Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

Цхьаболчу божарша дашо мухIар леладо, я коча уллий зІе лелайо. Вайн нохчийн Іадатехь нуц невцалха вахча дашо сахьт я дашо мухIар луш хуьлу. Иштта деши лелорехь зударшний, божаршний хІун башхалла ю? Мегаш дуй божаршна дашо мухIар а, кхийолу дашо хIума а лелон?

Дала Къуръан чохь билгалдина, дашо хІума божаршна лелаяр хьарам ду аьлла. Зударшна, хазаллина, кечбала безаш уьш болу дела хьанал дина. Невцалха вахча делла хуьлийла и мухIар, я доттагІчо совгІатана делла хуьлийла, цунна и миччара даьллехь а дашо хІума лелаяр божаршна хьарам ду. Къаьсттина мегаш дац зудабераш кечлуш санна зІенаш коча оьхкина лелаяр. ХIунда аьлча нехан дог дохош долу хIума ду иза, «со вехаш ву, со хьал долуш ву, со дешийлахь луьйчуш ву» ала, коча оьхкина зІенаш ю уьш, къечу нехан дегнашна эшам беш ду и. Цундела баа межарг боцуш Іаш болчу нехан дегнаш ма дохаде боху вайга Дала. Хьарам ду иза, мегар дац.

Къуръан муьлхачу хенахь дешча дика ду?

Къуръан доьшуш волу стаг Дала шена дика дина стаг ву. ХIокху я оцу хенахь доьшур ду бохуш хенаш а ца етташ мичча хенахь а деша мегаш ду Къуръан. Бакъду, цхьацца сураташ-м ду хенаш билгалйина, дешча дика ду аьлла. Iуьйра-ламаз динчул тIаьхьа Ясин, Аятул-Курси дешча, буьйсанна дIавижале – Табарак-сурат, малхбуза-ламаз дича – Iамма-сурат, буьйсанна ворхIазза Мунджияаш олу сураташ дешча дика ду боху. Къуръан доьшуш волу стаг ша дIа мел доьшу самукъадолуш, и деша шен зама цатоарна кхоьруш хила веза. Дала товфикъ лойла царна.

Ша цхьана хІуманах кхераелча, дог сихха деттадала долало, холчахь хуьлу ша, оцу хьолехь бусалба динехь хIун дича нийса хир дара те, бохуш хоьтту зудчо.

Цу кепара сингаттамаш вайлахь, хІара тІеман хало вай лар бахьана долуш, дуккха а бу. Цунах дарба муха дан деза аьлча, хІора стеган шен карахь ду шена дарба лахар. И хьал шега хІоьттинчу заманчохь шийлачу хица ламаз эца деза, шен ламаз карахь а долуш ши ракаІат ламаз а дина, «Везан Дела, Хьуна шукрун ламаз до-кх ас, Ахь со бусалба кхолларна» – аьлла, вай деш долу суннат ламаз санна, Далла хьаста а велла, доІа дан деза. Цул тІаьхьа дукхазза а салават дилла деза. Иштта, дуккха а салават а дуьллуш, ламаз карахь лардарца, оцу кхерамех, оцу лазарех хьалхаер ю иза, Дала мукъ лахь.

КІентан йоІе, я йоьIан кIанте безам хилча, шайн доІийца Деле деха мегар дуй цара шайн безам боьхуш, и ларбе бохуш?

Хаза хІума а, дика хІума а, нахана зулам ца деш долу дерриге а деха мегаш ду Деле, цуьнца новкъарло яц. Мегар ду дера-кх, Делах теша а тешна шен безам боьхуш волу стаг Дала диканна тІе нисвийр ву-кх, вониг деха мегар дац.

Дала доIина жоп луш йолу хенаш муьлхарш ю те? Дала шега деха, ша лур ду ма боху, бусалба стеган герз доIа ду ма боху. ДоIа дан луучу хенахь массо а стага шена дика хир долу хIума хоржуш ма хуьлу. ХIоккху, оццу хенахь доIа дича дика хир ду аьлла, хенаш юй те билгалйина?

Буьйсанна, халкъ Дела хьахаварехь гIопал хиллачу хенахь хьала а гIаьттина ши ракаIат ламаз дина, хаза шен ойла Деле нисйина, динчу доIийна Дела жоп луш хилар жайнашкахь вайна гайтина, вайна хиъна ду. ХIунда? Халкъ гIопал долчу хенахь хьастадалар дезаш ву Дела, цхьаъ и ду. ШолгIа, Дала парз дина тIедиллина долу ламаз ша дина ваьллачул тIаьхьа, ша ламаз дерзуьйтуш динчу доIина жоп луш ву аьлла меттигаш ю. КхоалгIа, марха кхаьбна, и достучу заманчохь бусалба стага динчу доIина Дала жоп лур аьлла ду. ДоьалгIа, рузбанан дийнахь буьйсанна жоп луш сахьт ду аьлла, и муьлха хан ю Дала къайле йина дитина. Делахь а аимматаша къахьегна цу тIехь, шина хутIбана юкъахь, хьалхара хутIба чекхдаьлла имам охьахиъначу хенахь, ладоьгIуш болчара доIа дечу хенахь ю аьлла, рузба чекхдаьлча деш долчу доIина ду аьлла а ду и сахьт, тIаккха рузбанна юккъехь ю и зама аьлла а ду. Иштта пIераскан дийнахь, малхбуза ламаз динчул тIаьхьа хиларца алсам берш цу тIе бахна. Дала диканиг дехар лойла вайна, вайн дехаршна Дала жоп лойла вайна!

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*