Нийса дерг иштта ду (Историкийн а, яздархойн а тидаме)

8 001Иласхан-Юьртарчу Хьаьжин (къадирин т1арикъат вайн махка деана волу Кишин во1 Кунта-Хьажа) дуьненчу валар мичахь хилла ду, Иласхан-Юьртара зерат муха кхоьллина ду, бохуш хаттарш хIуьтту вайна хьалха, уьш хIуьттур ду тIаьхьарчу тIаьхьенна а, нагахь ма-дарра дерг яздина охьа а диллина, оцу белхан бала болчарна бакъдерг д1а ца довзийтахь. Оцу белхан нийса некъ гайтархьама, массарна а – историкашна, муридашна – цхьа бакъдерг дало лаьа суна. Хьаьжа Мелчхехь дуьненчу ваьлла, цул тIаьхьа цуьнан 7 шо кхаьчча, Иласхан-Юьрта дIакхелхина церан доьзал, бохуш яздо цхьаболчу историкаша, ткъа цунах тхуна хууш дерг а, нийса дерг а иштта ду.
Сан кхоалгIа да Илес, Киши-Хьаьжа, вайн махкахь къадирин тIарикъат хьоьхуш, дIаволавелчахьана, уггаре а хьалха цунна тIаьхьаваьзначарех цхьаъ ву, ишттачарех ву цуьнан девешин кIант – шича, тхан юьртарчу кешнашкахь зерат а долуш волу Долакхин кIант Эскарха-Хьаьжа а. Уггаре а хьалха Хьаьжица кхиънчу муридех муридаш хилла уьш. Илес Хьаьжица махках а ваьккхина, цуьнца дIалецначу муридашца дIавигна хилла. Цигахь Делан кхиэле вирзина хилла и, Хьаьжас а, цуьнан вашас Мовсара а лахьти чу а верзош. Цигахь и дIакхелхина а, циггахь дIавоьллина а хилар дийцира Гихт1арчу Коврнакъас, Хьаьжица лаьцна хиллачу цуьнан муридех цигара цІавеанарг и цхьаъ вара. И цІавеана аьлла хезна, тхан дедеваша Іадсалам (Хьаьжин муридийн туркх а, Хьаьжин доьзалашца – Махьмица, Мовлица – цхьаьна кхиъна а волу, шен да Илес, Коврнакъе хатта, Гихт1а вахана хиллера. Цо дийцира, Илес набахтехь цомгаш а хилла, лазартне вигна хиллера аьлла. «И лазартне дIавигна цхьа бутт баьллачул тIаьхьа дара и, – кхидIа а дийцира Коврнакъа.–Тхо набахти чохь дара, дехьарчу камера чохь Хьаьжий, цуьнан ваша Мовсаррий, сехьарчу чохь тхо, Хьаьжин муридашший. Тхуна 1990 г. Илисхан-Юрт. Так выглядело дерево, посаженное шейхом около зияртаюккъехь цхьа ога дара. И юккъехула иккхина хиларна, вовшашна ган ца гахь а, вовшийн хаза йиш яра тхан. Цхьана буьйсанна Хьаьжа оцу херо йолчухула вистхилира тхоьга, лазартне вигна тхан накъост Илес кхелхина, Iуьйранна вай схьавоьхур ву и, вайн дино ма-бохху и дIаволла, и бакъо а лур ю вайна Iедало, аьлла. Iуьйранга девлча, неІ туьйхира оха. ТIаккха неІаре хІоьттинчу надзирателе лазартне вигна тхайн накъост кхелхина аьлла, Хьаьжас тхайга хаийтар дийцира оха, бусалба дино ма-бохху и дIаволлийтар дийхира. «Дика ду, и кхелхина хилар тхуна хууш дац, ладугIур ду оха шун дехаре», – аьлла, дIавахара и. Цул тIаьхьа цхьа сахьт даьлча, тхан неІ дІа а йиллина, элира тхоьга, шайн накъост шайн дино ма-бохху дIаволла бакъо ю шуна, аьлла. Тхо пурхе чу арадаьхча, дехьа чуьра араваьккхина лаьтташ Хьаьжий, Мовсаррий вара. И шиъ хьалха а волуш, ара а девлла, лазартне а дахана, тхайгахь йолу таро вовшах а тоьхна, цунна тIаьхьа боккха ка а буьйш, маха а беш, Хьаьжас а, Мовсара а лахьти чу а вуьллуш, дIавоьллира оха Илес».
