Мьянмехь бусалбачу нахана тIехь къизалла латторна дуьхьала дIабаьхьначу гуламехь НР-н Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан вистхилар

1027347231Хьоме вежарий, йижарий! Бакъдолуш, тахана вай гулдалар доккха маьIна долуш ду.
Вай вовшахкхетар боккъал а Делан дуьхьа ду аьлла, дог тешна ду вай. Дуьненчохь пресса ю, иштта дерриге а дуьненчохь I,5 миллиард бусалба адам ду. Вай массара а дош аьлча, и дIа ца хезаш дуьсур дац, вайн ойла массеран а цхьаъ ю – дуьненчохь цкъа а тIом ца хилийта! Нохчийчохь тIом хилла. Вайна хаа, тIамо хIун до, цундела вайна наханачул а дагах кхета, наханачул а лазаме ду тахана цигахь долу хьал. Бирмина гонахьа бехаш ах миллион сов бусалба нах бу – Пакистан, Инди, иштта кхин а. Вайн Iалашо ю царна вай дIахазийтар, уьш меттахбовлийтар, цигахь хьийзош болу нах шайна тIелацийтар. Вайгара йолчу агIонца (сурсаташца а, тIеюху хIуманца а) дан накъосталла а ду, вай даима а гIо дан а дина.
Дала мукъ лахь, вайн дагца а, сица а уьш Деле боьхур бу, вай дан дезаш долу гIо дийр ду царна. Дала барт цхьаъ болуш, ирсе дахар хуьлийтийла вай! Дела реза хуьлийла шуна, тахана бусалба динах, бусалбclDeIKlLhAtD_n14nQ1_dAа нахах дог а лозуш, арадевллачу массарна а. Дала диканца бекхам бойла шуна!
ВаллахIи, кхана догIур долчу Къематан дийнахь, тахана вай арадовлар, Делан дуьхьа къахьегна аьлла, дIаяздийр долуш ма ву Дела, цхьа а шеко йоцуш, Дала мукъ лахь! Дала тIаьхье беркате йойла! Дела реза хуьлийла массарна а!

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*