Новкъа воьдуш-вогIуш

Roads_Mountains_Evening_Scenery_Asphalt_557583_2560x1440ТIаьхьарчу шерашкахь хаъал лахделла Воккха-Дадин вахар-вар. Цунах дерг хьахаделча: «Дадин голаш язъелла», — олу цо, леткъамаш бар доцуш, ша къаналле лестина хилар хоуьйтуш. Шен дахарехь дукха некъаш гездина цо Нохчийчохь а, махкахь ваккхича Казахстанехь а. Дукха гина вуонаш, халонаш. Баланаш, Iазапаш, мацалла, шело, гIело лайна. Амма цкъа а иза нохчийн гIиллакхех, собарх, стогаллех воьхна меттиг ца еана.

«Голаш язъяларна» хIинца, дукха хьолахь, цIахь, ков-кертахь хуьлу иза. Тахана а Iа иза, лохачу гIанта а хиъна, дага еш. Балхана «чувоьллачу» цунна хаа а ца делира луларчу урамера Хьасан а, Хьусайн а шена тIевогIуш. И шиъ кест-кеста вогIура Воккха-Дада волчу, кхуьнга гIиллакхех, вайн дайн Iадатех лаьцна хаза хабарш дийцийта.Тахана а веанера некъан гIиллакхех дер мелла а алсам довза, цо довзийтинарг дахарехь лело лиъна. ТIаьххьара, гIордаз а хьокхуш, дага шарйина иза ваьлча, Хьасана дийхира Воккха-Даде шаьшшинна жимма некъан гIиллакхех лаьцна джийцахьара, аьлла.

Шен белхан гIирсаш юьстах охьа а бехкина, шина кIента бIаьргаш чу хьаьжна, церан ойла евзича санна долийра:

— ГIиллакх экаме хIума ю. Иза лар ца деллачохь херло адамийн юкъаметтигаш. Ткъа иза ларделлачохь адамашна юкъахь уьйр-марзо хуьлу, беркат лаьтта. Вайна массарна а хууш доллушехь дуьйцу ас цунах лаьцна. Дуьйцу, вай – къоначара а, къеначара а – массара а гIиллакх лардар сайна дезарна. Вайн къоман гIиллакхаш эзарнаш шерашкахь нохчаша шайн дахарехь зийнарг а, зеделларг а ду, цхьана низаме, къепе дерзийна долу. Вайна иза денна хаало некъаца дIасалелаш, балхахь, юкъараллехь – массанхьа а.

Цхьанхьа ваха новкъа ваьлла хилча я новкъахь цхьаьна нисвелча, воккхачунна, дешначунна, говзалла лакхара йолчунна, хьешана, ненахочунна, стунцахочунна, гергара йоцчу йоккхачу зудчунна, аьрру агIор, цхьа гIулч тIехьа озавелла хила веза. Кхоъ цхьаьна воьдуш хилча, юккъехь хила беза вай лакхахь хьахийна болу (ларам бан беза) нах. Церан аьтту агIо кхочу уггаре а жимачунна. Иза хьадалчин меттиг лерина. ДIаяханчу заманашкахь некъан хьовзамаш кест-кеста хуьлуш хилла. Цундела доьналлица, ницкъаца тоьлла верг юккъехь вогIучунна аьрру агIор хуьлуш хилла. И гIиллакх ларделла вайна юкъахь. ХIинца новкъа вогIуш хилча а и лардар тIехь ду.

Зудчуьнца дIасавахар нисделча, юккъерчу гергарлоне хьаьжжина хила деза дIахIоттар. Нагахь санна стагаца араяьлларг цуьнан йиша, шича, маьхча елахь, иза аьрру агIор, ах я цхьа гIулч тIаьхьа ян еза. Цо массарна а гойту цуьнца верг цунна бехке стаг хилар. Нагахь санна стагаца новкъа йогIуш ерг йоккха стаг, я хийра зуда (йоI) елахь, иза цунна аьтту агIор ян еза, кIеззиг юха а озаелла. Цхьана могIаре хIоттар гIиллакхе дац.

Вайн гIиллакхашца ул-улле хIоьттина кхоъ вар – уьш зен-зуламна арабевлла цахиларна билгало хилла. ВорхI-ворхI цхьана могIаре нислуш новкъадовлар – нускал цIа дало боьлхуш хиларан я нускал далош богIуш хиларан билгало хилла. Ткъа исс-исс цхьана могIаре хIуттуш тоба новкъа йогIуш хиларехь, хууш хилла, и нах стаг витийта боьлхуш хилар. Вайна юкъара дIадевллачу новкъа ду и гIиллакхаш. Делахь а шуна хаийта, шуьга шайна тIаьхьа богIучаьрга дIакхачадайта хьахий ас иза.

Тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь а, мажлисашкахь а хиттийна вай гIалин маршрутийн автобусашкахь хIокху заманахь лелон догIучу гIиллакхех лаьцна. Автобуса тIе хьалаваьллачу воккхачу стагана (йоккхачу стагана) охьахаа меттиг яла еза боху вай. Бакъду иза. Делахь а, даима хуьлий — те царна меттиг яла езаш, уьш охьаховшийта безаш хьал? Наггахь, воккха стаг хьалагIаьттина а йоI, къона зуда охьахаийта езаш хьал ма нисло. Автобус йоьттина ирахь богIуш кегийрхой, божарий хилча, йоI, зуда хьала а гIаттийна воккханиг, къано охьахаар, цунна гIиллакх цадовзар я цо гIиллакх цалардар ду. Муха мегар ду, ха хонах а хьекхалуш, йоI кегийрхошна юкъахь латтийтар? Маггане а мегар дац! Эхь ду!

