Нохчийн къаной

юьртахой

Рузба чекхдаьлча я мовлад дIадирзича, цига ван ца луш, кIелвисинчу лазархочунна тIехIитта нийсархой боьлхуш цхьа хаза гIиллакх ду вайн.
Иштта вовшахкхетта хIара къаной гича, дукха ойланаш гIуьтту.
Нохчийн лаьмнаш, ярташ хазйийраш вайн къоьжа къаной бу олий а хетало.
Диканехь я вонехь и безамехь къаной гича, самалхадолу. Дахаран зераша йитина лар го церан хьекъалечу бIаьргаш чохь, муьлхха а гIайгIа я сингаттам листа собар а го.
Петирова ПетIамат

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*