Наха хоьтту – Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло

Ойлано хийла дика а, вон а хIума дагатосу. Ткъа шена дагаоьхучу вочу ойланех къа хир дуй шена, бохуш хоьтту.

Къуръан чохь ду оцу хаттарна жоп. «Ахь ала, хIай Пайхамар: со ларло халкъ кхобуш волчу Делаца, шайтIано дагатуьйсуш долчу хIуманах, и ду дегнаш чу вонаш туьйсуш дерг, цуьнан вонах Делан цIарца нисло со». Хьовсал, иштта долу шайтIа вайн даг чу вон туьйсуш, массо а заманчохь шен болх беш ду. Вай Дела хьехош мел ду, пенах тоьхна буьрка санна юхалелха и шайтIа. Дела хьахаварх юха а девлла, дуьненан ловзаршка вай хьаьвззинчохь вайн даг тIе хаа некъ болу шайтIанна, цо вайн даг чу вон хIуманаш туьйсу, цхьаъ и ду. ШолгIа, бусалба стаг ламазна хIоьттича, цунна дага ца тосуш хIума ца дуьту оцу иблисо. ХIунда? Шен карара а ваьлла, Далла тIе ойла ерзар ца лалуш! Цуьнан ойла йича, хаа мегар ду вайн ламаз къобал хир дуй. Дала къобалйойла вайн Iамалш.

Кегийчара хоьтту: насвай олуш, балди кІел тосуш цхьа хІума хуьлу. И тосуш волу стаг велча дІаволла ца мега, цуьнан корта когашка билла беза бохуш дуьйцу. Цунах лаьцна хІун эр дара ахь, мел хьарам ю и насвай?

Иза оьшуш хаттар ду. Хьовсал, корта когашка билла ца беза. Бакъду, и тайпа могІанаш ду, вайна а гина уьш. Дала Къуръан чохь билгалдина ду, дегІана зен деш долу хІума дерриге а хьарам дина ду, аьлла. Тонка а, насвай а цІарца билгалдаьккхина дац. И насвай тосуш волу стаг цкъа а цІена церг-доьла долуш хир вац, ша бага тесна и талу бахьанехь сих-сиха туйнаш кхийса дезаш хир ву иза, массо а хенахь боьха хьожа ю цуьнца. Кхин хІумма а ца хилча а, диканехь-вонехь нах вовшахкхеттачохь царах хуьлу новкъарло тоьар ю цунна Дала таІзар дан. Бусалба динехь а боццушехь кераста пачхьалкхашкахь а ма ду юкъараллин меттигашкахь цигаьрка озар доьхкуш законаш. Ткъа вай бусалба ду, вешан оьздангалла ларъян еза вай. Шен оьздангалла ларъеш волчу стага насвай лелор яц.

Дарба леладо олий, килса чуьра мозг1аро кечдина хиш а, чІурамаш а лелош хуьлу цхьаболу нах. И дарба бусалба нахана лелон мегаш ду я дац?

ЛадогІал, Дела реза хиларш, Дала Къуръан чохь аьлла ду: «Шу гена хилалаш боьхачу хІуманна – жаІаршна». Дала жаІарш боьхачу хІуманашца ягарйина, цунах хир ду бохучу дарбанах теша а тешна цу тІе некъ бина стаг динах, ийманах воьхна хир ву, дарба-м муххале а хир дацара цунна, керастаналла тІедан кхерам бу.

Рузбанан-дийнахь мах бан а, болх бан а мегий бохуш хоьтту.

Дала Къуръан чохь боху: «Рузбанан-дийнахь молла кхойкхуш шайна хезча, аша сихо йойла рузба дан маьждиге даха. Шаьш долийна муьлхха а гІуллакх дуьтийла аша». Маккахь а, Мединатехь а дукхахдолу дахар йохка-эцар лелоран белхашца ду, цундела ду и мах бан мегар дац бохург. Рузбанан хан хиллалц мегар ду болх бан, амма, цул тІаьхьа мегар дац, рузба чекхдаллалц. Вайн Делан цІен тІе эхар сан дукха нисделла (Делан къинхетамца Дала нисдина и, со тоьлла волуш ца нисдина), ас тамаша бинарг, массо а заманчохь, молла кхойкху ма-хеззи, «гарр»-олий туьканийн неІарш дІа а къовлий, массо а цхьабосса ламазе бахар дара. Иштта маршо ю-кх вайна а рузбане даха а, цул тІаьхьа-хьалха болх бан а.

 

www.zori-islama.com
https://instagram.com/gazeta_zori_islama
https://vk.com/id291865144
https://www.facebook.com/gazeta.zori.islama
http://ok.ru/zoriislama
http://zori-islama.tumblr.com/
https://twitter.com/zori_islama_95

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*