбиев 1елим-Солта, Асабаев Мовсар, Мурдалов Леча, Идрисов Муса, Алиев 1аьлви, Каримов 1аьлви, Дадаев Хьасин, вежарий Кадиевг1ар: Мохьмад а, Джалал а, Хажаев Далхан, кхиберш.
Юьртана а юьхь-к1ам болуш ду юьртахо Хакимов Хьасан Нохчийн Правительствон председателан заместитель хилар. Республикин Куьйгалхочунна Рамзан Ахматовичана уллохь и вайна гуш хиларо гойту шена тIедехкинчу декхаршца и ларош хилар.
Нийса хир дацара, Жимачу Атаг1ан истори талларехь 1аламат дукха болх бина а, кхид1а беш а волчу Бибулатов Вахитан ц1е ца яьккхича, цуьнан талламаш оха зорбатоьхна «Исламан з1аьнарш» газетан аг1онаш т1ехь а, изза ц1е йолчу журналан масех лоьмарехь а (№41- 2010 шо, №46 — 2011 шо, «51,52 – 2012 шо).
Со тешна ву къастийна зорбатоьхна и таллам бовза а, цунах пайдаэца а атаг1ойн аьтто хирг хиларх, Дала мукъ лахь.
Иштта ю-кха сан юьртахойн-атаг1ойн бусалба нехан истори, беркате д1адолор а долуш, беркате чаккхе а йолуш, Делан пурбанца беркате а, сирла а кхане а хир йолуш, Делан лаамца!
Ларамца,
Джунидан МасIуд (Заурбеков),
Нохчийн Республикин
хьакъволу журналист,
РФ-н яздархойн союзан декъашхо,
«Исламан зIаьнарш»
изданин бухбиллархо.
Жима АтагIа – Соьлжа-ГIала

 

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*