Рамадан беттан беркат

1385264749092БисмиллахIиррахьманиррахьийм
Къинойх вай лардалийта а, ялсамане даха бахьана хилийта а вайна марханаш кхабар тΙедиллинчу Далла хастам бу. Делера къинхетам а, маршо а хуьлда, Цо пайхамараллина хаьржина волчу, (Делах) кхоьруш болчу нехан имам хилла волчу Цуьнан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цо аьлла: «Марха (къинойх ларвеш йолу) дуьхьало ю, сагIано къинош дIадойу, хино цIе дIаяйарх терра».
Марха деза хилар хууш ду, цунах йолу ял йоккха ю. Дикачу Iамалшна Дала ял иттанна тΙера ворхΙ бΙене кхаччалц совйоккху, амма марха Дала Шен ду аьлла, цунах Ша къаьсттина ял лур ю аьлла. Лекха волу Дела Шен лешца зуламе вац – комаьрша ву. Шен дуьхьа даар-малар дитина верг Цо ялсаманин стоьмашца кхобур ву, Салсабила олучу ялсаманин татолах цунна хи малор ду. Марха кхобуш, шен дегI лаамех сацийначунна, элира-бохура дитиначунна Дала ялсаманин мехкарий долабохур бу. Далла гергахь долу ниIматаш дукха ду, нахана хууш дерш кIезиг ду. Марха кхобуш волчун багара хьожа, Далла гергахь миск олучу IатIарал а хаза ю. Ялсаманин Райян олуш цхьа неI ю, марханаш кхаьбнарг бен цу не1арх чугIур воцуш.
Лекха волчу Дала аьлла: «Баккъал а, (Делах) кхоьруш берш (ялсаманин) бошмашкахь а, ниIматашкахь а хир бу, шаьш Кхиош-кхобуш волчо шайна деллачуьнца зовкх хьоьгуш. ГIоза даа, гIоза мала (эр ду цаьрга) шаьш йина Iамалш бахьанехь».
(Къуръан, 52 сурат, 17,18,19 аят)
Делан дуьхьа, ша кхаба ма-деззара марханаш кхаьбнарг, пайхамаршца а, эвлаяашца а, шахIидашца а цхьаьна хир ву, Дела реза хилар а ду цунна. ХIокху дуьненахь кхин барт хаттаран таIзар дар доццушехь, цIенна Делан дуьхьа ма ду цуьнан марха кхабар. Дала ял лур йолуш долу доккха собар ма ду иза, довхачу а, дехачу а дийнахь дууш, молуш доцуш Iер. Лекха волчу Дала доIина жоп луш ву Цуьнан дуьхьа марха кхобушверг. Ши хазахетар а ду цунна:марха достучу хенахь дерг а, хьесапна Далла дуьхьал хIоьттича дерг а. Шен мархано харцлерах, мотт-эладита лелорах, гIийбат-бухIтанах, эрна къамелах, цаоьшучу хьежарх, цамегачуьнга ладегIарх, вон а, боьха а мел долчух а сацош воцург – Далла оьшуш дац цуьнан мацвалар а, хьагвалар а, ша марха кхобу бохуш цо шена хало яр а.
Шега дов хьедеш цхьаъ велахь, марха долчо олийла: «Сан марха ду, сан марха ду». Ша-шех воккхавер доцуш, рияана а доцуш, шен марха лардеш олийла цо иза.
Дийнахь марханаш кхаьбначунна, хьалха цо диначу къиношна гечдар хир ду. Буса ламазаш деш лаьттинчунна Делан къинхетам а, йоккха ял а хир ю. Буьйса денъяр дац, чайнаш муьйлуш, шен бусалба вежаршна луьйш, гIийбаташ деш, уьш сийсазбеш Iер. Къуръан доьшуш, таравийхь-ламазаш деш, Лекха волу Дела хьехош, Цо кхоьллина мел долчу хIуманан ойла еш, дагца а, маттаца а Цунна хастам бар ду.
Рамадан баттахь а шена гечдар ца лехначо – шо эрна довр ду-кха цуьнан.
Рамаданан тIаьххьарчу итт буьйсанна а (таравийхь) ламазаш ца деш Iийначунна, уггаре а бакъ дош, Делан къамел, Къуръан, доьшуш шен самукъа ца даьккхинчунна – Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннатах хадарна, боккха эшам хир бу.
