Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

1345201993ПIераскан буьйсанна сагIийна хIума луш, шен лулахой дукхахьолахь цIахь ца нисло. Ша маьркIажан хенахь яла мегар дуй сагIийна хIума бохуш, хоьтту.

Мегар ду. Делкъал тIаьхье суьйре ларало.Оцу пIераскан буьйсанна, шен белларш дага а лаьцна, цо сагIийна хIума лахь, сахьт хьалха а, сахьт тIаьхьа а бен дац. Дала сагIийна яла хIума а, и яла лаам а, комаьршалла а ма эшайойла вайна.

Божарий кешнашка эхар санна, зударшна эха мегаш дац олу. Зударий кешнашка эха мегар дуй? Уьш боьлхуш хилча а, муха баха беза?

Кешнашка боьлхуш болу зударий нехан божаршка сатуьйсуш боцуш, бIаьргаш дIасахьийзош боцуш, гIийла охьатаьIна, кIант велла нана, ваша велла йиша, доьзалхо велларг, нана елларг кешнашка яха мегар ду. Шайн ламаз а эцна, тIе оьзда бедар а йоьхна, месаш къайла а яьхна, гIийлла, хьаьрчина баха беза-кх зударий кешнашка. Вайн дайша олуш хилла, кешнаш уллохь догIалаш олий. ХIунда аьлла, хаьттича, валар дагадаийта, дакъаделла долу дегнаш кIаддалийта олуш хилла. ХIара белларш санна хир ду-кх тхо а, тIаьхьало яц-кх кху дуьненан аьлла дагадаийта.

Хьакъикъат дар муха ду? Цуьнца йолчу башхаллех дийцахьа.

Са чохь дуьненчу даьллачу берана хьакъикъат дар суннат ду. ВорхIалгIачу дийнахь, цунна хазачух цIе тиллар ден а, ненан а декхар ду. Беран хенахь а яккха хаза а йолуш, жимстаг волчу хенахь яккха а хаза йолуш, къанвеллачу хенахь яккха хаза а йолуш, я юьртан къеда хуьлийла иза, я цхьа коьрта стаг хуьлийла иза, я ахархо хуьлийла и – мичча хенахь яьккхича а, товш хир йолу, шен къоман цIе тиллар, кIант я йоI, шен доьзалхо декъалвар – ден-ненан декхар ду. И декхар дIадаьлча, доьзалхочунна тIера хьакъикъат дар, цунна могашалла лахар – Далла шукр дар ду. Дена-нанна Дала и доьзалхо валарна хастамбеш, мискачу нахана даа жижиг декъар ду хьакъикъатан маьIна.
Хьакъикъатана дуьйш долу хьайба муха хила деза аьлча, вай гIурбанна магош долчу хьелашца, оцу ахькамашца нисдан деза и гIуллакх. Масала: бежана дийча, ворхIанхьа дакъош кхачо дезаш ду, ткъа и санна дерг хьакъикъат дарехь а мегаш ду. Ши шо кхаьчна бежана, я шо кхаьчна уьстагI, я ши шо кхаьчна газа мега; жий белахь, бехкар боцуш берг бен беза.
Божаберийн хьокъехь дерг къаьсттина хьахийна ду: шиъ уьстагI бер – сийлахь ду аьлла. Делахь а божаберана а, зудаберана а, цхьацца уьстагI бийча, хьакъикъат тIера далийтина. Жимчу хенахь бер деллехь, дуьненчу даьллачул тIаьхьа и деллехь, берана дан деза хьакъикъат. Пхийттара даллалц йолчу заманчохь, шен аьтто лаха а лохуш, бусалба стаг и дан гIорта веза.
Пхийттара и бер даьллехь, хьакъикъат даза диснехь, цул тIаьхьа «таклиф охIлун» юккъе баханчу нахана т1ехь гIурба ду. ГIурба дер а, хьакъикъат дар а цхьана нислахь, гIурба дийр ду.
Ткъа шен нислахь, мел тIаьхьа дича а, хьакъикъат дар а новкъа дац. Иза бусалба стаг Далла муьтIахь хиларан билгало ю-кх.

Стага, ша валале хьалха, ша-шена маха бича, мелехь ду олу. И маха маца, муха бан безаш бу? Цуьнан дозалла хIун ду?

Маха бар бохучу дашо хоьтуьйту, и стаг мухха лелча а, цо хІуъу лелийча а, вахана базарахь мах белла оьцу хІума санна шен дегІ оьцу. Оцо эшам бо стаг ларваларна. Стаг маха беш ву-кх шен дегІана массо а дийнахь. Мах бо цо шена Дала тІедиллина пхи ламаз дарца, Дала шен Къуръан чохь а, Элчано хьадисашкахь а хьарам динчух ларваларца, Дала хьанал ду аьлла магийнчунна тІехь чІагІваларца. Делан къинхетам бу вай Элчанан (ІалайхІи-ссолат ва-ссалам) умматах хиларна, Пайхамарца долчу гергарлонна Дала совгІат дина вайна, ваьш йинчу Іамалал тІех доьзало йинчу Іамалан мел а кхочу вайна. Веллачунна маха бар цунна «ла илахІа иллАллахІ» аьлла мел балар ду, ткъа шена маха бар Дала дан магийнарг дар, дита бохург дитар ду. Дала лардойла вай вочу хІуманах!

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*