Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

Тасбихь дича а, суьлхьанаш хьовзийча а хилла болу мел дIакхайкхийча и беллачарна дІакхочий?
Стаг велча цуьнан Іамал хедаш ю, амма Дала Элчанан умматана (ІалайхІи-ссолату ва-ссалам) динчу совгІатешх ду цуьнан и Іамал хаьддехь а, тIаьхьабисина болчу наха (доттагІий хуьлийла, верасаш хуьлийла, гергарнаш хуьлийла, бевзарш хуьлийла), цуьнан цІарца Къуръан дешна, зуькар дина, сагІа делла, доІанаш дина, и велларг дага а лаьцна, йина йолу Іамал цуьнга дІакхочур ю, цуьнах шеко йоцуш и сецна ду.
Хьовсал, Дела резахиларш, эвлияэх цхьа стаг хиллера, аьлла ду жайнахь, хиъна Іаш, шен хьуьжаран уьйтIахь, цуьнан бIаьрг кхийтира берашна юкъахь доьлхучу цхьана берах, деллахь, лазийна те иза аьлла, тІе а кхайкхина и бер хьаьстина хилла цо. Хьуна хІун хилла, аьлла хаьттича, беро жоп делла: кесталха нана еллера шен, и нана яй-кха шена жоьжахатан Іазапехь, аьлла. Цунах къахетта оцу эвлаяа ша Іаччохь шен суьлхьанаш тІехь доккха зуькар дина хиллера кхузткъе итт эзарне кхаччалц. Ойла йина цо, оцу меттехь кІантана хезаш доцуш, ша бина болчу белхан кхузткъе итт эзар зуькарх хилла мел оцу кІентан нанна бели-кх ша (цуьнан цІе а ца хаьа цунна) аьлла, оцу кІентан нанна совгІат дина цо. КІант гуш лаьтташехь хийца а велла, схьа а иккхина ловза велира, боху. ТІаккха оцу Делан гергарчу стага хаттар дина кIанте юха а: ахь динарг хІун ду, хІинцца воьлхуш ма вара хьо, ткъа хIинца самукъа даьлла ма ву хьо? КІанта жоп делла: хІун ду хаац, шена жимма хьалха Іазапехь яйна йолу шен нана, хIинца ялсаманин ниІматехь, цуьнан бешахь, шовданашлахь, хазачу бай тІехь Іаш яй-кх шена, аьлла. Эццахь ши хІума гучуделира вайна элира оцу эвлаяа (вай маха бар олу-кх стаг велча деш долчу 70 эзар зуькарх, эццера схьаэцна ду иза, бух цигара болуш), жоьжахати чохь велахь а кхузткъе итт эзарза ла илахІа илл-АллахІ бохуш долу зуькаран маха бина и маха оцу веллачун мелана белча жоьжахатех хьалхавоккхуш хилар гучудаьккхи вайна Дала. ХІара шена юххехь волу кІант, элира цо, кошфаллин дакъа долуш, къайленна тІекхуьуш хилар а гучудели вайна. Иштта, эвлаяийн шена тІехь барт сецна а болуш, аимматийн а, Іулмаийн а шена тІехь барт сецна болуш, эццера схьа ду вайн стаг велча маха бар.
Хьовсал, кхочур бара дера-кх вай белла мел дукха чІогІа дІа-м. Вай кешнашка дахча цхьайтта къулхIа а дешна, вай дешна долу къулхIийн мел оцу кешнийн охІланна вай белча, оцу хІора кешнийн охІлане эзар нур лур ду боху каш чу, уьш мел дукха белахь а, цул сов кхано хьо велча хьан коша а догІур ду боху и нур. Оццул доккха дика дина вайна Дала, цундела вовшех къахеташ доІа дар, мел балар лойла вайна.

Доьзалхо я цІийнда цхьанхьа воьдучу хенахь нанас (хІусамнанас) царна хІун доІа дича дика хир ду?
Доьзал а, цІийнда а Іалашбан гІерташ болу хІусамнаной ма эшабойла вайна Дала. Уггаре а хьалха оцу хІусамненера оьшуш дерг ламаз карахь долуш кхача хьакхор, шен доьзалшна ламаз карахь долуш бина кхача баор ду. ШолгІа, шен цІийндеца шен юкъаметтиг оьзданиг гойтуш хилийтар, цІийнда — доьзалан да лара шен доьзална Іамош хилар, и некъ лелабар ду зудчун декхар. КхозлагІниг, масала, и цІийнда цхьанхьа воьдуш велахь, доьзална а хозуьйтуш, Дала маьрша лелавойла хьо, Дала гІоза-декъал юха цІен тІе верзавойла хьо, олуш хилар ду. Нагахь доьзалш цхьанхьа боьлхуш белахь, Дала ийманехь нисдойла шу, Дала маьрша леладойла шу аьлла, иштта и доІа деш хила еза берийн нана. Доьзалан хьокъехь ден-ненан доІа Пайхамара (ІалайхІи-ссолату ва-ссалам) шен умматана деш долчу доІех терра ду боху аимматаша. Дас-нанас шен доьзалан хьокъехь дина долчу доІина Дала жоп луш ду. Дала и доІа дар лойла царна.

Могаш воцуш ву ша, охьа а вужий наха сецош, дог лозуш цамгар ю шегахь. Ша хІун дан деза? Шега хІун эр дара ахь?
Дала бусалба нахана дарба лаха бакъо йина, халкъа юкъара Дала шен говзанчаш Іамийтина, лоьраш аьлла цІе а йолуш, халкъа юкъа бахкийтина. Оцу лоьрашкара дарба лаха деза цамгар йолуш волчу стага. Делахь а ас дІа ца доккху Пайхамаран (ІалайхІи-ссолату ва-ссалам) дош: «Къуръанаца шайн догІмашна дарба лахалаш», аьлла долу. Амма хууш волчуьнга, лоьрийн Іилма Іамийна волчуьнга оцу Іилманца бахьанаш а лелош, ерриге а паргІато а, маршалла а Делера дуй хууш, Деле шен болх а буьллуш, дарба лоьрашкара лаха деза. И лоьраш бу шуна шайн болх Деле а биллина и дарбанаш лелош. Амма шен ницкъ кхочуш волчу стага Айатул-курси а доьшуш, иза ца хууш велахь Фатихьат доьшуш шен лозуш йолчу метте куьг хьокхуш, Веза Дела, дарба хьоьгахь ду-кх аьлла лазархочо дарба лехча цунна дарба хир ду, Дала мукъ лахь.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*