Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

IMG_2233Шена тIера хьакъикъат дина а доцуш зудабер цIентIера арадаьллехь, и дан цуьнан да а, деда а вацахь, нанас дан мегий? Чохь виъ доьзалхо велахь, царах муьлхачунна тIера хьалха дийр ду?

Хьакъикъат суннатех суннат ду, Элчанна (IалайхIи ссолату ва-ссалам) дан лиъна а ду. Амма таро елахь а, яцахь а дан тIедиллина дац. Шен таро хиллачух дича а мегаш ду. Нанас а, муьлххачу а гергарчу стага а дан магийна ду хьакъикъат. Бераш алсам делахь цхьа бежана царна тIера ен мегар ду. Хьалха-тIаьхьа аьлча, доьзалхо велла велахь, и хьалхавоккхур ву, цул тIаьхьа вокх-воккхачун цIе хьалха а йоккхуш, дийр ду хьакъикъат.

Вайна ма-хаъара, Сибрех дуьгучу хенахь а, цигахь дехачу цхьана заманчохь а баларш дукха хилла вайн. Лийчор, марчо хьарчор доцуш, докъан ламаз дан таро йоцуш, лаьтте берзор нисделла цигахь беллачийн. ХІинца церан доьзалшна дагахьбаллам бу, бусалба динехь берзон ма-беззара уьш дІаберзон аьтто цахилар бахьанехь. Цхьаболчара дуьйцу, царна цІе а тоьхна, докъан ламаз дан деза бохуш. Цунах лаьцна хьайна хетарг алахьа.

ХІетахь хІиттинчу хьелашца доьзна нисделла и гІуллакхаш. Масала, стаг велча лийчор, ламаз дар доцуш, и дІаволлар нисделлехь, цуьнан дегІан чарх талхаза елахь, и схьа а ваккхий, лийча а вай, марчо хьарчадай, дІаволла боху. Амма масийтта шо хьалха веллачу стагана вайн тахана дан ницкъ кхочур берг – коша тІе а хІиттина, докъан ламаз дар ду. Вай Сибрех дигина хенаш дагайогІу суна а, сан хенарчарна а. ХІетахь, Астаховка олучу меттехь тхо долуш, берхІитта чаккхарма генахь йолчу Покорни юьртахь стаг велча, и дІаверзон Іеламстаг воцуш, цхьа кІира даьллачул тІаьхьа, тхан да Жабраил (дешна стаг вара иза) гІаш некъ беш, вахана, цунна докъан ламаз а дина, схьавеана, дика дагадогІу суна. Цул тІаьхьа, вай цІа дирзинчул тІаьхьа, со жимастаг волуш, Курчалойн районан маьждигехь имам Бадрудди а, цуьнан наиб со а волуш, Сибрехахь кхелхинчу нехан синошна маршонна ламазаш дира оха. Бакъду, дан декхар ду аьлла тІедуьллийла яц, хІунда аьлча, оцу заманчохь белла болу уьш тахана вай дІабухкучарел а декъала хилла бу (Дала мукъ лахь). Махках бовларан а, Іедало сийсазбаран а бала а ловш, оцу йоккхачу халонехь белла, декъалхиллачу царна доьлхучул а, хІоккхул паргІато йоллушехь Іамална ледара долчу ваьшна делха деза вай.
Везачу Дала нисдалар лойла вайна!

Вайн стаг я зуда кхелхича, тезет хIоьттина, зударийн белхар а хуьлу. И зударийн белхар тайп-тайпана хуьлу. Цхьаберш шайн стаг велча, халахеташ бIаьрг белхош IадIа, цхьаберш шаьш бист ца хуьлуш Iийча, шайна хала ца хетта моьттур ду бохуш, гуттар ша-шех леташ, мохь хьоькхуш хуьлу. И белхар муьлхачу кепехь хила дезаш ду? Цунах лаций алахьара боху.

Тезет хIун ю аьлча, гIайгIане мажлис ю. ГIайгIане мажлисехь веллачо дог чахчийна, дог Iовжийна, веллачун зуда я гергарниг велхарх къа хир дац. Хьалхара цхьана зудчо тийжаш байташ ялош, ва ма говза йоьлхуш яра и хьенех бохуш, дийца а дуьйцуш, вукху зударша цунна тIаьхьара маьхьарий а хьоькхуш белхар хьарам дина ду жайнахь. ХIара хила йиш яцара, хIунда хили-те хIара бохуш, тийжамаш бар а Делаца девне бийлар ду. Дала диначунна резахилла совцар мелехь ду, белхарал а гIоли ду Дала гечдойла цунна алар. Дала ларбалар лойла оцу зударшна а, вайна а.

Ненан кийрахь доьзалхо дIакхалхар нислахь, хьакъикъат дан дезий цунна тIера?

ШафиIийн мазхIабехь хьакъикъат дан деза эр дац цунна тIера, Хьанафийн мазхIабехь хьакъикъат дан деза эр ду. Цундела, чохь са долуш дуьненчу даьлла ца хилча, хьакъикъат дар важиб ду олийла дац. Амма шен таро-аьтто а болуш, дика хIума дан лууш велахь, дарх новкъарло а хир яц. СагIа хир ду иза, Далла муьтIахь хилар а хир ду.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*