Рамаданан тIаьххьарчу итт буьйсана, ша вуьжу мотт дIанисбой, Далла Iамал еш, вижар кIезиг долуш, шен зударех дIахерлуш хилла Делан салам хиларг. Шен доьзал а Iамална самабоккхуш хилла цо. Лекха волчу Делан дашца Iамал еш, Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «Кхайкха (доIа де) шаьш Кхиош-кхобучуьнга мукIар хиларца а, меллаша а (доIа деш маьхьарий ца детташ, хабарна тIерахилар доцуш). Баккъал а Цунна ца беза дозанах бовлурш. Боьханиг ма леладе лаьттахь (Iесаллица а, ширк дарца а), (Элчанаш бахкийтина) иза цIандинчул тIаьхьа. Кхайкха Цуьнга кхерарца а (Цуьнан таIзарх), дог дахарца а (Цуьнан къинхетаме). Делан къинхетам герга бу (Цуьнан омрана) муьтIахь болчарна (Цо дихкинарг дуьтуш болчарна)».
(Къуръан, 7 сурат, 55, 56 аят)
Вай Кхиош-кхобуш волчу Дала, Рамадан беттан хIора дийнахь, (жоьжахатина хьакъ хилла болчу Шен лех) бIе эзар лай Iазапах хьалхавуьту, тIаьххьарчу буьйсана берриге а баттахь хьалхабиттинчул кхин а оццул Iазапах хьалхабуьту. Буьйсана оццул къинхетам Дала беш хилча, ткъа дийнахь дерг муха хила деза?! Iазапна хьакъ болчу нахана оццул дика болх хилча, ткъа Делах кхийрина болчу дикачу нахана хIун бекхам хила беза?! Дика Iамалш еш, Далла хьесталуш, шайна гечдар доьхуш, велларг дIавуллуш, цомгашчарна зераташ деш, дай-наной резабеш, буоберийн а, уьш кхобучеран а доладеш хиллачеран бекхам хIун хила беза?!
Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматан санна лерам цхьана а умматан бина бац Лекха волчу Дала; Рамадан баттахь къиношна гечдеш, сакхташ хьулдеш, доIанашна жоп луш, мел совбоккхуш.
Элчано аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Пхи ламаз а, рузба а – вукху рузбане кхаччалц, Рамадан бутт а – вукху Рамадане кхаччалц, царна юккъехь дина долу къинош дIадойуш бу, даккхийчу къинойх ларвелчахьана». (Даккхийчу къиношна, даггара дохковаьлла, тоба дан деза, кхин цаьрга воьрзур воцуш. Делан къинхетамах дог дилла мегар дац).
Иштта Делера салам хиларо аьлла: «Рамадан бутт тIебеача, ялсаманин неIарш схьайоьллу, жоьжахатин неIарш дIакъовлу, шайтIанашна буржалш туху». Иштта цо (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Рамадан баттахь Дела хьехийначунна гечдар хир ду, оцу баттахь Деле дехнарг жоп доцуш дуьсур дац».
Цхьана стага Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу веана хаьттина хилла: «ХIай Делан Элча, ас АллахI воцург кхин Дела вац, хьо АллахIан Элча ву аьлла тоьшалла а дахь, (дийнахь-бусий) пхи ламаз а дахь, (сайн дохнна тIера) закат дIалахь, Рамадан беттан марханаш кхабахь, (таравийхь) ламазаш дахь, тIаккха со хьанах хуьлу?» Делера салам хиларо: «Даима а бакълуьйш болчарах а, (Делан новкъахь декъала хиллачу) шахIидех а хуьлу», – аьлла, жоп делла цунна.

Веза-Сийлахь волчу Дала Шена муьтIахь болчарах дойла вай.
Муртазаев Сайдмохьмад

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*