Наха хоьтту – ШАЙХ Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

5a34e2e0d5dc91585fcaa252d651d978

Бусалба динехь мардас я марнанас шайн несе хьо йитина ю аьлча, и зуда йиталуш ю я яц?

Мардас я марнанас йитича, зуда йиталуш яц. Нагахь санна и зуда ялийна волу стаг пхийттара ваьлла а, хьекъалчохь а, ша лелочу йохка-эцарехь, Iер-вахарехь а кхетамчохь а велахь, цо ца йитича, я цуьнан векалаллица ца йитича, йиталуш яц зуда. Амма и марда а, марнана а зуда йита хьоле даларх нус кхоьруш хилча, барт хир бара аьлла-м хета суна.

Дешначу наха вайна даима а дуьйцуш ду дений-нанний муьтIахь хиларх лаьцна. Нагахь санна дай-наний доьзалхочунна къинтIера а ца долуш деллехь, оцу доьзалхочунна вижа каш дац олуш ду. Цу хьокъехь бусалба вашас хоьтту, дай-наний дийна долчу хенахь харцахьа лелла ша, хIинца и шиъ къинтIерадаккха хIун дан деза ша бохуш.

Да-нана дIадоьллинчул тIаьхьа доьзалхочо церан ойлаяр и стаг нисвалар ду. Дала нисваларехь соввоккхийла и хаттар деш верг. Хьуна оьгIазло йолуш, къинтIера ца долуш да-нана деллехь, кхаа хIуманца къинтIера дер ду аьлла и шиъ. Хьалхара: хIора фарз ламаз дина ваьлча: «Веза Дела, сан дена-нанна гечдехьа» аьлла, царна гечдар доьхуш хилар. ШолгIа: оцу хьайн ден-ненан дан ойла лаьттина, церан дан ницкъ цакхаьчнарг, хьайн ницкъаца ахь дар. КхоалгIа: оцу хьайн ден-ненан гергарло хиллачу нахаца уьйр-марзо латтор. Оцу кхаа хIуманна тIехь резахир ду да-нана аьлла ду жайнахь.

Цхьана тайпана, цхьана гаран я цхьана некъех ду олуш ду вайнехан. Шен тайпана йиша ялон магийна дуй вайн?

Дуккха а бусалба къаьмнаш ду дуьненчохь, Дала кхин а совбохийла уьш. Вайн къомо санна хала ца леладо цара и хIуманаш. ШариIато бакъо елла долу хIума бакъо хуьлий дIадоьду церан, бакъо цаелларг бакъо йоцуш соцуш ду церан. Вайн дукхахдолу хIуманаш Iадат муьлхарг ду, шариIат муьлхарг ду ца хууш ийна дIахьош ду. Iадатехь, масала, шича олуш ерг йиша санна ларалуш ю. Ткъа шариIатан аьхькамашкахь стаг зудчух хьакхавелча, ламаз духуш ду, ламаз духуш ерг ялон мегаш ю. ХIашиман я къурайшин тайпанах болчара захалонаш шайн тайпана юкъахь бен деш ца хилла, тайпа ца бехдо шаьш олий. И санна дуккха а къаьмнаш ду шайн тайпанца бен захалонаш ца деш, вайн амалш чIогIа хиларна вай жимма дIатеттина иза. Амма мегар долуш ду, шича бохучу гергарлонал тIехъяьлларг ялон мегар ду.

Захало дечу хенахь дас-нанас йоIе хатта а ца хоттуш, йоьIан лаам а боцуш, маре луш нисло. И нийса дуй-те боху.

Захало адамашна юкъахь лелаза ца долуш, Дала юкъахIоттийна хьикмат (хьекъалалла) ду. Цундела Дала Къуръан чохь дуккха а билгалонаш йина цу хьокъехь. ЙоI жима йолуш цуьнан ойла яьржина хуьлу, шен Iер-яхар мичахь тоьлла хир ду ца хууш, тIеюьйхина бедар я аьлла дош хазделла, Iехаяла кийча ю боху. Иштта и йолу дела, цунна гIоле дерг харжар, да велахь – дена, да дIакхелхинехь – дедена тIехь дитина Дала. Церан бакъо ю шайн ойла сецначу меттехь захало дан. Нагахь санна йоI цкъа араяьлла, цIа а еана, юха маре йоьдуш елахь, йоIера пурба деза. Иштта и башхаллаш ю цигахь. Дала ирсе яхар лойла массо а йоIана.

Шен шичин шича гергара хуьлий, цуьнга маре яха мегий бохуш хоьтту вайга.

Дала Къуръан чохь билгало йина вайна, шайх кхетча, ламаз духуш берш а, ца духуш берш а. Шех кхетча, ламаз ца духуш долу гергарло лекха лерина. Ткъа шичин шичех кхетча, ламаз духуш ду. Цундела царна юкъахь захалонаш дан мегаш ду, и ду-кх оцу хаттарна жоп.
Шен зуда а, доьзал а болуш вехаш волчу стага шолгIа зуда ялайо, и тIейогIуш йолу зуда оцу стеган бухахь зуда а, доьзал а хилча яха мегаш дуй?

Божаршна вайн динехь (4) еанга кхаччалц зуда ялон бакъо йина. Муха йина? И йиъ зуда кхаба шен таро а елахь, царна юкъахь нийсо а латтор елахь яло магийна. Ша ларор вацахь, цхьаъ а ялийна IадIан веза. ТIейоьдуш йолчу зудчунна а хаа деза ша муха, мича йоьдуш ю. Ша ларор ю-яц хаа деза. ШариIато бехкамаш беш бац цигахь.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*