Рамазан беттан марханаш

01Марха кхабар – иза Делан дуьхьа нийят а дина, марха дохош долчу хIуманех юхавалар ду, сатесначул тIаьхьа малх чубуззалц йолчу ханна.
Лекха волчу Дала хьалхалерчу умматашна а тIедиллина хилла марханаш кхабар (хIора беттан кхо марха а, Iашуран де а).
Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «ХIай, ийман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар, шул хьалха баханчарна тIедилларх терра, шу хилийтархьама (Делах) кхоьруш».
(Аль-Бакъарат сурат, 183 аят)
Амма Рамазан бутт кхабар фарз деш билгалбаьккхина бац, вайн Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) умматана бен.
Иза билгалдоккху Лекхаволчун дашо: «…Шух (Рамазан) батте ваьллачо иза кхобийла».
(Аль-Бакъарат сурат, 185 аятан чаккхе)
Бухарис а, Муслима а (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцинчу хьадисо схьагойту, Рамазан бутт кхабар Ислам-динан баххех цхьаъ хилар:
«Ислам – ахь тоьшалла дар ду, АллахI воцург кхин Дела цахиларх а, Мухьаммад АллахIан Элча хиларх а, ахь ламаз дар а ду, ахь закат далар а ду, ахь Рамазан баттахь марханаш кхабар а ду, хьо ХьаьжцIа вахар а ду, некъана хьайн ницкъ кхачахь».
ХIокху аяташкара а, хьадисашкара а, хIорш доцучех кхечарах а вайна хаьа Рамазан беттан марханаш кхабар хIора бусалбанна тIехь фарз-Iибадат дуйла. Иза иштта дац бохуш верг керстаналла деш ву, Дала вай лардойла цуьнан декъахилар.
Къинхетаме волчу Дала Шен лешна лело ницкъ ца кхочург цхьа а тIедиллина дац. Цомгаш верг а, некъахо а, къенаниг а, кийрахь я дакхош бер долу зуда а, пхийттара валаза верг а – массо а шарIехь хьахийна ву. Царех цхьаберш марха дохо а, кхечу деношкахь доькхуш кхаба бакъо ерш а бу, хIора ца кхаьбначу денна шайна тIера фидъятана (Iибадат дайдарна Делан дуьхьа луш долу сагIа) цхьа кана ялта (цхьа стаг вуззал даар) сагIина дала дезарш а бу, шайн жималлина фарзаш хIинца а шайна тIехь доцурш а бу.
Лекха волчу Дала вайна тIедехкинчу Iибадатийн къайле йоккха ю, пайданаш дукха бу.
Иштта марха кхабарца а бу пайданаш. Бусалба стага ша кхаба ма-деззара цIенчу нийятца, бехкамаш ларбеш, марха кхаьбча, Делах кхерарца, шен Iибадатана дог самадолу цуьнан.
Марха, кхийолу Iамалш санна, цхьанна а гайта йиш йолуш дац, кхобуш волчунна а, Далла а бен хаа йиш йоцуш ду иза, тIаккха цIенна Делан дуьхьа хуьлу иза, рияъ (моттаргIа) шеца доцуш, сатесча дуьйна малх чубуззалц шайтIа юккъе дан йиш йоцуш. Цундела, Дала къастийна а, хастийна а Iибадат ду иза.
Лекха волчу Дала аьлла бохуш долчу Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) къудси хьадисехь ма ду: «Адаман Iамал ерриг цуьнан ю, марха доцург, баккъал а иза (марха) Сан ду, Ас цунах (къаьсттина) ял лур ю», – аьлла.
(Ахьмад, Муслим, ан-Насаий)
ХIара Рамазан бутт беза бутт бу, Далла лиъна, хIокху баттахь къаьсттина вай Шена муьтIахь хила, вайна гечдархьама.
Дууш-молуш даима шен гайн гIуллакхехь лаьтташ верг кхоччуш Далла муьтIахь хила йиш яц. Бан ма-безза безачу беттан лерам балур бац цуьнга.
Мацвалаза дукха хан яьлча, гуттар вуьзна лелча, къинхетам дIаболий, дегнаш чIагIло, тIаккха шен дог чIагIделлачо, дакъаделлачо диканиг дийр дац, вониг алсамдер ду цуьнгара.
Марха кхобуш волчун харц-бакъ шен лаамаш схьабоьхуш долу дегI гIелло, дог дуткъло, синкхетам самаболу, кIеда-мерза, гIиллакхе, къинхетаме хуьлу иза.
Ислам-динехь лараме хIума ду нах вовшашна гIо деш, къахеташ, вовшашка хьовсуш хилар.
Амма хьалдолуш волчунна, вуьзначунна хаа йиш ма яц мискачуьнгахь, мацвеллачуьнгахь долу хьал, ша мац ца велча, ша гIел ца велча. Далла муьтIахь хилла, ша марха кхаьбча, шена хаалур ду цунна мацалла муха ю, тIаккха даггара гIо дан а, сагIина хIума яла а мега цо.
Иштта, Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сийлахь долчу дийцаршкахь (хьадисашкахь) вайна гучудолу, марха кхабар – дегIан могашаллина а пайдехь хилар, синна паргIато луш а, достуш самукъане а хилар, эхартахь Шена дуьхьалвеъначунна, Дела реза хуьлуш, кхаьбнарг Цо резавеш, цунна хазахетар деш, ял луш, ялсамани чу вохуьйтуш хилар.
Рамазанан беркаташ дукха ду. Царех ю шена чохь Сийлахь долу Къуръан доьссина «Лайлатуль-Къадри» цIе йолу еза буьйса а. Оцу буса йина йолу Iамал эзар баттахь йинчул (83 шарахь, беа баттахь йинчул) дика ю.

Муртазаев С.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*


 
 

Политика конфиденциальности