Нохчийчоьнан имам – Воккха-Хьаьжа

photo_2017-05-02_16-13-02

Воккха-Хьаьжа, Сесанара-Хьаьжа, Хьаьжа-Индаре, Ташу-Хьаьжа. Уьш ерриге а цхьана эвлаян цIерш ю. Цуьнан бакъйолу цIе Ташу-Хьаьжа хилла. Оьрсийн хьостанаша билгалдаккхарехь, иза Дагестанерчу гIумкийн Эндери эвлара схьаваьлла ву. Амма и шеконе дуьллу Ташу-Хьаьжина тIаьхьа хIиттинчу цхьаболчу нохчийн мурдаша. Цара и Нохчийчуьра вахана хилла боху Эндери-эвла.
Шеко йоцуш дерг цхьаъ ду: Дагестанехь гIараваьлла волчу Мохьамадал ЯрагIис бусалба дин Iамийна ву Ташу-Хьаьжа. Цуьнан дуьнентIе валарх, бераллех, тайп-тукхамах, гергарчарах лаьцна материалаш ца карийра тхуна, оьрсийн дукха документаш, нохчийн шира тептарш кегорах. Бакъду, 2008-чу шарахь Iаьрбийн маттахь зорбатоьхначу жайни тIехь хьахийна ду: I8I0-чу шарахь шен устаза Мохьаммадал ЯрагIис шена билгалйинчу нохчийн цхьана юьрта веара Индарера Ташу-Хьаьжа. Оцу юьртахь, цунна накъост, гIоьнча хир ву аьлла, билгалвина, Сесанара аренга охьавеана, юьртахоша лоруш, вехаш-Iаш цхьа стаг вара. Цунна тIевоьссира Ташу-Хьаьжа. ХIусамдена бийцира цо ша арабаькхина некъ. Нохчийчохь бусалба дин цIандар, чIагIдар дара цуьнан коьрта декхар, аьлла.
Нохчийчохь даьржина ши тIарикъат ду: къадирин, накъашбандийн.
Къадирин тIарикъат Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а даржийнарг Иласхан-Юьртара Кунта-Хьаьжа (Хьаьжа) ву. Мохь туххий зуькар деш, тIараш детташ, гонехь Iамал ечу къадириййатех къаьсташ бу, го бина охьаховший, меллаша зуькар деш, тийна дуьненахь Далла хастам беш болу накъашбандин тарикъатан декъашхой. Хаваж-Баудди Накъашбанди ву и тIарикъат дуьххьара даржо долийнарг.
Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIекхаччалц хьалайоьдуш ю и ший а тΙарикъат кхайкхош хиллачу Iелимнехан силсил.
Оцу «силсил аз-захIабийят» олучу «дашочу зIенан» чIагаршна юкъахь хьакъ йоллу меттиг дIалоцу Къилбаседа Кавказехь и тIарикъаташ даржо долийначу гIазгIумкичо Мохьаммадал ЯрагIис. Цунна тIаьхьахIиттинчу Iелимнахах бу Сесанара Ташу-Хьаьжа, Сиржа-Эвлара Умалт-Шайх, Зандакъара ГIеза-Хьаьжа, кхиберш.
Мохьаммадал ЯрагIис Ташу-Хьаьжина тIедиллина хилла накъашбандин тIарикъат Нохчийчуьра Анапе кхаччалц долчу латтанашкахь довзийтар, даржор, цунна леррина бакъонаш, шайхан дарж луш.
Ташу-Хьаьжин васт ша-тайпа къаьсташ ду нохчийн эвлаяашна юкъахь. Иза динан да хилла ца Iаш, гIараваьлла тIемало хилла. Таймин Биболатан цIе политикин хьаьрмахь хьехор лахлучу I830-чу шерашкахь лата болало Ташу-хьаьжин сийлаллин седа.
I830-чу шарера I843-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь Нохчийчохь, Дагестанехь дIахьочу къоман паргIатонехьа болчу къийсамехь имам Шемалца цхьаьна оьрсийн документашкахь хаддаза хьехош ю Ташу-Хьаьжин цIе. Ташу-Хьаьжа Iеламстаг хиларе хьаьжжина, бусалба дин Къилабседа Кавказехь даржор шен декхар хеташ хилла цунна. Кавказехь накъашбандин тIарикъат дуьххьара юкъадаьккхинчу гIараваьллачу гIазгIумкин шайхан Мохьаммадал ЯрагIин мутаIелам хилла ву иза. Имамашна ГIеза-Махьмина, Шемална гIазотан идеологи йовзийтина, церан хьехамча ву Мохьаммадал ЯрагIи.
Къоман маршонехьа латточу къийсамехь яккхий новкъарлонаш йора нохчашна юкъахь яьржинчу вочу амалша: къаркъа мийларо, томка озаро, кегийрхой баккхийчаьрца эвхьазбийларо, цхьаболчу мехкарийн маьттаза леларо, гIиллакхаш цалараро.
Оцу хьолехь вуно ледара даьллера дин лелор, ламаз-марха лардар, бусалба нехан сийдар. И дерриге а нисдан оьшуш дерг луьра низам дара. Адамийн дог-ойла гIатто, уьш шайн къийсамехь чIагIбан бусалба динан хаза гIиллакхаш марздан дезара. Кегий нах ийманехь, оьздангаллехь кхио безара. Ламанца, аренца йолчу нохчийн ярташкахь бусалба дин чIагIдан волавелира Ташу-Хьаьжа, даима шена уллохь Девкар-Эвлара Уди-молла волуш.
Хатуев Iабдул-Хьамидан
жайни тIера

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*