Мухьаммадан возалла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

tavaf3Наггахь бен ца хуьлучу дикаллин масал дара Мухьаммад. Шен бераллехь дуьйна цIеналлин масал дара, шен вахарехь – шена самукъа, там ца лоьхуш, юхаозалуш хиларан масал дара.
Уггаре а нийса кхиэл еш къеда вара иза. Бакъо толош уггаре а дика куьйгалхо вара иза, уггаре а дика кхиорхо вара. Дала уггаре а хаза гIиллакх, амал шена елла, дика кхиийна, цахуург Iамийна вара иза (IалайхIис-салату вас-салам). Дала шех боккха къинхетам бина вара иза. Цо терго еш, гIайгIа беш ларвина вара иза, дерриге а Iаламе, Шел тIаьхьа цунна муьтIахь хила аьлла, омра дина Дала. «Элчанна муьтIахь верг Далла муьтIахь ву», – аьлла Лекхаволчу Дала.(Къуръан, 4 сурат, 80 аят). Цкъа а тIулгашна сужуде вахана вац Делера салават а, салам а хиларг, Делаца накъост лаьцна, тIулгашна Iибадат деш болчу нехан даздаршкахь дакъалаьцна а вац иза. Кхачаме долчу адаман, кхачаме масал ду Мухьаммад (саллаллахIу IалайхIи ва саллама).
Дукхавезаш, дика стаг ву иза, возаллехь кхачаме волуш, бакълуьйш, тешаме волуш, юхаозавелла хиларехь, цIена хиларехь цуьнца нисвала цхьа а вац. Мухьаммад вевзинарг массо а къера вара, иза са цIена, догдика, хьекъале, тидаме, доьналла долуш хиларна.
Дерриге а Iаламна дика масал ду иза. Лекхаволчу Дала ма аьлла: «Баккъал а, шуна дара Делан Элчанехь хаза масал»(Къуръан, 33 сурат, 21 аят).
Везачу Дала сийлахь волуш кхоьллина ву иза. Цундела, ша дуьненчу ваьлчахьана а, сийлахь хилла иза. Ша жима волуш а, къона волуш а, гIеметтахIоьттина волуш а, воккхастаг волуш а, Дала шега пайхамаралла далале а, пайхамаралла деллачул тIаьхьа а сийлахь хилла Иза (IалайхIис-салату вас-салам).
Дала, цуьнан шовзткъа шо кхаьчча, шен омра (пайхамаралла)кхочушдан кечвеш, ларвеш кхиийна иза. Цо дика кхочушдира иза (омра). Элча (IалайхIис-салату вас-салам) сийлахь хиларна тоьшалла ду, кIеззиг йолчу хенахь цо, Делан пурбанца, нахана уггаре а дика уммат кхоллар.
Делан Элчано Маккахь кхойтта шо даьккхира. Цигара нах Ислам-дине кхойкхуш, цара жоп ца делира цунна, цара, таIзарш деш, балехь латтийра иза. Цуьнан асхьабашна а массо тайпа Iазапаш дира цатешачара. ЧIогIа собаре хилла, сатуьйхира Делан салам хиларо. Маккахь Ислам даржар меллаша дIадоьдуш дара. ТIаккха Дала Мухьаммаде омра дира, Мединате хIижрат де аьлла. Иза цига дIавахара. Цул тIаьхьа Iаьрбийн ахгIайре тІехь Ислам чехка даьржира. Мухьаммад, динан кхайкхамаш беш, халонаш ловш, Iийра Дала шена боккха толам баллалц, Маккарчу наха дин тIеэццалц. Цул тІаьхьа, Ислам, Iаьрбийн ахгIайренал дехьа даьлла, кхечу къаьмнашка кхочуш дIасадаьржира, исторехь цкъа а ца хиллачу кепара чехка.
Элчано (IалайхIис-салату вас-салам) Къуръанца, кхетамца, хазачу дашца, шена вон диначунна дика деш, царна къинтIераволуш, динан кхайкхам бира. Нах Делан дине – Исламе – баьхкира тобанашкахь.
Мухьаммад (IалайхIис-салату вас-салам) гучувелира, даим къийсалуш, вовшашна юкъахь тIемаш беш, лулахь долчу тайпанашца тар ца луш, бодане болчу Iаьрбашна юкъахь. Делан Элчано царах сийлахь-доккха уммат кхоьллира. Йоккха пачхьалкх, керла Iалам, нуьцкъала тайпа кхоьллира, син лакхалла йолуш, ийман чIогIа долуш, гIиллакхаш хаза долуш, тешам боккха болуш, бакъонна муьтIахь долуш, нийсонна тIера ца долуш, кхидолчу къаьмнаша иза лара а лоруш. Уьш даккхий хIуманаш ду, цул хьалха а, цул тIаьхьа а цхьамма ца дина долу.
Делаца хоттадалар чIогIа долуш бусалба пачхьалкх яра иза, цунах кхолладелира тIаккха нахана пайдехь долу доккха бусалба уммат, Мухьаммадан уммат. Мухьаммад (IалайхIис-салату вас-салам) лаккхара масал дара амалехь а, аларехь а, леларехь а. Делан салам хиларг кхайкхам беш вара, вовшийн даггара дукхадезаш, адамалла, вежаралла долуш хила бохуш. Цо аьлла (IалайхIис-салату вас-салам): «Шух цхьа а ийман диллина (ийман кхочуш долуш) вац, шена дезнарг шен (бусалба) вешина дезаш хиллалц».
Муртазаев Сайдмохьмад

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*