Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

Вайх наггахь а стаг хир вац садаІа хІорда тІе оьхучу хенахь цигахь долу хьал ца девзаш. Дийнна доьзалш а, чуьра воьдуш кхин стаг воцуш зудабераш шаьш а хІорда тІе оьхуш хьал хуьлу. Ткъа бусалба нахана мегаш дуй и? Цунах лаций алахьа.

Могашалла лахарехь бихкина некъ бац вайна Дала. Амма ларбан безаш бехкамаш бу вайн. Иорданехь «белла хІорд» олучу хІорда тІе вахар нисделла сан, дарбанна вайн бусалба вежарий болчохь ткъех де ас доккхуш, хаза, цхьанна а гича а эхь доцчу духарца хи чу а бовлуш, шайн цІийндайшца, доьзалшца вайн бусалба йижарий байна суна. Суьйлийчу оьхучу нахаца а хилла сан къамел, цигахь а ду боху изза хьал. Оцу кепара болхахь мегар ду вайнаш а баха. Амма мегар дац, хІорда йисте а бахана, малхе дегІ дагадойтуш ду тхо бохуш, эвхьаза духарш а дуьйхина лела. Ишттачохь дарба-м муххале а хир дацара, Делан оьгІазло хир ю. Дарба шайн догІмаш а лардеш, Делан оьгІазлонах а ларлуш лаха деза.

Зудчо боьршачу стеган корта баша мегар дуй?

Вайн къоман гIиллакх ду зудчо боьршачу стеган корта ца бошуш. Божарийн корта боьршачу стага бошу. Цуьнан бух жайнин могIанашкахь бу: зудчо корта баьшначу стеган къонахалла дIаер ю. Амма цхьабакъду, ца торийла елахь мегар ду. И хIун ду аьлча, цомгаш стаг кхобуш зуда елахь, цунна оьшшучу хьаште хьожуш йолчу цо корта баша а мегар ду. Зудчо баьшна корта коша бахьа мегар дац бохург а харц ду, цунах хила мискъала- зарратал новкъарло яц.

Карташца пал таса мега, тIулгашца таса ца мега олуш хезнера шена. И пал тасарх дерг алахьа, боху.

Поло дуьйцучух тешар Далла а, Элчанна (IалайхIи-ссолату ва-ссалам) а гергахь мегна дац. И бакъдина схьалаца мегаш ца хилча лелон а магош дац. Вайна цо дохьуш а, нисдеш а хIума дац.

Ахь маларх долчу зенах дийцар бахьана долуш суна а хууш шина стага малар дитина меттиг ю. Халахеташ делахь а, тахана чIогIа эвхьазадаьлла ду дукха нехан оцу маларца долу гергарло. Божарша мелла ца Iаш, зударша молуш меттигаш а ю гучуйовлуш. Цунах лаций дийцахьа.

Малар массо а вочу хIуманан корта бу аьлла ду. Ткъа и вон догIуш дуй эхь-оьздангалла чIогIа хиларца, боьрша стаг шайга вистхилча юьхь цIийлуш гIиллакхечу мехкаршкахь. Доьзалан нана хила езаш, вайн къоман цIийнанана, хIусамнана аьлла цIе тиллинчу зудчух. Ма дакъаза даьлла-кх вайн гIуллакх, Дала божаршна а хьарамдеш дихкина долу малар зударша мала мегий бохучу тIе даьлча? Вайн къомехь, бусалба динехь доцчу хIуманашна тIехьахIиттина вай хIунда лела?
Къинхетамечу Дала лардалар лойла вайна хьарамчу хIуманах! Оьзданггалех ца бухуш, хьакъ ма-дду хIусамнаной хилар лойла вайн мехкаршна!

Зудчо я стага шайна тIера совнах долу дилха дIадаккха, куц тадан хIума цаяар къилахь дуй?

Дела вовзарехь лакхабийлина нах, кхачанах кIезиг кхеташ хилла. Iаьржачу чохь, дууш я молуш доцуш халбатахь Iаш хилла эвлаяаш. Кхача а, наб а юхатеттина, шена дезарг ца лоху дегI Далла дезна ду. Цундела, юучух юхавалар къилахь дац, амма куц хаздан гIерта а ца олуш, ламазна хьала-охьа таIа атта хилийта, Делан дуьхьа аьлла, нийят а дина хилча дика хир дара. Дела реза волчу агIор бан мегаш бу дегIана ницкъ, амма Дела реза воцу ницкъ дегIана бахь жоп доьхур ду, хьайн дегIана хьакъ дIа хIунда ца делла аьлла.

 

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*