СагIин дозалла

БисмиллахIиррохьманиррохьийм

ДешхьалхеСагIин-дозалла

Хастам бу АллахIана, комаршо, шукра, хаза хастам Шена болчу, сагIа луш болчарна рицкъа далар дукха долуш а, царна уггар дика бекхам бан чIагIо йина а Волчу. Ас хастам бо Цунна паргIатонехь, халонехь. Делера салам-маршалла хуьлда эвлаяийн тхьамда, Делах кхоьруш болчеран имам, хьокхуш болу мох санна, шен комаьрша куьг сагIа даларехь даима кховдийна волчу Мухьаммадна, цуьнан доьзална, халонехь, аьттонехь сагIа луш хилла болчу цуьнан асхьабашна.
Баккъал а, сагIа даларо хаза лар юьту, тIаьхье беркате а хуьлуьйту, и сагIа даьккхинарг цхьаъ велахь я цхьа тоба елахь, и сагIа даьккхинчунна дагна паргIато я синтем ца хиллехь а, я и схьаэцначу къечу стагана цунах хазахетар ца хиллехь а.
Суна лаьа, сагIин дозаллех лаьцна Iеламнаха аьлла дешнаш хьахо, хьалха заманахь а, хIинца а сагIанаш даьхначарех лаьцна мехала дийцарш дийца. Везачу Деле вай доьху церан сагIанаш къобалдар, вай ечу Iамалехь, олучу дашехь Цо вайн нигаташ цIена хилийтар.
Хьуна хоийла, цхьаболчу нахана сагIин белхаш бовза ма-беззара бевзаш цахилар. Царна моьтту, сагIадаккхар деккъа дохнаца доьзна ду, амма иза иштта дац. Цундела хIокху жайни чохь сагIин дозалла, цуьнан дакъош дуьйцуш дуккха а хьадисаш далийна. ХIокху жайнехь долу аяташ, хьадисаш, Iеламнехан дешнаш ахь дешча, хьуна девзар ду сагIин дакъош, цуьнан бехкамаш, и къобал хиларх юхатухуш долу бахьанаш.
Сайн къамел дерзош, Веза-Сийлахьчу Деле доьху ас дика Iамал ярна тIехь, цIена нийят хиларехь аьтто бар, Цо сайна гечдар, со маьрша витар. ХIай АллахI, тхо лардехьа гуш, ца гуш долчу питанех, тхан мохк, кхиболчу бусалба нехан мехкаш даима тешаме, маьрша хилийтахьа. ХIай АллахI, Айхьа тхуна тIехIиттийначеран ницкъ кхачийтахь Хьо реза волчу новкъа дIабаха. Делера салам-маршалла хуьлда вайна дукхавезаш волчу Мухьаммад-пайхамарна, цуьнан доьзална, асхьабашна, берриге а бусалба нахана.

СагIа даларан хьокъехь даьхкина цхьадолу аяташ

Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг (Делан дуьхьа, шен даьхни сагIина луш верг). – Цо цунна масийтта декъехь алсамдоккхур ду иза. И Дела рицкъанехь гатто еш верг, шорто еш верг ву, Цуьнга дерзор долуш а ду шу». «Аль-Бакъарат», 245.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шайн даьхни Делан новкъахь сагIина луш болчеран масал – буьртиган масалх тера ду, ша ворхI кан схьабалийтина а, хIора кена чохь бIе буьртиг а болчу. АллахI-Дала совдоккхур ду Шена луучунна, И Дела (комаршонца) шорто еш Верг а, хууш Верг а Ву. Шайн даьхни Делан новкъахь сагIина луш берш, цул тIаьхьа шайн сагIанаш тIехдеттаршций, халахетарш дарций хьеха а ца деш, – царна ял хир ю шайн Далла гергахь, кхерам а хир бац царна, гIайгIане а хир бац уьш. Хаза дош алар‚ гечдар гIоле ду шена тIаьхьа халахетар деш долчу сагIанал‚ АллахI хьал долуш а (шен халкъера хIумма ца оьшуш)‚ кIеда-мерза а (Iазап дарца сихо ца еш) ву». «Аль-Бакъарат», 26I-263.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш сагIанаш (нахана) гуш дахахь – дика ду иза (аш беш берг дика болх бу). Аш уьш къайлах даьхна, къечу нахана дIалахь – и ду шуна уггар деза дерг, цо дIадохур ду шун вуонаш, АллахI аш дийриг хууш ма ву». «Аль-Бакъарат», 27I.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шайн даьхни буса а, дийнахь а, къайлах а, гуш а сагIина луш берш – царна мел хир бу шайн Далла гергахь, кхерам а хир бац царна (къемата дийнахь), гIайгIане а хир бац уьш (дуьненахь шайх дIатиллачух)». «Аль-Бакъарат», 274.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш сихо е шайна Делера гечдаре а, стигланаш, латта санна шуьйрачу ялсамане а – Делах кхоьручарна кечйина йолчу. И нах бу уьш, шаьш паргIатонехь, халонехь болуш (хьалдолуш, къен болуш) сагIа луш, шайн оьгIазло хьулъеш (и чекхъяккха шайн ницкъ кхоччушехь), нахана къинтIера бовлуш болу, АллахI дика деш берш дукхабезаш (царна хаза бекхам бийр болуш) Ву». «Алу Iимран», I33-I34.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ахь ала: «Баккъал а, сан Дала шортта рицкъа ло Шен лех Шена луучунна‚ Цо цунна (рицкъанехь) гатто а йо. Аш (дикачу новкъахь) сагIина елла хIума Цо (Дала) меттахIоттайо, Иза рицкъа лучарах уггар диканиг ву». «Ас-Сабаъ», 39.
еза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг (Делан дуьхьа, шен даьхни сагIина луш верг). – Цо цунна масийтта декъехь алсамдоккхур ду иза, цунна сийлахь йолу ял а (ялсамани) хир ю». «Аль-Хьадид», II.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъал а, сагIа луш болу божарий а‚ зударий а‚ Деле юхалург хаза декхар луш берш – (Дала) царна масийтта декъехь алсамдоккхур ду иза, царна сийлахь йолу ял а (ялсамани) хир ю». «Аль-Хьадид», I8.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шу Делах кхералаш шайн ницкъ ма-кхоччу‚ аш ладогIалаш (шайна бечу хьехаме)‚ шу муьтIахь хилалаш (Дала бохучунна)‚ аш сагIа лолаш (Делан новкъахь) – и дика ду шуна шайна. Шайн синан бIаьрмецигаллех дIацIанбелларш – уьш бу-кх декъалхилларш. Аш духалург Деле хаза декхар лахь – Цо шуна иза масийтта декъехь алсамдоккхур ду‚ шуна гечдийр ду. АллахI баркалла олуш ву (дика динчунна)‚ кIеда-мерза а ву (къинош долчу Шен лешна сихха таIзар ца деш)». «Ат-ТагIабун», I6-I7.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш Деле юхалург хаза декхар ло (Делан дуьхьа, сагIа ло). Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг – шуна иза карор ду, Далла гергахь дика долуш‚ дукха йоккха ял йолуш. Деле гечдар деха аш, баккъал а, Дела гечдеш верг, къинхетаме верг ву». «Аль-Муззаммил», 20.

