На пути Аллаха

kaaba_v_jizni_proroka
Что следует сказать, если что-то не нравится

«Аль-хьамду лиллахи Iала кулли хьалин»

«Хвала Аллаху, чтобы ни случилось».
Делан Элчано (Делера къинхетам, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Шун уггаре а дикчу денойх ду пIераскан де. Цу дийнахь кхоьллина Адам, цу дийнахь дIа а эцна иза, цу дийнахь хир ду (Къематан дийнахь адамаш гIовттош зурман чу) «х1уп» алар, цу дийнахь хир ду (Къематан де хIоттале хьалха массо хIума шеца лийр долу) Iа́доран мох балар а. Цу дийнахь суна шортта салават дилла аша, бакъдолуш, шун салават соьга схьакхачош ду».
Гонаха болчара аьлла хилла тIаккха: «Хьан дегI телхина дIадаьлла хилча, тхан салават хьоьга дIа муха кхачор ду?».
Цо аьлла тIаккха: «Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа лаьттана хьарам дина (ца магийна) пайхамарийн догIмаш даар».

(Ахьмад, Абу Давуд, Ибн Ма́джахI, Ибн Хьибба́н, Хьа́ким)
Цхьана стага хаьттина хилла: «ХIай, АллахIан Элча! Ийман (тешар) хIун ду?». Цо жоп делла: «Ихлас (дог ц1андар) ду».
Иштта хIокху дешнашца дийцина а ду и хьадис: «Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) элира цкъа: «Хатта соьга шайна луург». Ткъа цхьа стаг кхайкхира цуьнга: «ХIай АллахIан Элча! Ислам хIун ду?». Цо жоп делира: «Ламаз дар а, закат далар а ду». Вукхо хаьттира: «Ийман хIун ду?». Цо элира: «Ихлас ду». Кхин а хаьттира цо: «Билггал долу тешар (йакъи́н) хIун ду?». Цо элира: «(Къемат де хIуттур хилар) бакъдар ду».

БайхIакъийс дийцина иза

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*