Цхьана дийнахь иштта сурт гира вайна. Йоьттинчу автобуса чохь ирахь лаьтташ берш берриге а божарий бара. Цхьана социйлехь автобуса тIе хьалаелира цхьа йоккха стаг. Цунах бIаьрг кхетта йоI, чухула дIасахьаьжира. ЦIиелира, эхь хетта. Хьала гIаьттича кегийрхошна юккъе дIахIотта езара иза. Ца гIаьттича гIиллакх доцург хуьлура. Холчохь яра йоI. Кхин Iа а ца елла: «Деца, схьайола, кхуза охьахаа», — аьлла, хIалагIаьттина, кегийрхошна юккъе дIахIоьттира иза, хIоттаза а ца яьлла. «Деца-м» дукха сиха охьахиира, ур-атталла «Дела реза хуьлда» а ца олуш. ГIиллакхе дацара «децас» динарг.

ГIиллакх цадовзарх ду иза. Я ша мухха лелча а бенцахетар ду. Йоккхачу стагана гуш ма дара йоIмел къийлалуш, эхь хеташ лаьтта. Шеца хIоттийнарг гIиллакх хиларан ойла а ца йо. ГIиллакхна дуьхьал хIоттийначу гIиллакхал хаза хIума дан а ма дац. Цо оцу йоIе ала догIура: «Хуур яц дера со-м охьа. Хьо бакъахьа ю хиъна Iийча. Суна божаршна юххехь латтарх хIумма а хир дац я со гена яха езаш яц». Цо и ца дира. ТIех йоьттинчу автобуса тIе иза хьала ца яьллехь а дацара хIумма а, нехан меттиг ца йохо. Иза а хир дар-кха хаза гIиллакх.

Оцу йоккхачу стага хIоттийна тамехь доцу сурт гуш хиллера тIехьарчу гIантахь хиъна йогIучу кхечу цхьана йоккхачу стагана. Меллаша шен меттара хьалаайелла, йоI шена тIеехна: «Кхуза охьахаал, йоI», — аьлла лохха, амма хадам боллуш, цунна охьахаар тIедожийра. Эхь хетта, кхохкаелла йоI, «Дела реза хуьлда», — аьлла охьахиира. И шиъ вовшах кхийтира. ГIиллакхо гIиллакх лехира. Ма хаза дара и. Ши-кхо социйла тIех яьлча, йоккха стаг машенара охьайоьссира, водительна «Дела реза хуьлда», пассажирашка: «Некъ дика хуьлда шун», олуш.

Наггахь автобуса тIехь иштта хьал а хIутту. Жимачу бераца лаьтташ йоI хуьлу. Цунна охьахаа меттиг ялар тIехь ду вокхачунна а, къоначунна а. Вайн гIиллакхца догIуш дац иза ирахь латтийтар. Иштта гIиллакх хIоттон деза, шух долу эхь-бехк дала лардойла, пхорачу зудчуьнца а. Амма, халахеташ делахь а, нисло цаьрца гIиллакх ца лелош, царна машенахь охьахаа меттиг ца луш, некъ ца буьтуш меттигаш.

Кхечу халкъийн векалша а хестош ду вайн воккхачунна некъ битаран, цуьнан некъ цахадоран гIиллакх. Иза, Делан къинхетамца, вайн кегийрхоша лардеш ду, къаьстина ярташкахь. ГIали юккъехь башха ца нисло уьш лардар. Жима а, воккха а цхьанхьа сихвелла хуьлу кхузахь, стенна делахь а.

ХIокху заманан сихаллица болар нисдан гIерташ санна, хьаьвдда-девдда лелаш долчу вай, мелла а, дицдан долийна воккхачунна новкъахь тIаьхьакхиъча, хьалхаваьлла дIавахаран гIиллакх. Шен боларехь воьдучу къаночунна тIаьхьакхиъча, вист ца хуьлуш, тIехваьлла дIавахар-м стенна дуьйцура, Iуьйре, де, суьйре дика йина, хьалхаваьлла дIавахар кхачаме дац. Де дика диначул тIаьхьа, цунна аьрру агIор а волуш, цхьа гIулч тIаьхьа а сацавелла, цуьнца болар нисдина ван веза, цо хьалхаваьлла дIаваха пурба даллалц. Цо иштта (я герггарчу хьесапехь иштта) пурба дала догIу: «Жима къонаха (кIант, йоI), хьо сиха хир ву. Вайшиннан болар цхьаьна догIур дац. Дела резахуьлда хьуна, хьайн гIуллакхе дIагIо»… ТIаккха, къаночуьнга: «Со хьажа, саца оьшуш хумма а дуй?», — аьлла хоттур ду. Цкъа а, цхьана а нохчийн воккхачу стага жимхе саца а, шен гIуллакхе хьажа а эр дац оцу хьолехь.

Уьш а, кхин а ду некъаца воьдуш-вогIуш вайн дайша лелийна, лелор вайна тIехь долу гIиллакхаш . Уьш лелон, лардан Дала хьекъал, кхетам, ийман, собар лойла вайна», — дерзийра Воккха-Дадас шен къамел.Цуьнан Iадика а йина дIавахара Хьасан а, Хьусайн а.

Дадаев Сайд-Хьасан

 

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*


 
 

Политика конфиденциальности