Цул тIаьхьа, тхан дедас Iабдул-Къедира ша кхиа а кхиъна, Iеламстаг шех хилча, Иласхана-Юьртахь, зератана хьалхха юьртахоша йинчу хьуьжарехь мутаIелимашна бусалба дин хьийхира. Майртуьпарчу Айдамар-Хьаьжин цIарах йина хилла иза илсханюьртахоша, цуьнга цу чохь хьехийтар Iалашо йолуш.
Айдамар-Хьаьжа гIаш борхIазза ХьаьжцІа вахана а волуш, цкъа вахча, шолгІачу шарахь хьаьждан баьхкинчу вайнахаца бен цІа а ца вогIуш, цигахь Iилма а, Iаьрбийн мотт а Iамош, иштта лелла стаг хилла. ТIаьхьуо, и воккха хилча, Цоци-Эвлахь маьждиган имам лаьттина и. ХІинца Майртуьпахь зерат долуш ву и. Айдамаре цу хьуьжарехь хьехийтар хIун бахьана дара аьлча, Иласхан-Юьртарчу шайхан мурид хилла иза, кхераме жайнаш ша доьшуш волчу хенахь, межлисехь къамел деш Хьаьжа а волуш, цуьнан беркат а, асар а шега кхаьчча, цуьнга аьлла хIумма а доцуш, Делан дуьхьа и шен устаз лаьцна, иштта Хьаьжин мурид хилла и. И хьуьжар йина бевлча, Айдамар вало бахана уьш. ХIорш дIакхаьчча, Айдамара аьлла, ша воккха хилла, шех шуна накъост хир вац. Делахь а, кхара чІогІа дехар дина хилла цуьнга, вагІахьара хьо, и хьуьжар хьан цІарах а йинера оха аьлла. ТIаккха шен хIусамнана схьа а кхайкхина, цуьнга цхьацца весеташ дан хIоьттина и, ша велча, шена тIаьхьа хІара а, важа а делахь бохуш. Ткъа зуда цецъяьлла хиллера: «Ва стаг, борхIазза Макка воьдуш а ма ца динера ахь и весеташ, хІинца Майртуьпара мохь тоьхча а хезехь йолчу Иласхан-Юьрта воьдуш, ма чIогIа весеташ деш ву хьо». Ас бохучуьнга ладогIа ахь, бохуш, юха а шениг дуьйцуш хилла Айдамара. Шаьш арадовлуш, стерчий сихдай, ма-йоьдду яхийталаш, Айдамара а олуш, бахана дIакхаьчна хIорш хьуьжаре. Цига дIакхаьчча, сиркхо чIагIъелла хиларна, айвина чувигира иза. ТIаккха Айдамар-Хьаьжас элира: «Сан дегI дика дац. Пхьуьйра ламаз хало хир ду суна дан. Цундела маьркIажчуьнца тIе а оьзна дийр ду ас». Цамгарца хилча, иштта дан мегаш ду и. Цул тIаьхьа, пхьуьйра хан хилале, Айдамар-Хьаьжа дIакхелхина. И дIакхалхале, билггал и валаволлий хиъча, шаьш и цу хьуьжарехь хьеха валийна волу дела, и цуьнан цIарах а йолу дела, хаьттина цуьнга, хьайл тIаьхьа кху хьуьжарехь хьеха цхьа а билгалвой ахь, аьлла. Варандарчу Саламах я Хоси-Юьртарчу Iабдул-Къедирах цхьаъ шайна луъург хIоттаве, аьлла хиллера Айдамара. Iилманан кIорге йолуш волчу цунна хууш хиллера вайн махкарчу Iеламнехан хаарийн барам. Варанда гена хиларна, Хоси-Юьртара Iабдул-Къедир билгалвина цара. Иштта, оцу хьуьжар чохь долчу моллин цІа чохь Iийна тхан деда а, денана а. Оццу чохь дуьненчу ваьлла Ахьмада-Хьаьжин да Iабдул-Хьамид-Хьаьжа. Даима а ша Иласхан-Юьртара ву олуш, чекхвелира иза.
