Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

 

ХОЖАХМАДСтага ша юхкур йолчу хIуманца цхьана стагаца барт бо, ша хIара хIума хьуний бен юхкур яц, ша дош ло хьуна, олий. ТIаккха цул тIаьхьа – кIира, ши кIира даьлча, я кхин а алсам хан-зама яьлча, шена жимма ахча дукха лучу кхечу стагана юхку цо. Ткъа вукхо, ахь шена юхкур ю аьлла дош деллера, хIинца схьайохка олу, оцу юхкучун и кхечунна йохка бакъо юй?

Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Кхечун механа тІехь мах ма бойла, кхечун захалонна тІехь захало а ма дойла». Мах беш стаг велахь, оцу мехах со дІахьаьвзи, хьайна луъучунна йохка, хьоьца барт ца хуьлу сан аьлла, и мах буьйцуш волу стаг букъ тоьхна дІаваллалц, я «ас дити хIара гІуллакх» аьлла, багах дош аллалц и хьалха мах дІаболийнарг, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадиса тІе а доьгІна, бакъо сов йолуш ву. Цуьнца ша мах буьйцур бу аьлла волчу вукхунна, хIума юхкуш волчунна, тІехь ду цуьнца шен болийна мах саццалц, я хилла, я хаьдда ца хилча, кхечуьнца мах цаболабар. Ас хьуний бен юхкур яц аьлла делла дош, шена лаахь лардан а, шена ца лаахь, ца лардан а шен бакъо ю юхкуш волчун. И шена гІиллакхе хетахь, лардийр ду цо шен дош, ца хетахь – лардийр дац. И дош деллера аьлла, декхаре вац иза мах цуьнца бан, мах сецна баллалц йолчу заманчохь шен мах сацо, шен мах дІабахийта шен лаамехь ву иза. Цо дош деллера аьлла, декхаре вац иза. Цунна я кхечунна йохкарх, мах хир бац олийла дац. Ахь шега дош деллера, ахь и чекх хІунда ца даьккхи аьлла, оьцуш волчун дов лелон шариІатехь бакъо яц. Мах сецна бац. Ас хьуна йоьхки, ас хьоьгара ийци аьлла, и ши дош цаьршинна юккъе леллалц йолчу заманчохь дохнан да маьрша ву, шена лаахь цуьнца мах бан, шена ца лаахь, мах ца бан.
Бажа цIабогIучу хенахь, цу бажана дуьхьал ца воьду стаг. ШолгIачу дийнахь шен етт цIа беана бац, шен етт такха олу цо. Ткъа Iуьно стаге хаьттича, хьо бажана дуьхьал веарий аьлла, ша хьан етт юьрта чу ма балийра аьлча, и Iу кIелхьараволуш ву я вац? Цо такха безаш бу и етт я бац?

Бажа дІабахийтаран шен-шен ахькамаш, законаш ду. Оцу юьртахь барт хиллачу хІуманна тІехь лелаш бакъо ю, масала: цхьана юьртахь арабаьлла болу бажа Іуьнна гуш бац, ерриг колл яьлла ю, я хьуьн чохь бу бажа. Ишттачу хьолехь дайна долу бежана токхуш дац аьлла дина хьукма ду. ХІунда аьлча, и Іалашдан, цунна гобаккха цуьнан ницкъ кхочур бац. Бехке хир ву Іу, цуьнан ледарло бахьана долуш, Іуналла дан йиш йоллушехь, бежана дайнехь, тІаккха и такха декхаре ву иза. Иштта суьйранна бажана дуьхьал вахана волчу стага дІахаийта деза Іуьне, нагахь шен бежана цІа ца деанехь. Амма суьйранна дуьхьал а ца воьдуш, кхана шена дагадеанчу хенахь, шена шура хьашт хиллачу хенахь иза тохавелча, Іуьнна тІе дов эцна водахь, стаг харц хир ву. Токхур ду аьлла барт бинчу Іуьнна и даьхни Іуьйранна дІадигина дІадала деза цо, юха суьйранна уьш цІа дало дуьхьал ваха веза и.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*