ПIераскан дийнан лерам беш…

SONY DSC

Бусалба нехан дезде ду пIераскан де. Цу дийнан хьакъболу лерам бар тIехь ду хIора а бусалба стагана.
ПIераскан дийнан хазачу гIиллакхех ду сагIа далар а, дика гIуллакхаш дар а.
Вайх хIора а ву Делера ял хиларе а, Делан къинхетаме а догдохуш.
Дукха ду Дела резаван некъаш а. Амма дуьненан дахарна саьхьарадевллачу вайн хан ца хуьлу цу некъийн ойла ян, цхьадолу хIума тIаьхьа а теттина, вай эхартана ял яккха хьаьвсича, вайна и эзарза пайде хирг хиларх кхета а.
Делахь а, дукха карабо вайна юкъахь хазачу гIиллакхашца Делан новкъахь нисбала къахьоьгурш. Царах ву «МI» цIе йолчу ягориг юхкучу станцин куьйгалхо Музаев Тимур.
ПIераскан дийнахь къаьсттина дукха машенаш го цо куьйгалла дечу станци хьалха – дукха хуьлу цу дийнахь шайн машенашна ягориг кхузахь эца лууш берш. Цунна бахьана пIераскан дийнахь кхузахь бензин механа дорах хилар ду.
Доккха хIума а ма дац и аьлла хетадала тарло, амма иштта кегийчу гIуллакхашца хIорамма а шен ницкъ кхочург дича, бусалба умматан Iар-дахар а аттачу дер дара, эхартна ял а хир яра.
Дала аьтто бойла хьан, Тимур! Дала беркат дойла хьуна айхьа мел лелочух! Делан дуьхьа динарг цкъа а довр дац хьан!

Рамзанов М.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*