Иштта леллачу тхайн дайшкара хезна суна. ГIалгIайчохь, Несарехь вехаш хиллачу Товболат-Хьаьже гIенан кхоьлах цхьа хаам беана хиллера, Иласхан-Юьртахь Хьаьжа винчу декъа тIехь зерат де, аьлла. Цкъа а, шозза а и гIан шена гича, и дийца ца ваьхьна и, хIунда аьлча, ша ГIалгIайчохь волу дела, Нохчийчохь долчу хIуманна ша гIорасиз волу дела. КхоазлагIа а и гIан гина цунна, кхин IадIен мегар доций хоуьйтуш. ТIаккха Несарехь болчу шайн Iеламнахе хьахийна цо и ма-дарра, цул тIаьхьа Иласхан-Юьрта бахана хилла цигара баккхий нах, вовшах а кхетта.

Цу юьртара тхьамданаш а гулбина, цара дийцина Товболат-Хьаьжина дайна гIенаш, шух дагадовла даьхкина тхо, аьлла.
Цара деанарг мехкан гIуллакх дуй а хиъна, цигахь гулбеллачу тхьамданаша сацам бина берриге а махкара тхьамданаш цхьана-кхеттачохь и дийцаре дан, амма цигахь а барт ца хилла церан, хIунда аьлча Хьаьжа Иласхан-Юьртахь шинхьа ваьхна хилла дела: Хьаьжин мурид хиллачу оцу юьртарчу Вахин декъа тIехь а, хIинца и зерат лаьттачу декъа тIехь а. Билггал и муьлхачу декъа тIехь вина шайна хууш дац аьллера иласханюьртахоша. Кхин бина цхьа а сацам а боцуш, дIайирзина церан межлис, шолгIачу дийнахь юха а вовшахкхетта, дийцаре дира и гIуллакх. Цигахь цхьамма элира: «Вайна билггал хууш дац, Хьаьжа муьлхачу декъа тIехь вина. Амма Хьаьжас олуш цхьа хIума хезна вайна. (ХIинца оцу зератана хьалха цхьа бух бу-кх дакъаделлачу диттан. Хьаьжас доьгIна хилла ду олуш дара и). Оцу диттан делкъана IиндагI соццучу метте а хIоьттина динчу доIина Дала жоп лур ду, олуш вара Хьаьжа. И дош ду шайн иласхан-юьртахошна хууш. Кхин цхьа а билгало яц тхуна». ТIаккха цара оцу меттехь белаца ши чкъор даьккхира. КхоалгIа чкъор даьк-кхича, холбат тIе кхечира. Цу хенахь цхьана а дена хууш дацара Хьаьжа халбатехь Iийний. Цу чохь ламазан куз а, ламаз эцаран гIирс а карийра царна. ТIаккха, сацам а бина, оцу меттехь зерат дира цара.
Вай Сибрех дахийтича, склад йина хиллера оцу зияртах. Цу метте тIетоьхна тІулг бара. Цу тІулга тІе яздина йоза Іаьрбийн маттахь дара, Устаз бени Адам аьлла. Цуьнан маьІна Адаман берийн Устаз шена чохь вина меттиг ю хІара бохург ду. Вай Сибрехара цІадаьхкинчул тІаьхьа, зераташ тодан бакъо вайна елча, гІеххьа тодира и цу юьртарчу наха. Цул тIаьхьа вайн паччахьан Рамзанан нанас Айманис шен фондан чоьтах дукха чІогІа хаза тодайтина и. Ткъа хІинца юха а и тодечу хенахь, оцу тІулга тІера йоза зератана тІе ас яздайтина ду.
