Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

Вайна юкъахь гІарадаьлла лелаш ду къайлах мах баран гIуллакх. Цхьа молла а лоций, шиъ теш а лоций, мах бо. Цул сов зудчун дена ца хууш мах бан мегар ду бохуш меттигаш а ю. Харцахьара ца лелчахьана мегар ду бохуш, цхьа хІуманаш ду даьржина. Оцу хьокъехь хІун эр дара ахь?
Хьанал некъ лоьхуш хоьттуш болчарна Дала биллина кхин тІех хьанал хир боцуш хьанал некъ бу. Йисина Іаш йолчу зудчун, майра велла и йисинехь, биъ бутт, итт дей даьлча маре яха бакъо ю. Нагахь санна доьзалхочух и елахь, доьзалхо охьавиллинчул тІаьхьа цуьнан Іидда (маре яха ца мега хан) дІадолу, цуьнан маре яха бакъо ю тІаккха. ХIокху тIаьххьарчу хенахь къаьсттина зударий белла божарий дукха бу бисина. Зуда хьашт хилла араваьллачунна, со а, со санна верг а захало дийца вахча, йоІстаг цІера йолуш дуьйцуш долчу захалонал хала хилла тхуна бисина Іаш болу зударий иштта зударий боцуш болчу нахана бигар.
ХІунда? ХІинца пенсеш ду дукха нахана дехкина, болх боцуш хиларна (безработни) а, кхидолу а пособеш ду луш. Ишттачу зударшна баха аьтто болуш ду тахана, амма церан дегІан лаам, церан дегІан хьашташ, церан лехамаш болуш ма бу, и къайлах ма дац. ТІаккха цхьацца некъаш хІиттош, кхечу мазхІабан асре девллера тхо бохуш вели (верас) воцуш мах бойтуш, хIуманаш лелор бакъо йоцуш ду. Шен хьаштана, шен гIуллакхана вахаза ца ваьлла ваханчу меттехь и вели (верас) тІе ца кхачалуш меттиг хилча, и бахьанехь цаьргара зене некъ ца божийта, уьш Іалашбайтаран дуьхьа, къедас схьаоьцуш ю церан бакъо (верасаллин бакъо). Къедина тІехІоьттина хилар массарна а тIехь ду, цундела цо еш ю и бакъо. Дела Іехалур волуш вац, бакъо йоцуш ду верас воцуш маре дар.
Йисина Іаш йолчу зудчун шен дегІа лехам леха бакъо ю, цундела и зуда маре яха еза-кх, хаза шен верасаца мах а бина, шариІатан бакъонашца, кхидерш цхьа а бакъо йоцуш гIуллакхаш ду, Делан оьгІазло хир йолуш, халкъалахь сий довр долуш. Хьулдина лело дезаш долу хІума дерриге а хьарам ду.

Цигаьрка озар Къуръана чохь хьахийна дац, амма хIетте а цхьаболчара и оза мегар дац олу, кхечара Къуръана чохь и хьахийна цахиларна и хьарам яц, олу. Цунах дерг алахьа.
Майра бу томка озар, насвай тасар Къуръана чохь хьахийна дац бохуш шайна некъаш хІиттош и лелош болу нах. Уьш лелорца нах эвхьаза бохуш болу «хьехамчаш» Далла гергахь «тIех майра» бу. Дала лардойла вай церан некъах. Ду дера-кх, Къуръана чохь хьахийна-м. Муха дац иза? Хьайн дегІана зен деш долчу хІуманах ларлолахь, аьлла Дала Къуръана чохь. Хьайн дегІан могашалла галйоккхуш долчух ларлолахь, — аьлла Дала. Хьовсал, и хаттарш деш болу нах советан заманахь кхиънарш бу, хІинца йолу Россин заманахь кхиънарш бу, берриге а йоза хууш а, Iилма долуш а нах бу. Дуьненан Іилманаш оьшуш ду, Дала кхин а совбохийла уьш, Дала кхиар лойла царна, оцу дуьненан Іилманехь санна динан Іилманехь нисбалар лойла царна. Хьовсал, миччанхьара а медицински литература схьа а эцна уьш хьевсича, адамийн догІмашкахь Дала гучуйохуш йолу цамгарш дукхахъерш оцу томкица ю, насвайца ерш ю: доьлийн цамгар, цергийн цамгар, иштта дІа кхин а. Хьан дегІ эшош йолу цамгарш, «рак» цамгарна тІекхаччалц, хьуна цамгар еш дерг томка ма ду, хьанал муха хир дара иза, Дала хьан дегІана зен деш долчу хІуманах ларло аьлча тоьар дацара и, хІора хІуманан шен-шен цІе цаяккхарх, хьекъал долуш волу стаг тІекхиа мегар дара, самавала мегар дара оцу новкъахь. Делахь а иза иштта хьахийна дела ала лаьа суна, Абу ХІурайра бохуш Элчанан (ІалайхІи-ссолату ва-ссалам) асхьабех цхьа стаг хилла, Элча шен доттагІ ву аьлла цо, шен доттагІчо элира олуш меттиг йина цо. Шен доттагІчо Элчано (ІалайхІи-ссолату ва-ссалам) элира аьлла ду хьадис: «Я Абу ХІурайра, цхьа къам догІур ду хьуна замана эхарехь, томка узуш хир бу хьуна уьш, шаьш бохуш хир бу хьуна уьш «Мухьаммадан умматах ду тхо» бохуш. Я Абу ХІурайра, уьш бац хьуна шен умматах». Юха а ду оцу меттехь яздина: «Томка хьанал ду бохуш дуьйцуш верг гІиллакх доцу жІаьла ду» аьлла. Дела резахиларш, хІунда доккху аша адам оццул эвхьаза, адаман догІмашна зен деш долчу хІуманца. Томка узуш волу стаг адаман дикане-воне нисвеллачу меттехь цу чохь мел волчу стеган са даІа меттиг гатйо цо, цунах йогІу боьха хьожа, цунна шена а ца хаьа шех мел чIогIа йогІу и хьожа.
Хьажал, кхин хІумма а ца хилча, доьзалхочух йолчу зудчун чохь, и томка узуш волчу стеган кІуьран хьожано, кийрахь волу доьзалхо сакхте во. Оццул зене долу иза маго хІунда гІерта? Дала лардойла вай оцу хІуманца эвхьаза дийларх.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*