Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

IMG_2233

Доьзалехь божабер а доцуш, зудабераш хилча, да-нана дIадаьлча, дакъа зудаберашна ца кхочу олий, верасаша дIасадоккху. Оцу зудберашна дакъа кхочу я ца кхочу?

Вай дуьненчуьра дIадевр дуй а, вайх бахамаш буьсур буй а хууш, Дала Къуръан чохь билгалдина ду фараиз олу Iилма. Фараиз Iамаделаш аьлла Элчано (IалахIи-ссолату ва-ссалам). И хаар оьшуш ду, амма тIехь дац, Iелимнахана хууш хилча тоьуш ду. Шайн шарет (ирс декъар) дан дезаш хилча, Iелимнахах дагабовла беза. Нийса дерг хIун ду аьлча, зудаберашна дех-ненах бисинчу бахамах кхо дакъа дича, ши дакъа догIу, нагахь санна доьзалехь шиъ я шиннал сов зудабер делахь, цхьа йоI бен яцахь, нийсса ах дакъа догIу, цхьа дакъа бухабисинчу верасашна догIу. Зудаберана дакъа ца кхочу бохург, вайн Iадатехь дакъа невцана ца кхачадо бохург ду. Нагахь санна, Iадатех доха вайна ца лаахь а, некъ бу вайна, и гIуллакх вас йоцуш цхьалхадаккха. Верасех воккхачо, да-нана дIадаьлла дисинчу зудаберан дика а, во а дIа а дерзош, цунна бух а латтош, дас-нанас ден долу дола дан деза, тIаккха маьрша вехар ву и верас хIоьттинарг. Дала нийсачу новкъа хIиттадойла вай!

ХIусамненаца барт ийгIина хилча, иза йита билгалдаьхна бахьанаш дан а дуй?

Билгалдинчу бахьанех коьрта бахьана ду зуда цIийндена муьтIахь цахилар. Оцу чудогIуш ду кхидолу бахьанаш. ЦIийндена муьтIахь цахиларна тIера дIаюьйлало кхин ледарлонаш. Делахь а зуда йита сихвала ца оьшу, ма-хуьллу хьостуш, хьехар деш кхетон хьажа веза. Сихвеллачохь зуда йита а йитина, юха дохковаьлла хьийзачул, и кхетон хьажар гIоли карор ду. Дала барт лойла вайна.

Декхар доккхуш я дIалуш маьркIажал тIаьхьа дала мегаш дац олу. Ахь хIун жоп лур дара цунна?

Жоп: Шен дIадала вовшахкхеттехь, ламаз хьелуш дацахь, я хIума яа хиъна, юкъахваьлча, цунах дегIана эшам хуьлуш бацахь, хенаш ца етташ ма-кхуьъу сиха дIадала деза декхар.

Ша валале, цIийндас весет дина зудче, шен кошан барз цIена латтабе аьлла. Цуьнан весет кхочушдан кест-кестта цуьнан коша тIе яха мегар дуй?

ЧIогIа бIобоьлла хилла цу стеган шен зудчух, цуьнан дехар кхочушдан деза. Нехан божарийн бIаьрг тIехь соцур боцчу кепара кечъелла, шен нийят а дина яхча, сийлахь хир ю. Кир а тухуш, хьаха а хьохуш, тодан мегар дац каш, гонахара къух дIа а доккхуш, дола дан мегар ду.

Стага шена вевзачуьнгара, я гергарчаьргара, я накъосташкара, ваха а воьдий, шега лохьа олий, декхар доккху, ша хIоккху хенахь, цхьа бутт я ши бутт баьлча, д1алур ду олий. Цул тIаьхьа хан-зама яьлча, цуьнан и декхар дIадала йиш ца хуьлу. Ткъа декхар дIалучу хенахь ахчанан мехаллин барам лахара хуьлу, цунах шена хIумма а ца йогIу, олу ахча деллачо. Ишттачу хьолехь хIун дан деза?

Дуьненчохь бехаш болу нах вовшашна гIоьналлина, накъосталлина, вовшашка хьашто йолуш кхоьллина Дала. Диканех диканиг ду юхалург даьхни далар. Далла гергахь ял а йолуш, сагIийна делча санна, деза ду бусалба вешина гIодар.
Бакъду, шен заманчохь декхар дIалойла ца хуьлуш меттигаш дукха ю. Йиллина йолчу хенахь декхар дIадезаш и стаг тIаьхьаваьлча, деллахь, ма готтехь вара со, цхьа аьтто хиллалц собардехьа, бохуш велахь, собардар мелехь ду. Дала вайна Къуръан чохь билгалдина ду: декхар тIехь долу стаг готтехь велахь, и хьовза ма велаш, аьлла. Цунах доьзна, декхаран дас и Iад витахь, цо цунна дIаделла долу декхар хилла лаьттар ду иза. Амма, со хIинца гаттехь ву, хIара ца хилча, сан йиш яц, бохуш, шен декхар схьадоьхуш да велахь, оцу заманера дуьйна и декхар тIехь долу стаг нехан даьхни, нуьцкъашха схьалаьцна, сацийнарг хуьлуш ву. Цу хенахь дуьйна оцу даьхнин охьаболу мах и декхар сацийна Iаш волчу стагах хьаьрчар бу. Нехан даьхни эрна, зен дойуш ву иза. Мах токхур бу цо, нагахь и шегара схьабехахь. ХIинца ахь схьа ца лахь, со зене хуьлу хIокху дийнера дуьйна схьа, хьо соьга харц луьйш ву, аьлла, ахчанан да девне ваьлча, хилла долу зен меттахIотто дезар ду декхар тIехь долчо. Оцу ахчанан мах: ялтица, жижигца хьесап деш, дIалучу заманчохь цуьнах догIуш хилла дерг, ялта хуьлийла, жижиг хуьлийла, цуьнца дуста а дуьстина — дIадала деза. Вукхо схьадоьхуш а доцуш, и сацийна Iийна ца хилча, ша схьаэцнарг дIаделча, вер ву декхархо.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*