Салам даларх а, цуьнан дозаллех а

kak-pomoch-prinyat-IslamБисмиллахIиррохьманиррохьийм
Хастам бу Далла, Iаламаш кхоьллина, кхобуш волчу. Делера салам-маршалла хуьлда маьрша дин даржош веанчу вайн Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан доьзална а, асхьабашна а, Къемат-де даллац царна нийсонца тIаьхьабаьзначарна а.

ХIай лераме бусалба ваша!
Салам далар бусалба динехь деза дуьйцу. Вайна хаза масал долчу вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен къамел шена дукхабезаш болчу асхьабашка салам даларца долош хилла. Вайн Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабаш (Дела реза хуьлда царна) чIогIа сутара хилла шаьш салам луш (къаьсттина, воккхачуьнга иза луш) хьалхе яккхарехь. Иза хилла церан Делерачу йоле сатийсар а, воккхачуьнга и хьалхе даларца цуьнан лерам алсам бар а.
Бусалба стага шен веше салам далар – цунна диканца, Делера цунна маршалла а, къинхетам бар а доьхуш, доIа дар ду. Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салам даржор вовшийн дезаран бахьана лерина, хIунда аьлча стаг шена дукхавезаш хилча бен цунна диканца доIа ца до. Ткъа вовшийн дезар а, дашар а – Дала тIедиллина долу вайна тIехь декхар ду.

Салам даларан дозалла
Салам даларан дозалла дуьйцуш дуккха аяташ а, хьадисаш а ду, царах цхьадерш хьахор ду вай.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Шайга салам кховдийча, цул хазачуьнца салам ло аш я и юхадерзаде». «Ан-Нисаъ», 82.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Шаьш хIусамаш чу довлуш салам ло вовшашка, Делан гергарчу лерамца а, цIена хиллачу маршаллица а». «Ан-Нур», 6I.
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шу ялсамани чу гIур ма дац аш ийман диллалц, шу ийман диллина хир ма дац шу вовшашна деззалц. Ас шу цхьана хIуманна тIе нисдай, аш иза кхочушдича, шу вовшашна дезар долуш? Шайна юккъехь салам далар даржаде». Муслим.
Iамран кIанта IабдуллахIа дийцира (Дела реза хуьлда цунна), цхьана стага Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира аьлла: «Исламехь муьлха Iамал ю дика?». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Ахь яахIума ялар (сагIа даккхар) ду; хьайна вевзачуьнга, вевзаш воцчуьнга ахь салам далар ду». Бухари, Муслим.

Салам даларан кеп
Салам даларан кхо кеп ю:
1) ассаламу Iалайкум (Делера маршо хуьлда шуна);
2) ассаламу Iалайкум ва рохьматулло́хIи (Делера маршо, къинхетам хуьлда шуна);
3) ассаламу Iалайкум ва рохьматулло́хIи ва барокатухIу (Делера маршо а, Цуьнан къинхетам а, беркат а хуьлда шуна).
Оцу вай ялийначу кхаа кепах салам даларехь алсам дерг деза ду, хIунда аьлча шен вешин доIанехь алсамвалар цуьнца долу дела. Иза билгалдина вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь.
Абу Давуда а, Тирмизис а далийна Хьусойнан кIентан Iимранан хIара хьадис (Дела реза хуьлда цунна), цо элира, аьлла: «Цхьа стаг веара Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу. Цо элира: «Ассаламу Iалайкум». Шегара салам схьаэцча, иза охьахиира. ТIаккха Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Итт (I0)». Юха кхин стаг тIевеара, цо элира: «Ассаламу Iалайкум ва рохьматулло́хIи». Шегара салам схьаэцча, иза охьахиира. ТIаккха Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Ткъа (20)». Юха кхин цхьа стаг а тIевеара. Цо элира: «Ассаламу Iалайкум ва рохьматулло́хIи ва барокатухIу». Шегара салам схьаэцча, иза охьахиира. ТIаккха Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Ткъе итт (30)».
Шен хьадисехь Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) билгалбаьккхинарг – салам даларан дозаллин барам бара.

Салам даларан гIиллакхаш
Салам даларехь, схьаэцарехь лелаш гIиллакхаш ду. Довзуьйтур ду вай царах цхьадерш.
I) Цхьана хIуманна тIехиъна вогIуш волчо гIаш вогIучуьнга лур ду салам.
2) ГIаш вогIучо хиъна Iаш волчуьнга лур ду.
3) КIеззиг болчара дуккха болчарга лур ду.
4) Жимачо воккхачуьнга лур ду.
5) Ша гуламера хьалагIаьттина дIавоьдучо бухахь буьсучаьрга лур ду.
Оцу гIиллакхийн дозалла а, нийса хилар а Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисашкахь билгалдина.
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцира, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьана хIуманна тIехиъна вогIучо салам лур ду гIаш вогIучуьнга, гIаш вогIучо – хиъна волчуьнга, кIеззиг болчара – дуккха а болчарга». Бухарис дийцинчу риваятехь ду, «жимачо воккхачуьнга», аьлла.
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шух цхьаъ гуламна тIе вахча, цо салам лойла; шух цхьанна дIаваха лиъча, цо салам лойла. Хьалхара салам далар шоллагIчул тIех хьакъ дац». Абу Давуд, Тирмизи.

Вовшахкхетча, куьг даларан а, юьхь елакъажоран а, новкъа вогIучунна мараэккхаран а дозалла
Барраа дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ши бусалба стаг, куьг даларца, салам а луш вовшахкхетар вац, и шиъ дIасакъастале хьалха цаьршинна гечдеш а бен». Абу Давуд.
Абу Зарра (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шега элира, аьлла: «Дикачу балхах хIумма кIезиг ма хетийла хьуна, хьайн вешина велакъажарца хьо дуьхьалкхетар а». Муслим.
Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцира: «Хьарисатан къант Зайд Мединате кхечира, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сан хIусамехь волуш. Иза неI а тухуш, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу веара. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цунна дуьхьал вахана, иза маравоьллира, цунна барт белира». Тирмизи.
Дала маьрша дахар а, вовшийн дезар а, вовшех дашар а лойла вайна.
Алиев Ахьмад

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*