Нохчийчохь хьошалгIахь

Screenshot_20170802-102555Нохчийн Республике хьошалгIа веана СаIудийн Iаравийн Россин Федерацехь волу векал ИбрахIим Али Аль Расси шен хIусамненаца а, белхан накъостаца а цхьаьна.
Соьлжа-ГIалин аэропортехь хьеший тIеоьцуш НР-н Правительствон Председатель Р. С.-Х. Эдельгериев а, НР-н муфти Межиев Салахь, НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, НР-н транспортан а, зIенан а министр Черхигов Р.С-Э. а вара.
Шина дийнахь Iан дагахь ву Расси Нохчийчохь. Цу заманчохь иза лерина ву шен хIусамненаца цхьаьна республикин туристически комплексе кхача а. Цул сов, Iабдулрахьман ИбрахIим Али Аль Расси НР-н Куьйгалхочуьнца Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь цхьаьнакхетар дIадахьа лерина ву.

Заза

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*