Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

5a34e2e0d5dc91585fcaa252d651d978Закат лучу хенахь детина тIера хIоккхул, дешина тIера оццул дала деза аьлла билгалдина ду жайнахь. Ткъа хIинца лелаш долчу кехатан ахчана тIера закат дала деза я ца деза?

Дала хаарехь совбохийла и хоьттуш берш. Бакъду, оха дешначу жайнашкахь, тхуна хьехна болчу Iулмааша (Дела реза хуьлда царна) дешех-детех лур ду закат, кехатан ахчанах лур дац бохуш хьехна тхуна. Тахана долчу хьолаца и иштта хир дац, зама цхьана меттехь лаьтташ яц. Закат далар хIун ду аьлча, къен-мисканиг хене ваккхар, дохнах хаьддарг дохнах кхиор ду. Тахана вайна юкъахь лелаш деши-дети ахча дац, вайн махкахь соьмаца ду, вукху махкахь реалаца ду, кхечахьа динараца ду (бусалба пачхьалкхаш ю ас юьйцурш). Цундела, вайна юкъахь лелачу даьхнига а, ахчане а хьаьжжина дешех-детех дуста а дуьстина закат дала деза. Деши-дети дIадаьллера аьлла закат далар юкъара дIадала йиш яц. Вайна тIедогIу беркат дIадаларна кхерам бу и дIадаьлча.

Закат лучу хенахь, ялта лелош волчо муха дала деза, шарахь ша и ялта лелош хилла эшам лара а лерина, бухадуьсучунна тIера дала деза и, я кхин некъаш ду цуьнан?

Ялта лелош волчу стага, шех закат дала дезачу бараме ялта кхаьчнехь, цу тIера закат дала деза. Нагахь санна, догIанца кхачо хуьлуш, ша къахьегар кIезиг долуш, и ялта хиллехь, цунах итталгIа дакъа закатна дала деза цо. Куьйга хи а дуьллуш, геннара и тIедало гIирсаш вовшах а бетташ, къахьоьгуш цо и кхиийнехь ткъолгIа дакъа дала деза. Ша хи дуьллуш хIоккхул харж йина, и метта а хIоттийна лур ду ша ткъолгIа дакъа бахахь и стаг нийса вац. ХIунда аьлча, цо и харж йина дела, къахьегна дела итталгIачу декъа тIера ткъанга валийна иза. Дала нийсонехь совдохийла вай!

Стаг велла сагIа доккхучу хенахь цхьацца хенаш а етташ доккху вай. Цунах дерг алахьа.

Шовзткъа де-буьйса даьлча, сагIадаккхар жуьгташкара схьаэцна ду. Церан ду, шовзткъа де-буьйса даьлча Iаьржа достуш. Шовзткъе шийтта де-буьйса даьлча, веллачун даьIахкаш вовшахтасало, цунна коша тIехь доIа дан деза аьлла ду, амма таро елахь а, яцахь а сагIа даккха бохург бух болуш дац. Элчанан (IалайхIи-ссолату ва-ссалам) хьадис ду: «Шайн беллачех къинхетам белаш сагIийца», – аьлла. Деза ду сагIадаккхар, амма цунна тоьхна хенаш яц. Шайн тароне хьаьжжина даьккхича, мегаш ду. И шовзткъе шийтта де-буьйса кхаьчча, доккхуш долу сагIа а тIаьхьа я хьалхатеттича дика хир дара, жуьгтех тардала а ца гIерташ.

Чуваха цIа доцуш, гIийла стаг ву со. Иза а, оьшург нисъян а дагахь вовшахтухуш ахча ду сан. ХIинца и ахча закат лучу бараме кхаьчна, цу тIера закат дала дезий?

Даьхни гулдеш волу стаг, хIинца хIара суна тоьа аьлла соцуш вац. ХIинца хIара дича, я важа дича закат лур ду бохуш Iашшехь, Iожалло а стаг лаьцна дIавигахь, цуьнах жоп дала деза. И хууш волчу Дала барамаш билгалбаьхна, хIокху бараме шайн даьхни кхаьчча, оцу тIера шарахь хIоккхул закат лур ду аша аьлла. Закат лучу бараме кхаьчначу ахчанна тIера закат дала деза шиъ-ах процент. Цхьацца бахьанаш а лоьхуш, цунах ида мегар дац. Дала товфикъ лойла и лардарехь!

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*