СагIа даларан хьокъехь даьхкина цхьадолу хьадисаш

Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу цхьа стаг веара, цо цуьнга хаьттира: «ХIай Делан Элча, ял алсам йолу сагIа муьлха ду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Ахь сагIа далар ду, хьо могаш а, сутара а, къеллах кхоьруш а, хьал хиларе сатуьйсуш а волуш; тIаьхьа а ма тетта ахь, са (валарна гергахь) къамкъарге кхаччалц, ахь ала а олуш: «Хьенехана иза ду, минехана иза ду, тIаккха иза хила хуьлу хьенехана». Бухари, Муслим.
АшIарин тайпана волчу Абу Малика (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ЦIано ийманан ахдакъа ду, альхьамду лиллахIи (АллахIана хастам бу) аларо мийзан терза хьаладузу, ткъа субхьаналлохIи, вальхьамду лиллахIи (АллахI шеца там мел боцчух цIена ву, АллахIана хастам бу) бохучо хьаладузу стигланашна а, лаьттана а юкъахь дерг, ламаз – нур ду, сагIа – ийманан билгало ю, собар – гIайгIа, бала дIабоккхуш серло ю, Къуръан (цо бохучунна тIевирзинехь) хьоьгахьа, я (цо бохучух дIавирзинехь) хьуна дуьхьал тоьшалла ду. ХIора стаг а Iуьйрре араволу, ткъа царех ву шен са духкург, и хьалхадоккхург (Далла муьтIахь хуьлий) я и хIаллакдийриг (Далла Iеса хуьлий)». Муслим.
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьа хурма бен яцахь а, ша гулдинчу цIенчу (хьанал долчу) даьхнех сагIа делларг милла велахь, ткъа АллахI хьанал дерг бен къобалдеш ма вац, баккъал а, АллахIа и (сагIа) къобалдарца схьаоьцу. ТIаккха и сагIа деллачунна Цо и кхиадо, ламанал доккха ша хиллалц, шух цхьамма говран бекъа я эмкалан кIорни кхиорах терра». Бухари, Муслим.
Абу Умамата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ХIай Адаман кIант, хьайна оьшучу барамал совдаьлларг ахь сагIина лахь, иза дика ду хьуна, ахь и ца луш хьайгахь сацадахь, иза вуон ду хьуна, хьайна оьшучу барамехь сацадарх бехк буьллур бац хьуна. Айхьа кхобуш болчарна тIера дIаволало хьо. Лакхара куьг (сагIа луш долу куьг) лахарчу куьйгал (сагIа схьаоьцучу куьйгал) дика ду». Муслим.
Ансарех волчу Абу МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьа стаг веара, жулар (дуьрста) тесна йолу эмкал ялош; цо элира: «ХIара Делан новкъахь сагIа ду». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Хьуна и бахьнехь Къематан дийнахь ворхI бIе эмкал хир ю, уьш ерриге жулар тесна а йолуш». Муслим.
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай Адаман кIант, сагIа ло ахь – Аса хьуна а лур ду». Бухари, Муслим.
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Лено олу: «Сан даьхни, сан даьхни», ткъа цунна шен даьхнех кхо хIума ду: цо ша диъна дIадаьккхинарг, я цо тIедуьйхина тишдинарг, я цо сагIина дIадаларца эхартана дIадиллинарг. И доцург, дIадолуш, цо (ша веллачул тIаьхьа) нахана дуьтуш а ду». Муслим.

(ТIаьхье хир ю)

Шун бусалба ваша – Iелин Сулайманан кIант Халид
Гочдинарг Магомедов С.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*