Вайна хууш, историкаша йозане а даьккхина, нахалахь лелаш цхьа хIума ду, Хьаьжа Мелчу-ХитІехь дуьненчу ваьлла, ткъа цуьнан ворхI шо кхочуш церан доьзал Иласхан-Юьрта дIакхелхина хилла бохуш. Иласханюьртахошна цул ца товш хІума дац. Цунна дуьхьал хІума хІунда ца олу аш, шу ма ду хІара юрт евзаш, тахана Іеламнехан коьртехь а ма ву хьо, паччахь шун кертара а ма ву, паччахьан нана цу зератана юххера а ма ю, бакъо хІунда ца юьйцу аш бохуш, тхуна оцу юьртахь болчу наха бехкаш а дохкуш. ХІинца тIекхуьуш долчу чкъурана и бакъо йийца гІерташ, ма-дарра дерг довзийта гIерташ ву со. Оцу Мелчу-ХитІехь со дуьненчу валале пхи шо хьалха, сан да-нана, Іедалх дедда лелачу хенахь, цкъа Иласхан-Юьрта боьлхуш, тІаккха Гуьмсехь кхо шо доккхуш, эххар а Мелчу-ХитІе кхаьчна, тхан доьзалехь сол йоккха ши йоІ а йолуш.
Цигахь кхо шо даьккхина тхан дас-нанас, Ахьмад-Хьаьжин да Iабдул-Хьамид-Хьаьжа а хилла цаьрца цхьаьна. Жима волуш да а, нана а кхелхина, девашас Жабраила терго еш, цуьнан доьзалехь хилла иза хIетахь.
Хьаьжин шича ваьхначу МоІин кертахь Іийна уьш, (дейишин кІант). Оцу МоІин ши йоІ хилла, Миска а, Зелиха а бохуш. Тхан дас олура, цаьршиннал ийман лакхара долуш стаг а, зуда а ца девзина шена, олий. Ша массо а Іуьйра ламазана гІоттуш вуй а хиъна, шайн чувагІахьара хьо ламаз дан аьлла, церан дехарца, массо а Іуьйранна, МоІин ши йоІ ламазна тІаьхьа а хІоттош, оцу кхаа шарахь жамаІат ламазна хьалха лелла ша бохуш, дуьйцура тхан дас Жабраила. Цкъа а ша уьш болчу чувахча, мотт баржийна ца карийна шена церан, цкъа а охьа ца йижича санна, шаьшиннан ламазаш а оьций, суьлхьанаш а хьовзош, Далла Іибадат деш карайора шена и шиъ. Мелчу-ХитІехь Хьаьжа вина хилча, цуьнан шича МоІа, дуьненна а вевзаш волу шен ваша эвлаяъ Хьаьжа кхузахь вина аьл-ла меттиг билгал а йина, цунна гонаха керт ца еш Іийр ма вацара. Цу юьртара нах а Iийр ма бацара Хьаьжа кху декъа тІехь вина аьл-ла гайта дакъа доцуш. Иласхан-Юрт мичахь ю а ца хууш болчу Хьаьжин доьзалшна юххе бахана а боцчу нахана муха хезна и, цаьрца хьирчина, кхиъна болчу тхан дайшна а, тхуна а цахезнарг. И мичара даьлла царна, цхьана а иласханюьртахочунна цахуург, мичара бу а цахуучу нахана муха хиъна? Хетарехь, моттарехь аьлла а, яздина а хІуманаш ду уьш, бух болуш хІуманаш дац. Иштта и хьахо лаам болуш вара со, хIинца ас иза дІадийци шуна, дехар ду сан шуьга, само елаш массара а.
Вуьшта вай ала гІерташ дерг хІун ду аьлча, иза миччахь вина велахь а, Хьаьжа веза эвлаяъ хилла, шен даржехь а волуш. Амма тІаьхьарчу тІаьхьенна а юкъахь цатам хир болу хІума лело ца деза вай, нийса дерг, ма-дарра лелларг дийца а, девзаш а, хууш а нах хилча, и нийсаниг муьлхарниг ду а хьаьвсина, и нийсаниг схьа а эцна, и дийца дезара, нахана и довзийта дезара, цу тIехь дIадаха дезара.

 

Шайх Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа, СКФО-н 1еламнехан кхеташонан председатель

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*